Гергарчу наха арз дича, Эрмлойчоьнан полисхоша хеттарш дан лецира доьзалехь ницкъбарх йедда йолу ГIалгIайчоьнан йахархо Зурабова Фатима. Цунна тIаьхьа веанера цуьнан деваша – 21 шо долчу йоIе цIайола бохура цо, оцу "беранна" доьзалера додуш гIо диначаьрца "къасто" дош делира цо. И стаг цунна тIевита бакъо йеллачу полисхошна хьокъехь таллам бан беза, боху бакъоларйархоша. Кавказ.Реалиино дуьйцу оцу исторех лаьцна девзарг.
Лахьан-беттан 14-хь баьхкира ницкъахой Зурабова йехачу Аштарак гIаларчу петаре, иза ГIалгIайчуьра дIайахна йалх де даьлча. Агорянан цIарх болчу урамера полицин декъе дIайигира иза – цунах лаьцна цо ша дийцира, кхерамехь болчу зударш гIо деш йолчу "Марем" тобанан жигархошка.
Шен девешица цхьаьна йитинера иза полицин декъехь, вукхо республике йухайерза бохура цуьнга. ЙоIан деваша – Зурабов Юсуп – ГIалгIайчохь таронаш йолу стаг ву: экономикан министр вара иза, меттигерчу парламентан депутат а, тIаккха хIинца "Единая Россия" партин декъашхо ву.
Лаьцначо дийцира низамхошка, доьзалехь ницкъбинарг санна йедда йеана йу ша Эрмлойчу, орца оьшу шена, амма вукхара аьлла, шайн гIо дан аьтто бац. Низамхоша копи йира Зурабовин телефон тIера информацина, тIаккха керла гаджет телефона тIетессира.
Амма тIаьххьаре а меттигерчу бакъоларйархошца цхьаьна и йоI полицин декъера дIайахара.
Гезгмашин-беттан чакхенгахь Зурабова Фатима бакъоларйархошка йаьллера, цIахь шена гуттара ницкъбо аьлла. ГIалгIайн къомехь "ца товчу" кепехь иза лела бохуш. Лахьан-беттан 8-хь ша балха йоьду аьлла кертара ара а йаьлла, "Марем" тобано гIо а деш, Минводера Эрмлойчу кхечира иза кеманахь, хIинца а цу махкахь йу иза.
Кавказ.Реалиино Зурабова Фатимин дийцар арахоьцу: Эрмлойчохь иза стенна лаьцнера, хеттарш муха дира, гергарчаьрца муха цхьаьнакхийтира иза.
"Хьо хьенан йоI йу диц ма де":
"Со полицин декъе схьакхаьчначул тIаьхьа, девешица цхьана чоь чохь латтийра со. Йуьхьанца бохура, цуьнан Эрмлойчоьнан полицехь болх беш волчу доттагIчо бина и аьтто: тIаккка и доттагI аравелира, деваша виссира. Тхойшиннан дов делира, со дукха йезаш вацахьара суна тIаьхьа вогIур вацара ша бохуш, йух-йуха дуьйцура - амма тIаьххьарчу йалх шарахь сан дахарех цхьанна кепара дакъа лаьцна стаг вац иза.
Эрмлойчоьнан полицехь болх беш доттагI ву сан девешин, цуьнца веара иза полицин декъе
Йуьхьанца бохура цо, со цIа йан йеза, нана суна саготта хиларна – цуьнца къамел дайтира цо. Ас цуьнга а элира девешига аьлларг: суна йухайерза ца лаьа. ТIаккха соьгара телефон схьа а йаьккхина, тIечевхира иза: "Хьуна лаахь, ца лаахь хьо цIа йерзор йу, вайн доьзал йуьхьIаьржа хIиттон ас магор дац хьуна: хьо хьенаy йоI йу диц ма де". ТIаккха дIайайъира цо телефон.
Аса сайна цанхьа йаха ца лаьа аьлча, ца жоп делира, со цIа ца йагIахь, кхузахь деа шарна набахте хьажор йу. Суна йодуш гIо диначу нахаца къастор ду ша бохура. Ас сайн адвокате собардеш йу со аьлча, цуьнан когаш, лергаш схьадохур ду ша элира цо. Со дIалоцучу хенахь телефонера геопозици латийра ас, сан юристана со карон аьтто хилийта. Амма полисхоша соьгара схьайаьккхира телефон, тIаккха дIайайъира иза. Талламна оьшур йу бохура иза.
Эрмлойчоьнан полицехь болх беш доттагI ву сан девешин, цуьнца веара иза полицин декъе. Соьга девашас дийцина ма-хиллара, цуьнан гIоьнца аьтто баьлла соьх лаьцна информации хаа. Ша оцу историн декъехь хиларх цо кхетийра, со шена "гергара санна" йу аьлла.
