ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн пиар-тайниг? Боьхна доьзалаш цхьаьнатохаран  комиссеш муха болх беш йу Нохчийчохь


Нохчийчуьра нускал, гайтаман сурт
Нохчийчуьра нускал, гайтаман сурт

Пхи шо а ду Нохчийчохь боьхна доьзалаш цхьаьнатухуш болх бен комиссеш йукъайаьхна. Уьш урхаллашна йуккъехь вовшахтоьхна тобанаш йу. И болх республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаболийна бу. ДIадаханчу шеран чакхенехь мехкан куьйгалло дIахьедира, и комиссеш бахьана долуш кхо эзар сов доьзал цхьаьнатоха аьтто баларах. Охан-беттан чакхенгахь "Грозный" телеканало кхин терахь далийра - 2395 доьзал. Доьзалийн "бартбечеран" болх муха дIахIоттийна бара къастош, къамелаш дира Кавказ. Реалии сайто.

Доьзалаш цхьаьнатохаран болх дIахьошйерг динаца, куьйгалхочун администрацин йукъараллин цхьаьнакхетараллашца зIе латтош йолу департамент йу. Республикин хIора кIоштахь комисси хIоттийна. Цуьнан декъехь меттигерчу полицин декъан белхало ву, префект ву, къеда а, социал-белхалой а, къанойн кхеташонан векалш а, "Единая Россия" партин декъахой а.

Цу белхан декъехь нисбелларш резахилира редакцига шайца хиллачух дуьйцуш, бистхила.

"Iедалан белхалочун бакъо йу, дIасакъаьстачарна хьехар дан а, уьш кхетон хьажа а. Амма йац цуьнан бакьо уьш нуьцкъала цхьаьнатоха-м. Церан лаам боцуш, цаьрга цхьана Iен баха бакъо цхьаннан йац. Амма Нохчийчохь дерриге Кадыровс ма-аллара, хила дезаш ду", - боху Нохчийчуьра дIаваханчу маьждиган белхалочо. Иза цигара дIавахана, республикерчу Iедалхойн политикина реза ша цахиларна. Кхерамзаллин дуьхьа шен цIе гIара ма йаккха элира цо.

Пачхьалкхан векалша захалонашкахь дакъалацар Исламан низамца догIуш дац, ткъа шаьш "бартбаран комиссеш" суьртана лелаш йуйла гуш ду, шайн болх тIеIаткъамца беш йу, дийцира цо.

"Тхо дIасакъаьстинчул тIаьхьа, кIоштарчу къедано хаьттича, аса а, сан хиллачу хIусамнанас а тхаьш цхьаьна Iаш ду элира. Суна а, цунна а гIовгIа ца оьшура, камери хьалха хIиттина латта ца лаьара, доьзалшкахь гуламаш а, эларий, бахарий, девнаш ловш. Цул совнах, со реза ца хиллехьара, балхара дIавоккхур вара. 2018-чу шарахь хилира иза. Шо даьлча, со балхара дIа а ваьлла, дIавахара. Тхо боккъал дIасакъаьстира. Цул тIаьхьа цхьаннан а тхоьца бала бацара", дагадоуьйтуш, дуьйцу къамелахочо.

Имамо хаьттира: "ХIун, ла ца дугIу хьоьга хьан хIусамнанас? ШоллагIниг йалайе! Дукха сиха лартIайогIур йу хьуна"

Цо бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо доьзалаш вовшахтухуш долийна гIуллакх махкарчу бахархойн дахар шен карахь ду цунна моттарца доьзна ду.

"Суна хетарехь, Кадыровна кхин башха чIогIа ца девза Ислам. Цо муфтига ладугIу, ткъа муфти паччахьана дуьхьала дош ала ца ваьхьа. ДагадогIий шуна, йоьдуш пандеми йолуш, муфтис зударшка никIабнаш дIайахийтина? Цул хьалха Кадыровс божаршна мажош лелош, мекхаш дIадахар дихкинера. Йуха кхийтира иза, суннехь мажош лелон магош дуйла. Амма иза цунах кхетталц мажош йерш дIалуйцуш бара, царна таIзараш дора. Иштта кху доьзалийн дIасакъастаршца дерг ду. Цхьана могIарера хIумнаш ду хIорш. Кадыров санна волчу куьйгалхочун доьзал бохон бакъо хила мега, амма уьш вовшахтоха цуьнан и бакъо йац",- кхеттош дуьйцу Нохчийчуьра вахархочо.

Лилия цIера Ноьвр кIоштара йу. Йитинчул тIаьхьа цунна шен хиллачу цIийндега йухайерза лиира. ХIунда аьлча, цо цуьнгара бераш дIадаьхнера, гайта а ца гойтура.

