ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIуъа хилахь а –  дика хир ду". Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а жигархоша - харжамех


Соьлжа-ГIалахь кхаж тасар, зазадокху-беттан 15-гIа де
Соьлжа-ГIалахь кхаж тасар, зазадокху-беттан 15-гIа де

Оьрсийчоьнан президент хаьржира зазадокху-беттан 15-17-чу дийне кхаччалц, оцу харжамийн мах хадийра эксперташа маьрша боцу, нийсонца дIа ца баьхьна харжамаш аьлла. Къилбан а, Кавказан а регионашкара, кхечу цхьа могIа республикашкара а санна, хаамаш кхечира низам талхорах, цхьа могIа инциденташ нисйелира боху харжамаш дIахьочу меттигашкахь, ткъа кхаж таса эхар (Нохчийчохь - шозза гергга) лакхара дара йуккъерчу маьIнехь аьлча. Сочихь, Волгоградан а, Ростовн а кIошташкахь, ишта Кхарачой-Чергазийчохь а бекхтакхаман гIуллакхаш дуьхьал даьхна, баьццара коьчал тIейоьттина, йа цхьа кхечу басарша бюлетенеш талхон гIортарна.

Кавказ.Реалиин редакцицга дийцира харжамашкахь шайна гинарг къилбан а, Къилбаседа Кавказан а жигархоша, журналисташа, бакъоларйархоша.

Кочесоко Мартин, чергазойн йукъаралхо, "Хабзэ" йукъараллин организаци йиллинарг а, цуьнан куьйгалхо а:

– Оьрсийчохь цкъа а хилла бац цIена харжамаш, къаьсттина тIаьххьарчу 20 шарчохь муххале а. Суна хетарехь, оппозицин акциша (йуьйцург йу "Делкъе Путинна дуьхьал" акци) цхьана а кепара Iаткъам бийр бац пачхьалкхехь тIеоьцучу сацамашна. ХIара маьIне хила тарло дуьхьал болчийн цхьанакхетаршна а, адамийн вовшашка къамелаш дарна а. Оьрсийчуьра оппозицино цхьана а хIумана Iаткъам беш бац хIинца, маршонан идейга догдохийла а йац, и дерриг а доцуш ду.

Iедална дерриг а дика хууш хилла, цара хIуммаъ а вон кечам бина ца хилла

Адам арадаьлла муьлхха а болам цхьаммо вовшахтоьхна хила безаш бу, нах ара кхайкха корматалла йолу хьалхабелла лидерш а хила беза. Оьрсийчохь ишта нах боцуш бу. Майда дIацIанйина. Хиндерг хуучу Iедало дика кечам бина хилла.

Амма лакхахьберш а цхьа барт болуш бу цхьана декъана. ТIейогIучу хенахь хьал хийцадала а тарло, дуьхь-дуьхьал бовла тарло, амма цкъачунна оцу тайпа билламаш бац.

Къилбаседа Кавказехь репрессеш кхин дIа а лелор йолуш йу. ХIора бутт мел болу хьал долчу тIе а чолхе долу, телхина го. Реза мел боцурш лоьцур бу. Пачхьалкхан машен дIайолийна, хууш дац кхо стенга кхачор ву.

Кочегин Евгений, Волгоградера тIамана дуьхьал "Дозор" боламан куьйгалхо, Навальныйн регионера штабан хилла куьйгалхо:

Харжамийн жамIех дерг аьлча, цхьа инзаре хIума хир ду аьлла ца хетара суна: 70-80 процент Путинехьа бара аьлла, терахьаш дохкур ду, и дерриг а системо тIехь терго латтошшехь. Низамаш дохийна цхьа меттигаш нислахь а: тергамчийн боламца дерг а тахана чолхе ду, харжамийн каппашка буьтур бац 2021-шо дац хIара, регионехь парламентан харжамашна тIехь вай терго латтош, ткъа хIинца цхьаьнгахула а тергал дойла йац хьал.

"Делкъе Путинна дуьхьал" акцих дегайовхо лаьтта: Надеждинехьа санна дуккха а адамаш хилахь, йоллу информацин шортонехь цхьа дика битам буьур бу цо. Суьрташ дIасадаржор ду, нах кхетар бу, Путинна дуьхьал берш дуккха а буйла.

Юкъарчу контекстехь хьал вон мел хуьлу – дикахон ду

Суна хIара ишта го: дукха адам доцчу жимачу гIалара и стаг велахь а, кхоно социалан машанашка ваьлча цунна гур ду, кхечу меттигашкахь а изза акци хиллий, вовшашна и нах бевзина а хир бу, цхьа дегайовхо кхаьчна а хила тарло цаьрга. Цхьаболучара Даванковна кхаж тесна хила тарло, вукхара бюллетень хIаллакйина, Навальныйн цIе йазйан мега. БIенашкахь эзарнаш адамийн, могIарера хьехархойн (дукха хьолахь харжамхойн каппашкахь болх бан ховшийна болу- Редакцин билгалдаккхар) а оцу акцино са айдийр ду.

