Кадыровхойн штабана тохар дина ВСУ-но?
Херсонан кIоштарчу кадыровхойн штабана тIе Украинан тIеман ницкъаша тохар дина - 40 гергга стаг вийна, кхин а 100 лазийна. Цунах лаьцна дуьйцу украинхойн а, нохчийн оппозицин а телеграмерчу каналаша, амма ВСУ-н официалан чоьтехь цхьа а хаамаш бац. ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо республикерчу бахархойн доьалгIа дакъа Украинерчу тIаме хьажор хьехна.