"Дукхахьолахь и бартбар дика чекхдолу, нагахь цIийнден доьзал нус йухайаийта реза хилахь. Царна иза ца лаахь, уьш хьийза ца беш, Iаддабуьту. 2019-чу шарахь муфтийате эха йолаелира со. ДIахьедарш дора, хилларг царна дуьйцуш кехаташ йаздора, сайна хIун лаьа хоуьйтура. Аса церан белхалошца къамелаш дора, суна цигахь дуккха зударий гора, со санна берийн дуьхьа шайн доьзалашка йухаберза луурш. Церан Iалашо цIийнда вацара, бераш дара. Суна цхьаьллиг цхьа зуда ца гира цигахь, берех дIакъаьстинчул тIаьхьа кхечанхьа маре йаха ойла йолуш. Цхьа бутт баьлча, со дIакхайкхира. ЦIийнден гергара нах баьхкинера. Доьзал вовшахтохарах гIуллакх ца хилира. Амма сан аьтто белира берашца уьйр латтон. ХIинца аса уьш со йолчу буьйса йаккха даладо, мукъа деношкахь а, шина кIиранчохь цкъа",- шен масала далийра Нохчийчуьра йахархочо.

Редакцин къамелахоша дийцарехь, гергарло меттахIоттон луучаьргара ахча ца доккху, амма гIуллакх чекхдаьлча, лаахь, муфтиятехула сагIина хIума йала йиш йу - иза магийна ду.

Нохчийн зударийн тоьшаллашка ладоьгIча, гуш ду, доьзалийн барт барехь кIошташкара хьаькамаша шайн йарташкара доьзалаш цхьаьнатухучохь шинна агIора гергарчаьрга дакъалоцуьйтура. Вукхара шайна юккъехь барт бора, хьаькамаша цара динарг шаьш дича санна дIанисдора.

"Статистикин дуьхьа, гойтуш, цхьанатоьхна и доьзалаш тIаьхьо йуха а къаьсташ хаало,- дуьйцу Тоитас. Цуьнан кIанта шен хIусамнана лакхарчара бохучуьнга ла а доьгIна, схьайалийна. Йуха кхин цкъа а йитина. Комиссехь берш царна хе хIиттина лаьттара ма бац. Суна хетарехь, Кадыров Рамзанан рогIера пиар-тайниг йара иза. КIордий - йита. Ма-дарра аьлча, цара дина хIумма дац."

Кхечу къамелахочунна хетарехь, дIасакъаьстинарш массо ца бахна цу комиссина йуккъе: официалерчу хааршца долу республикера хьал ледара ду.

"Дукха нах ца боьлху загсехь шайн йукъаметтиг официале йаккха. Цхьаболчара иза бераш дуьненчу девлча бен ца нисдо. Цхьаьна кхечу пачхьалкхе баха дезча а. Йа бахам цхьаннан цIартIе боккхуш, тайп-тайпана кехаташ кечдечохь. Вукхара шайна пособи даийта, шаьш цхьаьна Iашшехь, дIасакъастаран кехат доккху",- боху Нохчийчуьра йахархочо.

Кхелашка кхача зударийн йолу бакъонаш йихкина йу

Масех шо дара Алина загсехула шен цIийндех къаста лууш лела. Амма иза дуьхьал вара цу гIуллакхна. Динаца дерг низамца хила деза бохуш. Зуда цунах йедда дIа а йахара. 2018-чу шарахь доьзалаш цхьаьнатухучу муьрехь, шена вевзачу моллина тIевахара иза. Цо нуьцкъала шен хIусамнана "жинашца тайна йуйла хьажа " йигира.

"Тхан кхо бер дара, со массийтуза цуьнгара дIайаха йуьйлира. Сих-сиха сох летара иза, амма сан дас ца магадора суна марера цIайаха, цо со доьзале йухахьажайора. Йа со йухайоьдура, сайн берийн дуьхьа. Со дIа ца йоьдийла хиинчул тIаьхьа, иза кхин а чIогIа лета волавелира, гIело йар чIагIделира. Иза дIасакъастарна дуьхьала вара, цо олура, дIасакъастар - уггаре вониг ду... Цхьана дийнахь цо со Исламан медицинин центре йалийра - суна чуьра ["жинаш"] лахка. Реза йоцийла хаийта ца йаьхьара со. Иза аса динехьара, жинаш боккъал соьца хиларан билгало хир йара царна",- дуьйцу къамелахочо.

ДIа а йахана, маьрша йаха йола ма  йеллинехь,  со массо хIуманна тIехь нийса хилира

Алинин цIийндас Iеламхочуьнга зуда дIаэхарах, цунна дIасакъаста лаарах дийцира.

