ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьажор вуй Нохчийчоьнан куьйгалхо Малхбале?


СаIудийн паччахьан дарж кхочу воI Бен Салман а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
СаIудийн паччахьан дарж кхочу воI Бен Салман а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Кадыров Рамзан даржах мукъавала мега боху

Оьрсийчоьнан президентан гонца цхьаьна Кадыров Рамзан Гергарчу Малхбале вахар цхьаболчу тергамчаша туьду, иза Нохчийчуьрчу даржах мукъа а ваьккхина, Москох дIавига тарлуш хиларца.

Кху беттан 20-чохь "Хьалхарчу каналехь" кIирандийнан "Даккхий ловзарш" программехь Кадыровс дIахьедира, шена тайна Эмираташа а, СаIудийн Iаьрбийчоьно а гайтина "догцIеналла, бакъдолу гергарло", аьлла.

Малхбалерчу лидерша, СаIудийн паччахьан а, Эмираташна коьртехь болчу куьйгалхойн а доьзалша Нохчийчоьнан куьйгалхо леррина тIеоьцар гира вайна.

Кхоллаеллачу юкъаметтигаша хоуьйту, маьIна дуйла Кремлна ша Малхбалерчу паччахьашца кхобу зIенаш Кадыровгахула чIагIъян. Юьйцу ши пачхьалкх йоцуш, Къатарехь а, Урдунехь а, Кувейтехь а ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун иштта йовха юкъаметтигаш. Пхеа а мехкан дайшца "вежаралла" олучу тIегIане даьлла ду ала тарло цуьнан гергарлонах. Ткъа оцу мехкийн мах, Малхбалехь хьовха, тоъал лекха бу дуьненахь а.

Кадыров Гергарчу Малхбале кхушара виллина дIалестар ду Нохчийчуьра бахархой боьлла сурт. Махкахь олуш ма-хиллара, Москвахьчул дукха хуьлу иза Iаьрбийн пачхьалкхашкахь.

Путин Малхбале вахар шашах дац, вигархьама ца вигира цо шеца Кадыров а – Iаьрбийн паччахьаша иза муха тIеоьцу, Кремлна шен зIенаш цуьнгахула дIалелор мел пайде ду хьожуш вара Путин, аьлла хета тергамчашна.

Кадыровх векал вен сценарий, цецвала дац, хила мегаш ю, элира "Кавказ.Реалиига" Оьрсийчоьнан Iилманийн академин Малхбаленан талламийн институтан лакхарчу Iилманан белхахочо Рощин Михаила. "Оцу агIор стаг даржеваккхар арахьарчу гIуллакхийн министраллехула чекхдолу я тарло президентан администрацино и тайпа лаам дIакъадон а. Оьрсийчоьнан субъектийн куьйгалхойх Кадыров ша цхьаъ бен вацара официалан делегацица, иза лаамза дац", - боху Iилманчас.

Рощина дийцарехь, Эмираташца Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш даима а хилла лан торуш дика, амма СаIудийн Iаьрбийчоьнца ца лелла гергарло, аьлча а, гIоьртина лаьттина юкъарлонаш, иза Вашингтонна герга хиларе терра.

"Цундела вуно мехала ду Кадыровс СаIудица тесна гергарло. Цо кеп-кепара стратегин юкъаметтигаш тоян аьтто бо. Москвана Эр-Рияд шех тешаш йолу стаг оьшу. Тахана иштаниг нисвелла Нохчийчоьнан куьйгалхо. Иза тидамехь кхобур а ду Кремло. Хенан йохалла Малхбалерчу мехкашка Оьрсийчоьнан президента шен лерина векал хьажо а мега Кадыров", - билгалдаьккхира эксперто.

Ши шо хьалха долийра Кадыров Малхбале Оьрсийчоьнан векал хьажош ву боху къамел, Путина пресс-конференцехь шена Малхбалехь леррина векал оьшу, аьлча. Оьрсийчоьнан президента элира хIетахь, Нохчийчохь ву и болх мелла а лакхабоккхунболу стаг. "ЦIе ю цуьнан Кадыров", - билгалдаьккхира цо.

Ткъа ша Кадыровс, RT Arabic телеканало оцу хьокъехь шега хаттар дича, элира, шена Нохчийчоьнна коьртехь бен ца го ша, амма кийча ву пачхьалкхан куьйгалхочо дина муьлхха а омра кхочушдан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG