22 шо долу Магамадов Салахь а, 20 шо долу Исаев Исмаил а нанас дена вина ши ваша ву, бакъоларйархоша бахарехь, лачкъийна дIавигина латтийна ву и ший а, тIехь гIело латтийна царна, церан гомосексуалан а, оппозицин а хьежамаш бахьанехь. ЛГБТ+ нахана гIо латточу кризисан СК SOS тобанан белхахочо Катаев ИбрахIима редакцица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, вежарша шайн ориентацих а, гендеран идентификаллех а лаьцна лечкъош дацара лацале хьалха а, йа лаьцначул тIаьхьа а бохуш. Социалан машанашкахь шайна хетарг дуьйцура цу шиммо, Нохчийчоьнан Iедалхошна криткиа йен Osal Nakh 95 телеграм-каналан модератор а вара и шиъ.
2021-чу шеран чиллин-баттахь Салехь а, Исмаил а Нохчийчу дIавигира Лаха Новгородера кризисан петарчуьра. Оццу шеран марсхьокху-баттахь цу шиммо дIахьедира, шаьшинна йетта, доцу бехкаш тIелаца бохуш аьлла. Нохчийчутра Талламан комитетан урхалла дуьхьал хилира царна тIехь Iазап латторах бехктакхаман гIуллакх долон. Шайн гIуллакх кхечу регионехь листар дийхира вежарша, хIунда аьлча, Нохчийчохь нийсонца и луьстур ду аьлла, шайн дегайовхо цахиларна. Шаьшиннан дехар дIатеттича, мацалла кхайкхийра цу шиммо дечкен-беттан 21-чохь. ГIуран-беттан 9-чу дийне кхаччалц хIума а ца йиира.
Чиллин-беттан 22-чохь Нохчийчуьра кхело шина вешина хенаш кхайкхийра бархI шаре гергга, терроризмехьа лаьттина ву аьлла. Талламан версица, йуург-мерг чохь тIоьрмиг дIабелла цара, нохчийн тIемалойн хьалханча хиллачу Бютукаев Асланан тобанерчу гIаттамхочуьнга Борчишвили Рустаме.
Салехь а, Исмаил а къар ца ло, шаьшиъ бехке вац бохуш, чIагIдечуьра. Адвокаташа тергойира цу шинна тIехь кхел йоьдучу хенахь дуккха а процессуалан низамаш дохийна хиларан. Кхелан сацамна латкъам бира, амма Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело хийцаза дитира вердикт.
Къаьсттина луьра зуламхой латточу Владимир гIалара "Владимирский централ" набахтехь латтош ву Салехь тахана, ткъа Исмаил Краснодаран кIоштара ИК-11 колонихь ву. Церан да-нана а, воккхаха волу ваша а Нохчийчуьра дIадахара, шайна меттигерчу ницкъахошкара кхерамаш, Iаткъамаш а хиллачул тIаьхьа.
Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь таIзар токхучу шина вешин нанас Магамадова Зараа дийцира кадыровхой шайна тIаьхьабовларх а, ца девллачу денна махках довла дезарх а, чувоьллинчохь латточу шина кIантера хьолах а лаьцна.
– Зараъ, шайн доьзалх лаций дийцахьа, стенгахь, муха Iаш дара шу?
– Цхьа кхинболчийн а санна доьзал бара тхайниг а. Бераш цхьа паргIат, синтеме дара сан, суна хетарехь. ТIом бирзина, тхо цIа даьхкича, дерриг а дохийна, хIаллакдина дара… Кхаа бераца цхьана чохь Iаш дара тхо. 2009-чу шарахь со балха арайелира, хIетталц ас айса кхиош дара бераш, дерриг а дика дара тхан.
ТIеман хенахь ГIалгIайчохь хан йаьккхира оха, йуха ГIалмакхойчу дIадахара. Цигахь бара сан гергара нах: нана, вежарий, йижарий. Цул тIаьхьа даймахка дирзира тхо. Исмаил 2003-чу шарахь дуьйненчу ваьлла, тхо цIа даьхкинчул тIаьхьа. Йукъарчу Iойли чохь дIатарделлера, дехара тхо.