Сайн адвокатаца ган аьтто ца бира цара – талламхоша леррина дIатоьттура хеттарш дар. Цара бахарехь, соьца зIене ца волуш сан адвокат дIавахначул тIаьхьа кхин а эха сахьтехь собар дира оха. Ас сайн тIехIоьттина юрист ву аьлча, цара иза пачхьалкхехь вац олий жоп лора. Суна цара хIоттийначу юристо бохура, "ма-дарра" охьадийца дерриг, кхера ца кхоьруш. Сайна цигара дIайаха гIо муха дира дийцира ас.
Вочу организацина тIе нисйелла со, бохура цара, бакъоларйархой со дегIан меженашца вовшахйаьккхина, дIайохка дагахь бу элира
Ас тидам бира, соьга хеттарш деш волчу талламхочун дог-ойла хийцалора, иза кабинет чуьра ара ваьлла, тIаккха чувеача. Хила тарло, сан девешица цо къамел дарна хуьлура иза. Со уче хьаьжча суна гира, гочдархо вара сан телефонера ас кхечу нахаца дина долара къамелашна гочдеш. Ас иза ма де, цуьнан бакъо йац и лелон аьлча, цара со кабинета чу йаха декхаре йира.
Ас талламхочуьнга муьлхха а хеттарш дича, иза воьлура. Вочу организацина тIе нисйелла со бохура цара, бакъоларйархоша со дегIан меженашца вовшах йаьккхина, дIайохка дагахь бу элира. Со цхьамма декхаре ца йина элира ас, ас сайн лаамца бина саам бу иза, со Эрмлойчу дIайига аьлла дехнарг со йу.
Нуьцкъаха со кху пачхьалкхера дIайигарна кхоьру со. Нагахь санна, со цIа кхачахь, со тешна йу, суна вон хир ду, цара суна зулам дийр ду. Хетарехь, йен а мега".
"Беран карахь хIун ду"
"Единая Россия" партера ГIалгIайчоьнан къоман кхеташонан экс-депутата Зурабов Юсупа шен гучу кепара дийцира бакъоларйархошка хилларг (и къамел редакцигахь ду).
Шен вешийоI дIахеца кийча ву ша, амма цунна йодуш гIо диначуьнца "къастор ду" ша бохура. Кавказ.Реалиин сайто и къамел даладо:
"Иза шен цIайерзахь бен цуьнан сий меттахIуттур дац, тIаккха цигахь сан хьекъал, ницкъ, даьхний тоьар ду, оцу йоIан кхин проблемаш ца хилийта, цуьнан агIор цхьа жIаьла а ца хьажийта. Сан зIенаша суна аьтто ло (Ереванерчу) талламан декъан куьйгалхочун кабинетехь Iан.
Дела гуш ву, вай машарца дIасакъастийта лаьара суна. Дерриг баккъала а муха ду дуьйцур ду ас: ма-дарра аьлча, и йоI "забуксованная" йу. И Iовдал бер ду. 21 шо долчу беро Кавказерчу доьзалехь хIун луьстур ду. Иза бер ду. Машенахь Минводерчу аэропорте и дIайигначунна хета теша, сайн йолчу таронашца и мила ву со тIаьхьакхиалур вац, неха стага и чухаийна дIа стенна йигина таллалур дац а?
Ма-дарра аьлча, и йоI "забуксованная" йу. И Iовдал бер ду. 21 шо долчу беро Кавказерчу доьзалехь хIун луьстур ду?
Фатима йухайерза дагахь йацахь, тIаккха иза кхузахь йуьссур йу. Ас баккъала боху, оцу кепара бер суна ца оьшу. И дерриг кечдиначун хьокъехь ас сайн амало, сайн таронаша а дан аьтто бийриг дийр ду. Сан вешин йоIца со къастар кечдинарг мила ву, гIодинарг мила ву суна хуур ду – Оьрсийчоьнан ницкъаллин хьукматашкара уггар тоьлла говзанчаша болх бийр бу цаьрца.
Со цхьанна кхерамаш туьйсуш вац. Амма Оьрсийчоьнан Федерацин низамаш кхочушдайтар тIедожор ду ас. ХIунда аьлча, сан хIусамера деза дашон мугIар дайна аьлла шеконаш йу сан. ТIаккха цунах кхин къамел хир ду".
Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь Зурабовс дIахьедира, "ткъа минот хьалха" шена а, йоIе цIайола аьлла дехар дан Эрмлойчу йеъна йолчу Фатимин нанна а цIанехьа билеташ эцна ша.
Цо бахарехь, иза ГIалгIайчу йерзон кхин ца гIерта ша: "Шена товш хеташ некъ сан вешийоIа хаьржинехь, тIаккха хилийтахь ишта. Со нах лоллехь латтош стаг ма вац. Нийсса ткъа минот хьалха Ереванан талламан комитетан гIишло чохь ас дерриг аьлла: маьрша новкъайала тIаккха, гIо Делера ду. И дIайигинчу наха оха 21 шарахь шена деллачул а дукха лур ду аьлла цунна хетахь, иза цуьнан харжам бу. И адам сан дахарера дIадаьлла хIинца. Зуда вордера охьайаьккхича – говрана атта хуьлу".
Къамелдинчо тIетуьйхира, шен дIахьедар цанхьа Iорадаккхахь, "дерриг ахча вовшахтоьхна" кхеле арз дийр ду ша.
