ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лачкъийна, Iазапехь валлийна, вийна: мила ву бехке нохчийн полисхоша вадийнарг валарна?


Хаси-Эвлара фармацевт Кардашов Алексей ша вийна аьлла, мукIарло динчу 36 шо долчу Соьлж-ГIаларчу таксхочунна Омаров Сайд-Мохьмадна динчу таIзаран хьокъехь чуделла арз Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелехь листа дезаш ду.

2017-чу шеран Гезгамашин-беттан 14-чохь лачкъийра иза Хаси-Юьртахь Росгвардин эскархоша. Цуьнан машенахь Нохчийчу вигинера иза, цул тIаьхьа Кардашов цхьанна а гина вац.

Кардашовца цхьана лаьцнера Омаров а: цуьнгара "Лирика" оьцуш хиллера иза, цундела юьхьанца дуьйна теш санна тIеозийнера. Цхьа ах шо даьллачу хенахь ша хьалха дийцинарг аьшнаш а дина, цо дIахьедира, шаьшиъ нохчийн полисхоша сарахь дIахийцира, цул тIаьхьа шен Кардашовца дов делира. Аптекхочун коьртах тIулг туьйхира ша, оцу чевнех иза велира аьлла, дийцира Омаровс. Iаржъеллачул тIаьхьа, цуьнан дакъа Теркйисте а даьхьна, хи чу кхоьсира ша, ткъа машен вовшах а яьккхина, дIайоьхкира.

Кардашовн ненан Якубова Цилян интересашкахьа болу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юристаш тешна бу, билггал Кардашов вийнарш къайлахьош, талламчаша тIеIаткъам а бина, бехк Омаровга тIелацийтина аьлла. Ткъа фармацевт цара тIехь ницкъбина, вийна.

Шеконашка эцначу полисхоша цкъа аьлларг, юха цо олу. Юьхьанца, иза лачкъочу дийнахь шаьш Хаси-Юьртахь хилла а дац бохуш, чIагIонаш йора цара. Цул тIаьхьа, телефонийн биллингаш яьстича, къера хилира уьш. Амма шайн бехк, Кардашов бакъо йоцуш лацарна бен бац аьлла, тIе а тухуш.

Эххар а, шеконашкахь хиллачу веа Росгвардин белхахочух – Абдурашидов Бекханах а, Дукаев Асланах а бехкаш хьарчийна, арахь хан яккха витира.

Дакъа а дац – гIуллакх а дац?

Кхелахоша бинчу сацамашна тIехьа тIадамаш хIиттийна, амма дуккха а хеттарш диссина. Царна жоьпаш кхачо йолуш гIуллкх юхалистича карор ду аьлла, дIахьедира Кавказ.Реалиига "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристаша Аламов Мохьмада а, Янгулбаев Абубакара а.

ГIуллакх айдина, цуьнан талламаш бинарг Нохчийчоь а йоцуш, Дагестанан талламан комитетан урхалла хиларна аьтто баьлла, билггал фармацевт лачкъийна хиларх тоьшаллаш карон аьлла, тешна ву Аламов: "Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхеле хьажийначу апелляцин латкъамехь оха доьху, Омаровх а, полисхойх а шаьш бина сацамаш юха а бахий, массо а тоьшаллийн объективехь мах хадор, хIунда аьлча, Гуьмсарчу кхело динчу жамIех тхан шеконаш хиларна. Тхуна хетарехь, юха талла дезаш гIуллакх ду иза".

Набахтехь даккха исс шо хан тоьхна Омаров, карарчу хенахь Соьлж-ГIаларчу СИЗО-хь ладоьгIуш Iаш ву, апелляцин инстанцигара жоп даре. Оцу юкъанна, Аламовс бахарехь, аптекахо лачкъорна бехкеволу, лехамашка велла Азиев Калога а, Юсупов Алихан а Нохчийчохь шайн цIахь Iаш хила там бу.

Юристо билгалдаккхарехь, талламбар цхьана субъектера вукхухьа дIасакхехьар бух болуш дара, формалехь аьлча: меттигерчу полисхоша Нохчийчоьнан дозана тIехь дина зулам дара иза.

