«Гуьржийн йоза лелош хилла нохчаша»
Нохчийчоьнан Iилманинй Академин археологаша хаамбина, юккъерчу оьмарера гуьржийн йозанан хIоллам карийна шайна аьлла, яздо "Эхо Кавказа" ресурсо. Итон-Кхелан кIоштахь карийначу тIулган блока тIехь йоза ду «асомтаврулин» шрифтехь дитина. Нохчийчоьнан Iилманийн Академин белхахочо-талламхочо Ахмаров Азамата болх бийр бу шен Гуьржийчуьрчу коллегаца оцу текстан шифр йостуш.