– Хьан шина кIантана тIаьхьабовлар стенна тIера доладелира?
– Цунах дерг ала а ца хаьа суна-м, телефонаш лело башха со хууш а йацара…Цкъа компьютер ийцира ас цу шинна, рогI-рогIехь ловзура и шиъ цу тIехь, тIаккха ас телефлнаш ийцира, хIетахь доладелира аьлла хета суна.
– ХIун лелош дара хьан бераш?
Царна тIаьхьа баьхкича, тIаккха хиира суна
– Йуьхьанца школехь доьшуш бара уьш, пхоьалгIачу классе бовллалц дика доьшуш а вара кхуьй а. Со балха арайаьлча, вон деша буьйлабелира уьш. Церан да кIеда стаг ву, цо башха Iуналла а ца дора церан. Хала ду суна ала – стенна тIера доладелира.
– Хьайн берийн оппозицин хьежамаш хиларан тидам хуьлурий хьан?
– Хуьлура дера, тхан массеран а ма бара иштта хьежамаш. Доьзалехь деца дийцаре дора оха. Тхуна гора кегийрхой дIабуьгуш, чIогIа новкъадогIура и.
– Хьан кIенташна къаьсттина хIун ца тара Нохчийчуьрчу политикан хьолаца? Муха гойтура цара шайн реза цахилар?
– Суна ца хаьа, цара оцу чатехь хIун йаздора, аса ца дешна, цара йазйечу комментарех лаьцна а хууш дацара суна. Кхин дIоггара хIуммаъ ца дуьйцура цара. Царна тIаьхьа баьхкича, тIаккха бен ца хиира суна. Цул тIаьхьа а аса дешна дац церан йозанаш, воккхаха волчу кIанта ца магийра суна, совнахдерг суна ца хаийта Iалашонца. Суна сайна цу чохь лела а ца хаьа.
– Хьан воккхаха волу кIант, иза маьрша вуй?
– ХIаъ, иза соьца ву. Цкъачунна мотт Iамош ву, кеста меттан экзамен йала везаш а ву. ТIаккха цхьанхьа деша а хIуттур ву-ух.
– Зараъ, шолгIа хьан ши кIант дIавигинчул тIаьхьа, мах белла, и шиъ церан карара ваккха аьтто хилира хьан. ХIетахь Салехь а, Исмаил а Оьрсийчуьра ара хIунда ца ваьккхира ахь?
– Тхуна хIетахь ца моьттура, кхин а цхьа хIума хир ду аьлла. Исмаилан 17 шо а ма дацара. Цо бакъоларйархошка гIо дехна хиллера, берхIийтта шо дуззалц собар де аьлла хиллера цуьнга. Суна цунах лаьцна а ца хаьара. ХIуммаъ а хир дац, тхоьга кхин Iедалхойх цхьа а вогIур вац аьлла хетара. Ткъа и шиъ хиллера чатехь кхин дIа а йозанаш деш. Исмаил Санкт-Петербурге ваха лууш вара, ас иза цига дIахьажийра. ТIаьхьа хиира суна, бакъоларйархошца цхьаьнакхета ваха лууш иза хиллийла.
Луларчу камери чохь сан кIенташна тIехь ницкъ беш хезара суна
Воккхаха волу СаьIид а, Салехь а цIахь вара. Церан юкъарчу чатера, цара модераци лелочу, цхьаъ дIавигинера. ТIаккха цуьнга аьллера, иза шаьш дIахецна. ДIа ладоьгIча, Салехь Iехийна хиллера цара, цуьнца дIасахийца стаг оьшуш хиллера уьш. Салехь левина, цуьнца цхьанакхийтира. Иштта каравахнера иза. ТIаккха тхуна тIаьхьа баьхкира. Тхо массо а дIадигира: со, да, СаьIид. Масех машенашкахь дийнан делккъахь тхан чу лилхира уьш, террорхой санна дIадигира тхо. Тхоьгара масаьргара а телефонаш схьайехира, берийн дененера а цхьаьна нуьйдашца лелон телефон дIайаьхьира.
