Пхи стаг вийна ГIебарта-Балкхаройчохь ницкъхоша Товбецан-беттан 3-чу буса лерина операци дIахьош. Халкъан антитетрроран комитетехь дIахьедина, уьш "терроран тохарш дан кечлуш бара", аьлла. Байъинчех цхьаъ ву Хупсергенов Хьасанби. Цуьнан дегIа тIехь гIело йина хилар гучудаьлла шайна, боху гергарчара. Хупсергенов Ахьмада шен ваша вер дуьззина таллар доьхуш, арз чуделла Талламан комитете.
Хупсергенов вацара цхьана а герзахошца юкъарло лелош, иза дIаволла кечвеш шайна цуьнан дегIа тIехь ларш карийна ток йиттина, дегI дагийна, цIийн томмагIаш даьхна, иза йоIзар йойна вара, чIагIдо гергарчара. Оцу хьокъехь кехат яздина цара бакъоларъяран "Мемориал" центре ("Мемориал" арахьарчу агентийн могIара яьккхина Оьрсийчоьнан Iедало, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна. – Ред.).
Хупсергенов вер дузу цуьнан доьзало иза ша Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле чуделла арз юхаэца реза цахиларца – 2005-чу шарахь Нальчикна тIелатарна бехке а вина, цхьа а бехк а боцуш 12 шарна набахте хьажийра ша, оцу заманахь шена гIело йира аьлла дара иза. Цо тIе ца эцнера шена бехк цкъа а.
Билгалдаккхар: 2005-чу шарахь Нальчикехь лаххара а 250 герзахо тIелетира гIаларчу меттигашна. Герзаш кхуьйсучохь вийра 35 ницкъаллин урхаллашкара белхахо, 15 маьрша вахархо, 200 гергга стаг вара чов хилла. ТIемалойх вийра 95 стаг.
Хупсергенов а, кхин виъ а вуьйш, контртерроран операци йирзича ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Талламан комитетан урхалло бехктакхаман дов гIаттийра низамехь а доцуш герз а, лелха коьчалш а лелорна а, ницкъаллин хьукматашкарчу урхаллийн белхахошна тIелатарна а.
"Тахана Iуьйранна кхо сахьт долуш гобира Нальчикна йистерчу цхьана бошамийн декъа тIехь хааеллачу гIеранна. Цуьнга герз охьадиллар,
Iедалан караяхар дийхира, амма цо дуьхьало йира. Герзаца дуьхьало йина пхи тIемало кхийсаршкахь хIаллаквина", — аьлла дара Халкъан антитетрроран комитето дина дIахьедар.
Амма бакъоларъярхой а, байъинчийн гергарнаш а ца теша Iедало официалехь кхайкхийначу версех.
"Иза моттаргIа ю, Iедалхоша шаьш кечдина, кхочушдина зулам ду. Иза массо а хIуманца ду гуш. Иза Iуьйранна лачкъийра, ткъа ши сахьт даьлча цIа Iедалхой баьхкира иза хоьттуш. ЦIийнах хьовса бакъо луш долу кхело делла кехат гайтира", — дуьйцу вийначу Хупсергенов Хьасанбин вашас Ахьмада.
Цо бахарехь, Нальчикна тIелатарна набахтехь а Iийна, цIавеъча, цо Страсбургерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз чуделлера, иза юхаэца бохуш, хьийзавора иза ницкъхоша.
"ХIара хIинца динарг шаьш дийр ду бохуш, кхерамаш туьйсура цунна. Хууш вацара ша хIун дан деза. ФСБ-не, эктремизман профилактикан центре шен телефон еллера цо, ща мел боккху ког царна хоуьйтуш вара. Массарна а гора иза муха веха", — дагалоьцу Хупсергеновс.
Набахтера цIавеъча биллина бан болх ца лора Хьасанбина, боху вашас.
"Тхуна банкехь карта схьаделла а магош дац, тхуна хIумма а мегаш дац, халла хенера дуьйлу. Хьасанбига шаурма юхку Iуьрг бен ца еллаелира. Зуда ялийна а вацара, деношкахь барт хиллера цуьнан ша тIехьийзарг ялон. Юьртахой дика бара цуьнца, иза цхьаннах а лечкъаш вацара, къайленаш шеца лелош а вацара, векхавелла вара массаьрца а", — чIагIдо Ахьмада.
Ницкъхоша шаьш гоне лаьцначаьрга карабахкар дехна уьш байъале, Халкъан антитетрроран комитето бахахь а, иза тIечIагIдеш тоьшалла дац, элира ГIебарта-Балкхаройчуьрчу "Бакъоларъяран центран" куьйгалхочо Хатажуков Валерийс.
"Низам лардечу хьукматех, политикан куьйгаллах ца теша нах, и цатешам алсамболуш бу, цундела шаьш хила беза уьш (ницкъхой — ред.) бакъдерг довзийтарехьа. Кегийнах радикалан кхетамашка дIакхачабо и
санначу бахьанаша, социалан, политикан бахьанаша", — аьлла хета бакъоларъярхочунна. Хилла бохам шайн тергоне эцар дехна республикан куьйгалхочуьнга а, прокуроре а ГIебарта-Балкхаройчоьнан муфтиято.
ХIинца кхерамаш шена а тийса болийна, шен дахар Iалашоне эцахьара, аьлла, "Мемориале" дехар хьажийна кху муьрехь Хупсергенов Ахьмада а.