"Нехан пачхьалкхехь - шен цIахь санна"
Кавказерчу дуккха а мехкарийн санна сингаттаме йу Зурабова Фатимин истории, дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь кхерамехь болчу зударшна гIо латточу "Марем" тобанан куьйгалхочо Анохина Светланас. Бакъоларйархошка дийцина Фатимас, шен собар кхачийнарг – иза балха лела дуьхьало йар дара – вашас йеттара цунна, болх бита бохуш.
"Ша хIусамера арайалуьйтур йоцийла кхийтира иза тIаьххьаре а, - тIетуху Анохинас. – ЧIогIа йетта а йиттина, цхьана шарна телефон схьайаьккхина меттиг нисбеллера – шега суьрташ ца дахийта а, латкъамаш ца байта а хIоразза и дора боху цо".
Къамелдечо билгалдоккху, Эрмлойчохь и йоI кризисан центре хьажон гIоьртира, амма полици дуьхьал хилира, и ницкъ лайна йу аьлла кехат дала. Цунна цIахь йетташ йара, амма хIинца иза кхерамазаллехь йу аьлла кхетийра цара. "Цунна, тхан белхахочунна, Фатимина гIо мел диначарна кхерамаш тийсина волу цунан деваша тидаме ца оьцучех тера ду цара", - боху Анохинас.
И кехат дала дуьхьало йар кхетийра полисхоша, Зурабовина йиттина волу ваша иза схьайалийна йолчу полицин декъехь вац аьлла, дуьйцу Pink/Armenia организацера бакъоларйархочо Ховсепян Мамикона. Зурабовина латтачу кхерамех шек бацара низамхой, аьлла хета цунна: "Нах лечкъийначул тIаьхьа уьш тIепаза бовш меттигаш йевза тхуна. Тхан полици кхузахь цхьа а гIулч йаккха лууш йац, цуьнан бала бац. Церан адамийн дахарца бала бац ала мегар ду".
Полицин декъехь Зурабова латточу хенахь ницкъахоша зуламхочунна гIо деш санна хетара, ницкъ лайна йолчу йоIанна метта. Иштта цунна психологин Iаткъам бора цигахь, ойла а хийцина, иза хIусаме йухайерзийта гIерташ.
Нехан пачхьалкхехь шайн цIахь санна лела таронаш йу оьрсийн хьаькамийн
Эрмлойчоьнан полицино лахьан-беттан 14-хь, и йоI дIалоцучу дийнахь, шайн ютьюб-канале хаам хIоттийра, Зурабова Фатима лоьху шаьш аьлла. Карарчу хенахь и хаам дIабаьккхина. Бакъоларйархошна хетарехь, оцу кепара полицин дакъа бехкех лардала гIертара, нагахь санна Фатима ГIалгIайчу йухайерзахь. Кавказ.Реалиин сайто Эрмлойчоьнан полицига кехат дахьийтира Зурабовин карарчу статусех хаттар луш, амма текст арахоьцучу йукъанна цаьргара жоп ца кхаьчна.
Зурабовина гIо деш хиллачу меттигерчу бакъоларйархоша аьрзнаш кечдо, Эрмлойчоьнан полицин лелар низамца дац аьлла, дийцина "Маремехь".
Анохинас бахарехь, жигархойн аьтто баьлла оцу хьолана тIе тидам бахийта: "Тхуна ца лаьара и хьал нахаладаккха, амма тхуна харжам ца битира: девашас кхерамаш туьйсура, тIаккха тхо кхийтира, тхуна вон хирг хиларх. Тхайгахь цхьаъ бен доцу герз схьаийцира оха – гIуллакх нахаладаккхар. Оцу кепара низамаш хьешар, гучудаьлла ма-хиллара, Оьрсийчохь хилла ца Iа. Нехан пачхьалкхехь шайн цIахь санна лела таронаш хилла оьрсийн хьаькамийн".
- Доьзалехь ницкъбар –Къилбаседа Кавказехь уггар а коьртачех а, кест-кеста нислучех а проблема йу. Меттигерчу зударшна ницкъбо хIусамдайша а, кхечу доьзалхоша а. Даим а полицино иштта зуламаш тергамза дуьту, ткъа бехкзуламан гIуллакх деллахь а, кIезиг хан тухий, бовлуьйту.
- Къилбаседа Кавкахера иттаннашкахь кегийрхой, зудабераш Iиттало доьзалехь гIело латторца, цхьаболчийн аьтто хуьлу цIера бовда. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира оцу кепарчу хиламех, тIом бирзинчул тIаьхьа бакъоларйархойн болх муха хийцабелла а "Марем" тоба вовшахтоьхначу, Кавказера зударшкарчу хьолах лаьцна "Даптар" гIирсан коьртачу реадкторца Анохина Светланица.
- Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара. Бакъоларйархойн хаамашца, дукха хьолахь дойу марехь доцу зудабераш, йа марера цIабаьхкина кегий зударий, цхьа наггахь нисло цаьрца марехь берш а. Дайша, вежарша, хIусамдайша, девежарша бойу уьш.