Дийнахь-буса а ларми чохь латтийра тхо, массеран а куьйгех гIоьмаш тоьхна. Суна хезара, луларчу камери чохь сан кIенташна тIехь ницкъбеш.
– Хьоьга хIун хиттира цара, хIун де бохура?
– ХIан-хIа, хIууммаъ ца хиттира, хадархо воцург, тхо долчу чу вогIуш стаг а вацара.
– Исмаил оцу заманчохь Санкт-Петербургехь ву-кх?
– ХIаъ, цигахь лачкъийна, Нохчийчу схьавалийра иза а. Цул тIаьхьа бен тхо дIа ца хийцира.
– ТIаккха шу закъалтхой санна латтийна хуьлу-кх?
– ХIаъ, иштта хиллера…Тхох хIора а ша-ша вуьгуш цхьана кабинет чву вуьгура [Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан командир] Чалаев Замид волчу. Ткъа берийн да – кхечарна тIе. Кхерамаш туьйсура, нагахь санна, тхо лачкъийна дигинера бохуш, дийцахь, зене доьрзур ду, ши кIант дIахоьцур вац бохура. "Вуьшта, хьовсур ду вай", - элира Чалаевс.
– Хьайна тIедиллинарг кхочушдирий ахь?
– Оха цхьаьнгга а ца хаийтира, ладоьгIуш Iара. Тхан эвлахь Iийса цIе йолуш цхьа стаг вара цигахь болх беш хилла. Кест-кеста иза волчу йоьдура со, сан ши кIант гойтур варий-те суна хатта. Цо олура, цкъачунна гойтур вац, бераш дика Iаш ду, КъорIан Iамош, марханаш кхобуш аьлла. Масийттазза йахара со иза волчу, тIаккха цхьана дийнахь цуьнан хIусамнанас эккхийра со. Ши бутт баьлча полицира цхьаммо телефон туьйхира соьга, кIентий дIабига аьлла.
Ростов дахара тхо, дохка сурсаташ дан санна, гIоьнна аьлла, кIентий бигира. И ду хьуна пандеми йолчу хенахь, хIетахь кехат карахь доцуш постах дехьа ца волуьйтура. Берашна кехаташ а дина, дIадахара тхо. Бакъоларйархошца а, адвокаташца а гIуллакх дийцина дара тхан. СаьIид Москвахь накъосташца болх беш, сецира. Салахь а, Исмаил а Ростовхь бакъоларайрахоша а, юристаша а дIавигира.
– Цул тIаьхьа полисхой богIурий шуьга?
– Баьхкира, тхан цIа а, со йолчу балха тIе а баьхкира. Хоьттура кIентий, ас жоп лора "ца хаьа", "цара телефонан номерш а цхьаьна хийцина" , "сан телефон цаьрга дIа ца йоьду"олий. ХIаъ, сох ца тешара уьш. ТIаккха со кхийтира, уьш тIаьхьара бевр боций, сайн бизнес дIа а йоьхкина, воккхаха кIант волчу дIайахара со. Цигахь Iийра тхо, кхечу пачхьалкхе дIадаха кехаташ дина довллалц.
Цара аьллера: "Интернетехь критикаш гучубохур бу ахь". Со дуьхьал йара, йа кIантана а ца лаьара – цуннна бекхам бу цара бийриг
КIентий Европе дIа а бахийтина, суо йухайогIур йу цIа аьлла, ойла йара сан дуьххьара. Дерриг а дIанислур ду, парггIат болх беш, сайн кертахь Iийр йу-кх со аьлла. Амма со кхетийра, цуьнах гIуллакх хирг цахиларх. Цхьана дийнахь Исмаила телефон туьйхира, меттигера полисхо веана шаьш долчу, луларчу петар чохь къола дина, тешаш оьшу шайна аьлла. СаьIид кхеравеллера, хала са деттара цо, оха цу шинга телефон йиттира, цхьаммо а жоп ца лора…
– И шиъ лаьцна Нохчийчу дIавигинера?
