Сталин Иосифан омраца нохчий а, гIалгIай а махках баьхначу оцу лазаме дийнан 80 шо кхечира чиллан-беттан 23-чохь. Шераш дIаихначул тIаьхьа и репрессеш лайначу йеа регионашкахь диллина дуьйцу хиллачух лаьцна, цхьана Нохчийчохь бен ца йоккху бехкечийн цIераш. Ткъа йоллу Оьрсийчохь, иштта къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а диктаторна хIиттон хIолламийн терахь лакхадолуш схьадогIу. ХIун бахьана ду оцу бIостаналлин, къастийра Кавказ.Реалиин редакцино.
Историн кIелдIашхе
Советан заманахь хиллачу куьйгалхочунна Сталин Иосифна маса хIоллам хIоттийна дагардира стохкалера шо довш Оьрсийчохь. Гучуделира, цунна хIоттийначу 110 бюстах 48 къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а хилар. Сталинан омраца цигара дуккха а къаьмнаш махках дехира. Цу тIе дукхах болу хIолламаш советан диктаторна хIиттийна Къилбаседа ХIирийчохь (24), Дагестанехь (9), хаамбира "Можем объяснить" телеграм-канало.
Советан заманара схьа дуьйна лаьтташ йу 9% монументаш, дукхахйерш хIиттийна тIаьххьарчу 20 шарчохь, Путин Владимира куьйгалла дечу шерашкахь. Журналисташа къасторехь, дукха хьолахь Сталинна хIиттийна хIолламаш – могIарерчу нехан, йукъараллийн, йа партийн лаам бу, масала КПРФ-н.
Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра бахарехь, Къилбаседа ХIирийчохь Сталине безам бара. Доккхачу декъанна цунах кхетадо цо халкъашна депортаци йарца – 1944-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а Йуккъерчу Ази дIабахийтича, Нохч-ГIалгIайчоьнан АССР-н Пригородный кIошт Къилбаседа ХIирийчоьнах дIатуьйхира. 13 шо даьлча гIалгIай шайн махка йухабирзича бакъо ца йелира царна цигахь баха.
Мекхаш долчу оцу цIиймуьйлуче кеп-кепара бу хьажам историн тайп-тайпанчу хиламашкахь
"Къилбаседа ХIирийчоьнан Сталине болчу безамна Iаткъам ца бойла дацара политикан контексташа. Делахь а, Дагестанера, масала депортаци йира нохчашна-аьккхашна, ткъа церан хIусамашкахь баха ховжийра республикин лаьмнашкара декъахь хилла лакцаш. Лаьмнаша шайниг дIаоьцу, депортацихь хилларш цIа бирзича, лакцийн цIенош цхьана а хIумана пайден дацара, церан кхин баха меттиг йацара. Хаттар хIутту: Сталине дог-ойла тахана муха йу-те лакцийн?
Оцу йа вукху халкъан кхолламехь хаабеллачу историн кеп-кепарчу хиламаша кеп-кепара хьажам хуьлуьйту мекхаш долчу оцу цIиймуьйлуче. Халахеташ делахь а, оцу хаттарехь вай гена девлла цхьана маьIнана", -боху Черкасовс.
Цо билгалдаьккхира, Сталин Иосифе безам болу нах карор бац йа ГIалгIайчохь а, йа Нохчийчохь а аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хьалха дIахьедира дешаран министро историн дешаран киншки тIехь бинчу хийцамех. Хьалхарчу жайнин кепехь, и кечйеш дакъалецира культурин хиллачу министро Мединский Владимира а, Оьрсийчоь Украине гIортарх дакъа гучуделира, иштта "Оккупанташна гIодийраш" аьлла агIо а. Цу тIехь дуьйцура, кхарачоша, гIалмакхаша нохчаша, гIалгIаша, балкхарцаша, ГIирмин гIезалоша оккупаци йинчу Гитлеран эскаршца "йукъарлонаш лелийна меттигаш" гучуйевлча, Сталина депортаци йинера аьлла.
Цул совнах, цхьа Кадыров бен вац Кавказехь нахана репрессеш йинчу бехкечийн цIераш йохург. Масала, кху шеран чиллан-беттан 23-чохь, депортаци йина 80 шо кхочуш, цо дIахьедира, халкъаш махках даьхнера "неIалте Сталин Иосифан" омраца, ткъа "Чечевица" аьллачу кодехь дашца йолийначу операцин куьйгалла дийриг Берия Лаврентий хиллера (оцу хенахь СССР-н тIеман комитетан куьйгалхочун гIовс вара иза. – Билгалдаккхар).
Делахь а Сталинан репрессеш лайнарш дагалоьцуш Соьлжа-ГIалахь хIоттийначу митинге Кадыров Рамзан ца вера – мехкан урхалхочун дешнашца "нохчийн халкъан хьокъехь историн бакъдерг меттахIоттийначу" президентаца Путин Владимирца цхьанакхета Кремле вахара иза.
Кадыров воцург а, халкъаш махках дахарна рогIера шо кхачарх лаьцна кху шарахь бистхилира ГIалгIайчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а куьйгалхой а. Хилларг "йахначу заманан инзаре агIонаш" а, "сий дайар" а ду элира цара, амма Сталинан цIе ца йаьккхира. Кхечу регионийн куьйгалхоша, Дагестанан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалмакхойчоьнан а цхьана, цигара бахархой а махках баьхнашшехь, даздира Турслочун де. Тезетан барамаш хьаха а ца бира.
Чоьхьара бIостаналлаш
Советан Iедалан хиллачу куьйгалхочуьнга тайп-тайпана хьежамаш хилар – кху заманан Оьрсийчохь хуьлуш дерг ду, тешна ву "ГIалгIайн суверенитетан Комитетан" хьалханча Гаркхо Ансар.
"Проблема стенца йу аьлча, Оьрсийчоь дIа ца къаьстина шен, зулам, гIело, ций Iанийначу тоххарлера Советан заманахь хиллачух. Цундела чоьхьара бIостаналлаша са дуу пачхьалкхан, цхьа нах цхьана декъехь турпалхой бу, вукху агIор- чалтачаш. Кхин ца хиллал сий доцуш хилла Сталин а, Кавказехь цхьана декъана турпалхо ву, амма ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – чалтач ву. Изза ду Кавказан турпалхошца дерг а: имам Шемал – турпалхо ву Кавказ маьрша хила луучарна, Оьрсийчоьнца бисса луучарна йамартхо а ву", - аьлла хета Гаркхона.
Оьрсийчоь дIа ца къаьстина шен, зулам, гIело, ций Iанийначу тоххарлера Советан заманахь хиллачух
ГIалгIайн суверенитетан Комитетан куьйгалхочун дешнаш тIечIагIдо, тIаьххьарчу масех шарахь Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а хиллачуьнга бIаьргтоьхча.
Масала кху шарахь дийца даьккхира, халкъашна депортаци йарна жоьпалла Сталинна а, цуьнан гонна а тIехь дита гIортарх. Оцу кепара Талламан комитете велира ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархо Келеметов Олег. Шена тIаьхьа къиза тIаьхьало йитина Iедалхоша лелийначу зуламашкахь шайгарчу бакъонел а совбийлина меттигаш буй хьажа аьлла, цо тIедожийра.
"Репрессийн, харжам боцу, амал йолуш хилла депортаци, тIехь ницкъ а беш, дахарна а, могушаллина а кхерамаш туьйсуш, дуккха а нах хIаллакбина меттигаш а болуш. Iедалхойн векалша нуьцкъаша лелийнарг шуьйра а, системехь а хилла хIума ду, цо гойту геноцидан билгалонаш а", - аьлла ду Келеметовн дIахьедарехь.
Оцу кепара талламна цхьана а кепара дуьхьалонаш йац, Талламан комитето хан хене мел йолу бухкзуламан гIуллакхаш дуьхьал доху дуьненан ШолгIа тIом боьдуш лелийначу зуламашкахула, кхетийра шен цIе къайлайаьхьначу адвокато. Репрессеш лайначийн гIуллакхаш листина цо.
Формалехь процедура ишта хила йеза: таллам бале хьалха динчу зерашкахула йа дуьхьало йийр йу бехкхуламан гIуллакх доло, йа долор ду гIуллакх, хиллачун бух а, бехкенаш а билгалбохур бу. И нах белла хиларна, бехкзуламан гIуллакх сацор ду, делахь а хиллачух мел дерг дIайаздина дуьссур ду.
"Амма кхузахь формалехь дуьхьало хила тарло зулам толлу хан тIехйаьлла хиларна кепехь – оцу хенахь дуккха а нахана депортаци йар лараре хьаьжжина хир ду. ДIахаийтинчул тIаьхьа цхьана а тIаьхье хир йуй, ала хала ду. Тоххара официалехь Iедалан органашка дIахьединера аьлла цхьа а тIаьхьало ца йуьссура, хууш ма-хиллара, кхерам бацара. Амма хIинца хьал карзахе хиларна, реакци кхечу кепара хила тарло", - аьлла хета юристана.
2017-чу шарахь ГIалгIайчохь официалехь дихкира Сталин Иосифан иэс муьлххачу кепехь а лардар: хIолламаш хIитторна тIера нах лелачу меттигашкахь цуьнан портреташ хIитторна текхаччалц. Ши шо дьалча Евкуров Юнус-Бека "махках даьхначу къаьмнашна номер цхьаъ йолу мостагI" ву аьлла, дIакхайкхийра Сталин. Цуьнан шеконаш хилира дуьненан ШолгIа тIом боьдуш цо бинчу пайданах а. Евкуровна хетарехь, СССР-н заманахь оццул дукха нах хIаллак ца бойла дара, диктаторо пачхьалкха чохь репрессеш ца лелийнехь.
Оцу йукъанна цу шарахь, Евкуров иштта вистхилча, Сталинехьа дикачу агIор 50 процент нах хилар гучуделира – иштта зераш динера "Левада-центран" белхахоша.
ТIаьххьарчу бархI шарахь къилбан регионашкахь Сталинехьа безам хилар дIахаийтарна новкъарло йеш йанне а йацара. Ставрополера жигархоша маьрша зезагаш дохкура диктаторан винчу дийнахь хIолламехь, Кубанера Белореченскан кIоштан администрацин гIишло тIехь цуьнан портрет туьйхира. Ростовн кIоштахь Сталинна тIаьххьара хIоллам буьйгIира гаражан кооперативан дозана тIехь – меттигерчу коммунистана карийнера и цунах йиссина чалх нехийн оьли тIехь. Йухаметта а хIоттийна, кечбира цо хIоллам, амма нах дIасалелачу меттигехь и дIахIоттон цунна пурба ца делира.
Делахь а уггар а деха, гIовгIане Сталинца доьзна дийцар лаьтташ ду хIинца а Волгоградехь, 2014-чу шарера схьа дуьйна хьийза Iедалхой цуьнан тоххара хилла Сталинград цIе йухайерзо.
ГIалина тоххара хилла цIе йухайерзон хьийзарш хIинццал схьа коммунисташ хиллехь а, хIинца жигара тIетайна царна губернатор, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхо Бочаров Андрей а. Тайп-тайпанчу хьасташа чIагIдо, тоххара тIеман хиллачуьнца а, хенехь болчу нахана гергахь диканиш хила гIертарца а и доьзна ду аьлла.
2023-чу шеран лахьан-баттахь Волгоградан кIоштан думин депутаташа хийцамаш тIеийцира, цара бакъо ло гIалин цIе хийцарх референдум хIоттон – кху шарахь и дIайахьа лерина бу.
Цхьайолчу хьасташна хетарехь, Кремль тIе ца тов "Сталинград" цIе йухайерзон, делахь а федералан Iедалша новкъарло ца йо Бочаровна Волгоградан цIе шарахь иттозза хийца.
"ГIалгIайн маршонан Комитетан" куьйгалхо Гаркхо Аслан тешна ву, Советан заманан диктаторан цIарах гIала кху заманан Оьрсийчоьнан карти тIехь гучуйалахь а, оцу стаге йолу ойла цо хуьйцур йац аьлла.
"Наьсара йуккъехь Сталин Иосифна хIоллам хила беза аьлла, федералан Iедалхойн сацам хилахь, и цигахь хIотор бу. И Iедал ца дезачу могIарерчу нахах дерг аьлча, хьалха а санна безам лаьттар бац церан цу Iедале. Ткъа Iедало лелориг нийса хетачара, кхин дIа а бакъбийр бу уьш", - тешна ву Гаркхо.
Сталинан раж цхьа маьIна долуш йемалйар Оьрсийчохь цкъачунна дац, хIунда аьлча, Путин Владимиран рожах и тера хиларна, бохура Прагера Карловн университетан йукъараллин Iилманийн политологин факультетан профессоро Аслан Эмиля.
"Таханалера Оьрсийчоьнан пропаганда хьажийна йу "национал-йамартхошца" а, "арахьарчу агенташца" а къийсам латтон – изза дара Советан заманахь лелош а. Цундела Сталинна критика йан луурш кIезиг бу. Мелхо а цуьнан къизачу политикана "историн контекст" тIе а тухуш, Кремль хьийза ша диканиг хетийта, шайна йен йолу критикех бовла а. Оцу тIехь кхетадойла йу кхузаманан Iедалхошна депортаци йинчу халкъийн иэс карладаккха цалаар", - элира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь профессоро.
- Чиллан-бутт бовш, депортаци йина 80 шо кхочуш Дагестанан прокуратуро дIахьедира нохчашка, Iедалхошкара бакъо йоцуш акцеш, пикеташ хIиттон мегар дац аьлла. Дахначу шерашкахь барамаш вовшахтухучабрга дехар дора тезетан акцихь Iовхойн кIошта йухаметтахIотторах къамелаш ма дахьара аьлла.
- Сталина депортаци йечу хенахь Iовхойн кIоштара бохийначу нехан цIенош юхадерзаде аьлла, тIедожийра Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада 2023-чу шарахь. ХIинццалц схьа оцу дийнахь шуьйра барамаш хIиттор республикехь официалехь доцуш дихкинчу нохчийн Iедалхоша дуьххьара дина дIахьедар дара и.
- ГIалмакхойчуьра Кетченеровскан Шин-Мер эвлахь хIоллам хIоттийна 1943-чу шарахь Багшин-Шебенеровн цIийнах депортаци йина хиллачарна хIоллам хIоттийра. Иэсан тIулгIа тIехь йаздина дешнаш ду: "1943-1957-чу шерашкахь Сталина хIоттийначу къематан дийнах чекхбевллачу Багшин-Шебенеровхошна" аьлла. Оцу йукъанна гIалмакхойн халкъана депортаци йарна бехкеболчеран цIераш ца йехира кIоштан администрацихь.