Освенциме хьовса дахара Австрера нохчийн бераш
Австрерчу «Нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралло» (Netzwerk tschetshenischer Mütter in Österreich) Польшерчу Освенцим цIе йолчу концлагере экскурсе бигира Австрехь кхуьш болу нохчийн кхиазхой. Царна кхечу къаьмнаша шайн истори а, шайн къоман иэс а муха лардо гайтар яра проектан Iалашо. «Нохчийн нанойн цхьаьнакхетараллина» Iамо лаьара тIекхуьучу чкъуранна, шайн къомо лайна баланаш кхечу къоман нахе муха ларийта беза, къаьмнашна юкъахь лелачу уьйраша мел пайда бохьу. 14 шарера 19 шерашка кхаччалц хенаш йолуш дара Освенциме дахана нохчийн бераш. Царна вуно боккха тIеIаткъам хилира нацистийн набахтехь адамаша лайначу баланийн сурт шайна гича. Экскурсин жамIаш дийцаре деш «Нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралло» кхиазхошца динчу къамелашкахь йийцарейира нохчийн истори, тидам къаьсттина нохчийн къам дохийначу шерашна тIе а берзош. ТIейогIучу хенахь кхин а цхьамогIа проекташ ю цхьаьнакхетаралло нохчийн берашца дIаяхьа лерина, царна шайн къоман истори а, Iадаташ а довзуьйтуш.