– Аьлча а, лачкъийна, Нохчийчу дIавигинера….Тхо цхьаццанхьа къайладохуш, латтийра бакъоларйархоша, вуьйш тIе ца кхачийта тхуна. Сан кIентийн да хIетахь ковид токхуш вара, дарбанан цIийнехь а цхьаьна Iиллинера иза, ИВЛ аппарата бухахь. Бераш лачкъочу дийнахь, лазартнера араваьккхина хиллера иза, полисхоша дIавигинера иза а цхьаьна. Адвокат ма лаца бохуш, тIехь ницкъ бинера цунна а, сахиллалц чохь латтийнера, адвокат ца оьшу аьллера цо тIаккха. Бакъоларйархоша да кIелхьарваьккхира, цунна Iаткъам ца байта.
– Зараъ, Iедалхоша бахарехь, гIаттамхочунна гIо дина аьлла, бехкебина хьан кIентий. Ма-дарра дийцича, хIунда йиттина царна хенаш?
– Цара бохучунна и шиъ реза цахиларна. Исмаилна ца лаьара царна болх бан, цара аьллера: "Компьютер тIехь хиъна Iийр ву хьо, 50-60 эзар сом алапа а оьцуш, Iедална луьйш берш гучу а бохуш. Ткъа оха уьш лоьцур бу". Со дуьхьал йара, йа кIантана а ца лаьара – цундела бина бекхам бу иза.
– Хьан гергарчу наха гIо дирий хьуна? Хилларг хилла даьллачул тIаьхьа муха гайтира цара шаьш?
– Шина баттахь кIентий чохь латточу хенахь, тхуна гIо дора, телефон йеттара, хьал-де хоьттура, ткъа кхозлагIа уьш дIабигча, кхоьрура. ХIораннан а чохь ма дара оццу хенара бераш. ХIинца а хоьтту хьал, са гатдо тхуна, телефонаш йетта.
Европехь Iаш волу сан марваша а цхьаьна цIа кхийкхира цара "цIий цIанде" бохуш
– ДоттагIий буй Салехьан а, Исмаилан а? Цу шинца уьйраш латтайо йара?
– ХIан-хIа, цхьа а вац цаьрца зIенехь, хIунда аьлча, уьш а ма кхоьру.
– Зорбанашкахь йаздора, нохчийн полисхоша Исмаил а, Салехь а ве, "сий лардеш" бохуш, гергарчаьрга кхайкхамаш бинера аьлла. И бакъ дарий?
– ХIаъ, и бакъ дара. Европехь Iаш волу сан марваша а цхьаьна цIа кхийкхира цара "цIий цIанде" бохуш. Иза ца вахара. Ницкъахоша дIабигинера боллу сан марзхой, тхуна цхьа наггахь бен гуш боцурш а цхьаьна.
– Тахана муха ду Салехьан а, Исмаилан а гIуллакхаш? Колонихь мухачу хьелашкахь латтош ву-те и шиъ?
– Оха кехаташ йаздо вовшашка. Салахь ша цхьаъ латточу камери чохь ву, кеста юкъарчу дехьаваккха везаш. Латкъамаш ца бо. Кху деношкахь а кхечира соьга Салехьера кехат, со Iехон гIертара: "Айхьа хьайна ницкъ бо ахь, тхошиъ вон Iаш ву моьттуш, амма и иштта ма дац, тхол а холчахь йу хьо" бохуш. Исмаила а йаздо, иза дукха хIума лууш хуьлу. (Йоьлу). Ткъа Салехьа хIуммаъ а ца йоьху.
– Тоьхначу хенал а хьалха и шиъ аравакха тарло аьлла, дегайовхо йуй?