"Цул тIаьхьа гIуллакх цхьа тамашен дийкъира. Масех бутт баьллачул тIаьхьа Омаровс ша юьхьанца динчу мукIарлонца бIостане дийца велира. Тхуна хетарехь, Кардашов тIехь ницкъбина вийна. Цо ца лайначух тера ду шена тIехь лелийна гIело. Омаров бехке вац – ишта ю тхан позици", - дуьйцу Аламовс.

Шайна са лоьхуш дина хила тарло и зулам, цундела фармацевтна къола а дина, цуьнгара машен схьаяьккхинера. Кхухахь тамашен хIун ду: карийна дакъа а доцуш, гIуллакх кхеле листа дIахьажор, боху Аламовс.

"Хаттар хIутту: стенгахь ду дакъа? Нагахь санна, Омаровс Терка чу кхоьсина бахахь, Кардашов цо вийна ца хила а тарло, иза хино такхийна хила мега, йа цхьа кхин бахьана хила а куц ду. Амма тIечIагIдойла яц, билггал стенах велла къастийна даьлла ца хилча", - боху юристо.

Стаг къайлаваьлла пхи шо даьллачул тIаьхьа бен иза велла лоруш а вац, ткъа кхузахь йист яьккхина гIуллакхан, Омаровс бехк тIелацаран бахьанашца.

"Ша иза хи чу кхусучу заманчохь, садоьIуш вацара ма-аьллера Омаровс, цундела кхело цунна тIехь битина иза верах бехк. Амма талламан органашкахь а, прокуратурехь а олуш ду - "дакъа дацахь – гIуллакх а дац", - билгалдоккху Аламовс.

Массо а кепарчу зуламашца къуьйсурш

Омаровс динчу, цхьанадогIуш доцучу къамелна тIехь талламчаша ситуацин экспертиза дIаяьхьира аьлла, кхетадо Янгулбаев Абубакара. Бухе диллина цуьнан мукIарло.

"Кардашов билггал стенах велла тIечIагIдан йиш яц цхьана экспертизано а, Омаровн мукIарлоно а бохуш, тхайчунна тIера ца довлу тхо". – боху юристо.

Иштта дуьйцу цо, наркотикашца къийсам латторца гIуллакх доцу Дукаев а, Абдурашидов а стенна ваханера "Лирика" юхкург лаца.

"Нохчийчохь кест-кеста хуьлуш хIума ду хIара. Муьлххачу структурехь велахь а, массо а полисхо "зуламашца къийсам латтош ву". Иштта ду Кадыров Рамзана дина омра, ткъа цуьнан дош конституцел а Оьрсийчоьнан федералан низамел а лакхара ду", - элира Янгулбаевс.

Бакъоларъярхочо дагадоуьйту, тIаьххьарчу масех шерачохь Нохчийчохь полисхой кхеле хIиттийна бац, нах лечкъорна аьлла.

"ХIинца керла практика ю. Оцу тIехь аьтто балар цхьана а агIор Нохчийчуьрчу талламийн а, кхелийн а органийн гIоьнца дац. Мелхо а, оцу хьукматаша гIо дора бехкеболчу ницкъаллийн структурийн белхахойн таIзар кIад деш. Вуьшта аьлча, Нохчийчуьрчу цхьаболчу пачхьалкхан белхахоша шайн коллегашна-ницкъахошна дохку бехкаш лахдой, Кардашов варна, хетарехь, бехкеберш лохуш гIо а ца до", - билгалдоккху Янгулбаевс.

Юристан дешнашца, хIинца а кхарна кара ца кхачийтина Росгвардин эскархошна динчу таIзарх официалан документ. Кхелан сацамна дуьхьал апелляци яла аьтто бац, и документ ца хилча.

Нохчийчуьрчу Росгвардин урхалхошкара оцу гIуллакхан хьокъехь комментари эца аьтто ца белира Кавказ.Реалиин корреспондентан.

Материалан оригинаш еша кхузахь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG