Дагестанера вахархо Кардашов Алексей бакъо йоцуш сацийна, цул тIаьхьа тIепаза варна бехкевина тахана Гуьмсерчу кхело Росгвардин хилла ши белхахо Абдурашидов Бекхан а, Дукаев Аслан а. Арахь даккха 3,5 шой хенаш кхайкхийна царна а. "Кавказский узел" агенталло бина цунах хаам.
Бакъоларъярхоша кIеда лерина царна дина таIзар. Маршо Радионо яздира, Хасу-Юьртара аптекахо Кардашов Алексей 2017-чу шарахь варах. Иза къайлаха наркотикаш юхкуш ву аьлла хетта лаьцна хилла Нохчийчуьрчу полисхоша. Полицин ялх белхахо вара, царех виъ шена вевзира, цара Соьлжа-ГIалара Хасу-Юьрта вигира, ткъа цигара – Гуьмсерчу полицин декъе, аьлла, тоьшалла динера Соьлжа-ГIаларчу таксилелорхочо Омаров Сайд-Мохьмада (иза ша а хилла Кардашовгара "Лирика" олу кортабахабен коьчал оьцуш, цо бахарехь).
Амма Омаровс тIаьхьо хийцира ша дина хилла дареш – шена тIеийцира Кардашов вер.
2019-чу шарахь лецира ши полисхо Абдурашидов а, Дукаев а, бехкедира царна шайгарчу даржал уьш совбовлар. Ткъа бутт гергга хьалха 9 шо набахтехь такха кхачийра Омаровна Кардашов верна.
Тат (ломара жуьгти) хилла волу Кардашов Алексей вар талла дагахь ю Израил, аьлла бара 2018-чу шарахь баржийна хаам. "Шах-Даг" газето Кардашов цунах ахча даккхархьама вадийна аьлла долу дIахьедар даржийра.
Кардашове нанас Якубова Циляс гIо дехна "Iазапна духьалояран Комитете", уьш реза бац кхелахойн таIзар кIеда хиларна. ТIейогIучу хенахь Лакхарчу кхеле латкъамбан дагахь бу бакъоларъярхой.