ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тегеранехь Сулейманица Iодикаян арабевллера гIажарой


Багдадан аэропортехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь вийначу «Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранчаца, инарлаца Сулеймани Кассемца Iодикаян Тегеранехь бIеннашкахь эзарнашкахь нах арабевллера. Пачхьалкхан массо а телеканалаша гойтуш яра цигара церемони. Веллачу инарлан докъа тIехь доIа дира ГIажарийчоьнан лакхарчу лидеро Хаменеи Iелас. ДоIа дерзийначул тIаьхьа гулбеллачара маьхьарий деттара "Iожалла Iамеркана" бохуш. Шен да вийна де Iамеркана а, цуьнан агIончана Израилна а "Iаьржа де" хир ду аьлла, дIахьедина Сулейманин йоIа.

XS
SM
MD
LG