"Оццул маьттаза хIуманаш лелош чкъор гIоттур ду нохчашлахь, ца моьттура"
ХIинццалц Iедална муьтIахь боцурш чубухкуш, кхерош, камерашна хьалха а хIиттош, гечдарш дехийтинехь а, хIинца керла бекхам бен кепаш юкъаяьхна махкарчу Iедалхоша. Нохчийчохь жима стаг дастаме ваккхар емалдеш, дуккхаъчу гоьбевллачу наха дIахьедарш дина. Европехь беха нохчий протесте бовла кечлуш бу.