Черкес Лариса, "Кавказ.Реалии"
Президента Путин Владимира аттачу яьккхина арахьарчу стагана Оьрсийчоьнан вахархо хила магош йолу кеп. Чергазийн юкъархоша дийцира низаман дикачу а, вончу а агIонех лаьцна
Низамо дайдо арахьарчу нахана Оьрсийчоьнан паспорташ далар. Иштачарна магош ду, шайн мехкийн паспортех а ца бовлуш, Оьрсийчоьнан бахархой хила. Бинчу хийцамо таро ло Оьрсийчохь лакхара доьшийлаш чекх а яьхна, пачхьалкхехь цхьана шарахь болхбинчу нахана Iедале паспорташ деха. Болуш бара и некъ хьалха а, амма кхо шо дара цунна къастийна.
Советан пачхьалкхан паспорт дерг, ша Оьрсийчоьнан паспорт дехале, цуьнан территори тIехь кхо шо даккхина хила везаш вара хьалха, гайта дезара цо шена тIедогIуш рицкъ дуйла а. ХIинца иштачу категорина ца оьшу и тайпа тоьшаллаш.
Нагахь санна арахьарчу стеган зуда Оьрсийчуьра елахь, церан юкъахь бераш делахь, я дех-ненах цхьаъ Оьрсийчоьхь а Iеш, Оьрсийчоьнан вахархо велахь, аттачу долу паспорт далар.
Керлачу низамо могуьйту хIинца сов хала а доцуш, Оьрсийчохь ваьхна вацахь а, цигахь ханна ваха кехат делла волчу стагна, хуьлда иза Молдовера, Украинера, Беларусера я Казахстанера, яйинчу кепехь паспорт дакха.
Пайде дуй керла низам шайн даймахка дог а лаьтташ, цигахь баха лаам а болуш, дозанал арахьа, масала, Малхбалехь эзарнашкахь бехачу нохчашна, суьйлашна я миллионашкахь болчу чергазашна?
"Кавказ.Реалиино" дийхира юкъараллийн векалшка низамах хетарг алар. Чергазийн жигархой бу шайна гург довзуьйтуш. Цара билгалдоккху шайн къомах болчу Малбалерчу нахана, шаьш динчу, кхиинчу пачхьалкхера паспорташ дIа а тесна, кхечу пачхьалкхан паспорташ даха арабовла хала гIулч хилар. Кхидерг доцуш, оцу дилеммо а къехкийна Малхбалера кавказхой даймахка берза болчу хьогамах.
Адыгейрчу жигархочо Богус Адама дийцарехь, чергазашна даима а дезна шайн дай баьхна латта, уьш дог ца дуьллуш беха шаьш цкъа мацца а цига дIакхелхар бу бохучух.
"Халахеташ делахь а, репатриаци оцу нахана цкъа а ца кхайкхийна, Оьрсийчоьнан политика янне а яц цаьргахьа, яц концепци а. Арахьара чергазий махкахой ца лору Оьрсийчоьно, царех ца хьакхало цхьа а преференцеш, сехьабовла беш хуьлу аьттонаш, керла низам а дац цаьргахьа. Низамо "махкахой" олучу статусера хуьлу уьш, цо ма-баххара тидича, амма кхеташ доцчу бахьанашца ца боьллу чергазашна уьш санна болучарна Оьрсийчу боьллуш болу некъ".
Масала, Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхийн бахархошна дозанал арахьа бехачу адыгашначул дуккха а атта ду Оьрсийчу дIакхалха, низамо аьттонаш царна бен беш а бац, тIетуьйхира Богуса.
ГIебарта-Балкхаройчоьнан Юкъараллин цIарх ТIехьожучу комиссин (Общественная наблюдательная комиссия) декъашхочо Жемуха Заура бахарехь, керлачу низамо гIодеш категори а ю арахьарчу адыгашлахь. "Суна сайна девза дегахь я ненехь Оьрсийчоьнан паспорт долу Шемара бераш, ткъа уьш шаьш хIинццалц Iийна иза ца луш", - дийцира Жемуха.
Краснодар-махкарчу "Адыгэ хасэ" юкъараллин лидерна Сохт Аскерна хетарехь, арахьарчу чергазашна мехала ду керлачу низамо уьш Оьрсийчоьнан паспорт схьаэцале цIерачу паспортех бовла декхаре цабацар.
"Ткъа хир юй пачхьалкх чергазийн репатрианташца къинхетаме? Оптимист вац со кхузахь. Зеделларг догделочех дац. Изза ду Конституцина кечбинчу хийцамашца а – "пачхьалкх кхоьллина къам", "цакхоьллина къам", бохуш, халкъ декъар. Беккъа дIа оьрсашна аьтто беш бен дац и керла низам. Оцу доллучо а шелйо оптимизм, арахьарчу чергазашца Оьрсийчоь нийсо лело йоллу бохург бакъ дац", - аьлла хета Сохтна.
"ГIебартойн прогресс" юкъараллин куьйгалхочо Бешто Аслана дийцарехь, юхьанца тIехьаьжча, хетало низамо адыгашна даймахка юхабахка аьтто беш санна. Амма дикка дешча кхета, боху цо, и низам Советан пачхьалкх йоьхча Оьрсийчоьнал арахь баха бисинчу оьрсийн аьттонна кечдина дуйла - ца хьакхало иза чергазех.
"Жимма бонус ло Оьрсийчоьнан паспорт схьаэца Оьрсийчохь дешначу, шарахь болхбинчу студенташна. Цунах арахьарчу чергазий студенташа а эца тарло пайда. Амма алапа лахара долчу пачхьалкхехь атта дац-кха юьстахара тIевеъначу жимача стагана ваха. И дерриг а юьхьаръэцча, ала дерг цхьаъ ду: дукха хир бац керлачу низамо цIехьаберзийна чергазий", - элира Бештос.
Бакъоларъярхой, юкъараллаш шераш ду кавказхошна дуьхьалонаш а ца еш, цIехьаберза некъ битар Оьрсийчоьне доьху, амма Кремль къора ю, леткъа адыгийн жигархой.