– ХIаъ, кассацин арз чуделла адвокаташа, йуха а кхел йу церан хила йезаш. Адвокаташ цу тIехь болх беш бу, аьтто бер бу аьлла, башха чIогIа тешаш бацахь а. Дукха хан йоццуш Салехь волчехь хиллера адвокат, дика Iаш ву бохура.
– ХIун лаамаш бара хьан кIентийн хIара шайх Iоттадаллалц?
– Кхечу пачхьалкхашка дIабаха лууш хуьлура уьш. Салехь японхойн мотт Iамош вара, Япони ваха ойла йара цуьнан.
– Цу шиннан бехктакхаман гIуллакхехь а, бинчу сацамах а хIун аьлла хета хьуна?
– Цигахь дерриг а харцонца дара. Царна дехкина бехкаш цхьаъ нийсо йолуш бац. Шина баттахь чохь а латтийна, уьш дIахецначу хенахь, со цIахь йара. Пандеми йолуш сан бераш цхьанхьа а арадевлла дац, уьш даим а чохь хуьлура. Туькана а ца боьлхура ур-атталла 300 метар дехьа бен йоццушехь. Такси тIехь муххале а ца бахна уьш цхьанхьа а. И дерриг а йуьхьанца дуьйнна шайггара кхоьллина хIума дара.
– ЦIа йаха са хьийзий хьан?
– Со цкъа а цIа гIур йац аьллачу ойланах дIаийна со.
– Цкъа а?
– Дийна йисахь, къанйелча - йаха а мега.
– Дерриг а йухадерзон хьайн нийцкъ хилча, хIун хуьйцур дара ахь?
– Ас цIа дина хир дацара, бераш кегий доллучуьра дIайахна хир йара. Дена ца лаьара цхьнхьа а ваха. Со дохкойаьлла, сайн бераш Iалашдархьама акха ца йаьлла. Ас сатуьйсу, сайн бераш сайца хиларе соьца ца хилахь а, уьш маьрша хиларе кхузахь [махкал арахьа]. Цул тIаьхьа шайна хеттарг де-кх.
– Айхьа мел лайна хало дагайеача, хьайн кIенташна оьгIаз оьхурий хьо?
– ХIан-хIа, цкъа а царна оцу тIехула оьгIа ца йахна со. Цхьа хаза беш йара сан, сайн кертахь йаха лаам бара сан.. ХIетте а, сайн лаамаш, Iалашонаш кхочуш ца хиллехь а, сайн кIенташна оьгIаз ца йахна со. Со оьгIаз ихна нохчийн Iедална, сан дахар хIаллакдинарг уьш бу…
– ЛГБТ+ векалшка йолу дог-ойла Нохчийчохь мел а собаре хилийта, хIун хийцадала деза Нохчийчохь?
– Оцу хаттарна муха жоп лур ду а ца хаьа суцна-м. Цкъа а хийцалур йац аьлла хета суна. И нах цкъа а тIелоцур бац…
- Магамадов а, Исаев а политикан тутмакх ву аьлла, тIеэцна бакъоларйаран "Мемориал" центро. Катоххий маьршавккха и шиъ аьлла, кхайкхамбира Amnesty International йукъаралло а.
- Американ президенте Джо Байдене а, пачхьалкхан департаментан куьйгалхочуьнга Энтони Блинкене а хьажийна йолу All Out дуьненаюкъарчу платформи тIехь арахецначу петицина кIел вазвелла 100 эзар сов стаг. Шайн хьолах пайда а оьцуш, Исаев а, Магамадов а ЛГБТ-н декъашхой санна кIелхьараваккхар доьху цара.
- 2021 шеран охан-беттан 19-чу дийнахь конституцин бакъонашкахула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу Европан центро а, "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" а юкъахь арз чуделира Германин федералан кхеле Кадыровн гонахарчу пхеа стаганна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдар доьхуш. Бакъонашларъярхоша уьш бехкебо сексуалан башхаллашца доьзна нах лецарна, хьийзорна, гендеран башхаллашца бахьанехь 150 стаг лаххара а вейтарна.