"Имамо хаьттира: ХIун, ла ца дугIу хьоьга хьан хIусамнанас? ШоллагIниг йалайе! ТIаккха хьалхарниг лартIайогIур йу хьуна". Иза суна чуьра жинаш лахка волавелира, амма "скрининго" жинаш дац аьлла гайтира. Аса цхьа хIума ца элира, со лартIахь йу бохург дара и. Цо и дерриге лелочу юкъанна со хуьлушдолчун ойла ца йеш, собаре хилира. Йела ца йала садиттира аса. Цул тIаьхьа со гуттаренна сайн бераш эцна цIийндех йедда дIайахара,- шен дийцар кхин дIа а довзуьйту Алинас. - ЦIийндас ша дохковалар далхош, кехаташ йаздора, со къинтIера йаккха гIертара, ша дохковаьлла бехира. Цхьана кехатехь цо дийцира, ша йуха а цу имамна тIевахарах. Цуьнга ша со йедда аларах. Вукхо цунна жоп деллера: "Сан ваша, ткъа хьуна хIун моьттура, ахьа цуьнан бакъонашна гIело ма йинера." Моллина хетарехь, нагахь АллахIа суна берашца дIайаха гIо динехь, сан цIийнда харц хилла... Со дIа а йахана, маьрша йаха йола ма йеллинехь, со массо хIуманна тIехь нийса хилира. Амма йуккъерчу низамашца йехачу хенахь, соьгахьа цхьа вацара, суна цхьамма гIо ца дира."

Нохчийчохь кхелашка шайн гIуллакхаш кховдон зударийн йолу бакъонаш муфтиято а, хьаькамаша а йихкина йу, боху Къилбаседа Кавказерчу кейсашца болх бечу адвокато Аветисян Григора.

"Нохчийчохь Лаккхара Исламан кхеташо доьзалийн дIасакъестарш лелорехь, берашна Iуналла дар харжарехь меттигерчу кхелел приоритетехь йу... И гIулч кхелийн системехь зударийн бакъонаш эшорна тIейоьгIна йу. 2017-чу шеран товбецан-баттахь "доьзалаш цхьаьнатохаран болх" дIакхайкхира Нохчийчохь. Цу боламан хоршахь гучубохура дIасакъаьстина доьзалаш. Уьш нуьцкъала цхьаьнатухура",- дийцира Кавказ. Реалии сайтаца къамеле ваьллачо.

Цо дийцарехь, цу комиссийн белхийн жамIаша гойту и тайпа белхаш нуьцкъала дIахьош хилар.

"Iедалхоша цу шайн белхан хьашташна кхелийн пурстоьпаш цхьаьна арабехира. Кхелийн сацамаш цу гIуллакхашлахь бина боццушехь. Доьзалийн цхьаьнатохарш Нохчийчоьнан Iедалхойн омраца дIахьош дара. Цара дIахьедира, республикин администрацийн куьйгалхоша а, муфтиято а церан цIераш дIайазйан йеза, йуха уьш вовшахтоха хьовса беза аьлла, "нагахь иза дан тарлуш делахь". Нагахь санна, гIуллакх хуьлуш дацахь, ненаца дисина бераш шайн дега дIадалан догIу",- бохуш дийцира Аветисяна.

  • 2022-чу шарахь Нохчийчохь дIасакъаьстира официалехь кхоьллина 9070 доьзал. И терахь шо хьалха хилчул шозза ах сов ду. Проценташца дуьстича, Оьрсийчохь доьзалаш бохарехь регион хьалхарчу меттехь лаьтташ йу. Кавказ. Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа, меттигерчу бахархоша дийцарехь, цунна бехке "бозбунчаллаш дийриш" бац. Иза Iедалхоша боху, ткъа бехке дерш кхин ду: социал-экономикин чолхенаш, зударшна тIе зударий кхийлар а.
  • Доьзалш къаьстинчул тIаьхьа берашна тIехь нене Iуналла дайтарца доьзна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбеш бац Къилбаседа Качвказехь. Оцу кепара хьесап дира Европан Кхеташонан министрийн Комитето.
  • Бераш деца къовсуш ЕСПЧ-н кхелехь туьйлира, масала, Муружева Лайлаъ, Магомадова Элита, Губашева Ася, Магомадова Зелиха. Делахь а, Европан кхелехь толам баьккхинчул тIаьхьа а дукха хьолахь шайн бераш схьадерзо ницкъ ца кхочу церан.
  • Зударшна тIехь гIело латторна дуьхьалчу къийсаман дуьненайукъарчу дийнахь Кавказ. Реалии редакцино зорбанейехира кхаа нохчийн феминистхочун монологаш - царех дукхахболчара шайн хьежамаш къайлакхоьхьу, уьш доьзалашкахь гIело лайна бу, уьш кхоьру гондхьарчара шаьш йемалбарах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG