Хуьйцуш ю Соьлжа-ГIаларчу кIоштийн цIерш
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен йишин воI, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрахIим векал вина Соьлжа-ГIаларчу кIоштийн, шахьарна юкъайогIучу яртийн цIерш хийца. ХIинццалц «Октябрьский», «Старопромысловский», «Ленинский», «Заводской» хиллачу кIошташна лур ю «майраллица, доьналлица шайх ала диканиг дитинчу нохчийн тоьллачу къонахийн цIерш».