Туристех хьеший бо БолотбиевгIара
ТIаьххьарчу шерашкахь лела боьлла Нохчийчу туристаш. Делахь а, дукха бу цига бахка ца хIуьтту нах а - кхетамера ца бовлу цигахь лаьттина тIемаш. Цецбовлу махка баьхкина туристаш, дуьйцурггий, гурггий къаьсташ хааделча. Нохчийчоь арахьарчу наханна йовзуьйтуш хьийза дукха шераш хьалха дуьйна а Девкар-Эвлара Болотбиевгеран доьзал. Туристашна-хьешашна нохчийн кхача марзболуьйту цIийннанас Зараа, къоман иллеш хозуьйту ша локхучу дечиг-пондарца майрачо ХIарона. Цаьрга баьхкинчу туристех кху деношкахь тIаьххьарнаш бара Сыктывкарера Сальцева Валентина а, Йошкар-Олара Каракулов Анатолий а, кхечу гIаланашкара нах а.