Цигахь хIуъа хилла а цхьа хилахь – иза-м дика ду. Адамаш байракхаш, седарчий дохьуш бахка йиш йолуш бу. Уьш лоьцуш хуьлий, хеттарш деш, йетташ хIума дахь а, иза а цаьргахьа ду. ХIаъ, цхьана нахана зен дахь, и доьхна хьал ду, амма йукъарчу контекстехь хьал телхина мел хуьлу – дикох ду. Харажмхойн каппашкахь адамаш сецадахь – харжамаш нийсонца дIахьош цахиларна билгало хуьлу цунах, тIаккха дуьненан лидершна, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, аттох хир ду Путин Владимир бакъонехь хаьржина президент вац ала. И дара Навальная Юлияс де бохург а.

ТIаккха йоллу Оьрсийчоьнан делегацешна, муьлххачу а дийцаршна йукъара воккхур вара Путин. Йохка-эцарна тIера доладелла, цул а коьрта хеттаршна тIекхаччалц. Дуьненайукъарчу тIегIанехь Оьрсийчоьнан векалш тергал бийр бацара. ТIедогIучу йалх шарчохь куьг лур дацара Путине.

Нагахь санна Путин легитимехь хаьржина президент ву аьлла, къобал ца вахь, цуьнан долу Iедал зуламан тоба йу аьлла, дIакхайкхор йу. ОПГ-ца къийсам латтабойла ду, зуламхошца къийсам латточу боллу ницкъашца а, гIирсашца а. Цо Iаткъам бан тарло Украинера тIом кхиарна а, пачхьалкхехь рожан леларна а, элитан Путинца йолчу йукъаметтигашна а.

Кутаев Руслан, нохчийн политолог, бакъоларйархо:

– Ас къобал беш бац Оьрсийчуьра харжамаш, цигахь дакъалацар а магийта йиш йоцург ду аьлла хета суна, протест йеш а цхьаьна. Акцеш, кхечу кандидаташна кхаьжнаш балар – суна хетарехь, харжамаш низамехь бара ала гIертар хета суна. Iедалхошна коьрта ду, адамаш даьхкинера аьлла, сурт дIагайтар. И протест йац, харжамаш хилла аьлла, тIечIагIдар ду.

Путинна пайден ду и. Со тешна ву, харжамаш бирзинчул тIаьхьа шолгIа мобилизаци кхайкхор йу цо. Харжамаш бирзинчул тIаьхьа нохчийн дахарх хиндерг аьлча, Кадыровс ишта а дерриг а сил чIогIа чIагIдина дара, кхин дIа "гайкаш тIехьовзон" меттиг а боцуш. Суна хетарехь, дерриг а ма-дарра дуьссур ду.

Журналист а, йукъаралхо а. Дагестан (репрессийн низамаш чIагIдарна, цуьнан цIе ца йоккху оха):

– Харжамашка сатийсар муха дара аьлча, жамI жимма а хууш хир ду аьлла: "толамхочуьнгахула" а, йу ала тарлучу проценташкахула а. ЖамIаш лакхара охьа довзуьйтур ду. Мел кхочушдийр ду уьш – и техникан Iалашо йу: мел процент йазбан беза, хIунда аьлча, вайна массарна а хууш ма ду, оццул баьхкина бохуш, дIагойту нах цигахь хилла боций. Шайггара йаздеш ду Путинехьа кхъаьжнаш.

Оцу лелочу харцонна дуьхьал баккха вовшахтоьхна цхьа а ницкъ бац. Кхин дIоггара йеш дуьхьалонаш а йац. Хьал толур ду ала меттиг суна ца го.

Протесте регион йу эр дацара ас Дагестан. Тхо долчахь хуьлу дуьхьалонаш а, цхьана билгалдаьхначу бахьанашца хIиттош йу: ток дIайаьккхича, хи сацийча. Тхан наха дуккха а са детта, цул тIаьхьа тIаккха арабовлу. Протестан жигараллехь аьлча, ас эр дацара, Дагестан ишта чIогIа къаьсташ йу аьлла. Навальный вийна аьлла хаам кхаьчначул тIаьхьа а Къилбаседа Кавказехь кхин башха протесташ ца хилира, йа Дагсетанехь а.

Регионехь масийттаза гIоьртира тоххара терго йар вовшахтоха, ткъа хIинца -м иза а ца хилла

Навальныйн штаб схьайелла гIоьртира регионехь масийттаза. Дуьххьара Аблякимов Руслан хьаьжира йелла, цунна тIелетира, оцу сохьта дIавахара иза. ТIаккха Атаев Эдурад хьаьжира: и гоьваьлла вара харжамащна тIехь терго латтон тоба вовшахтоьхна хиларца. Цунна а тIаьхьабевллера, бехкзуламан гIуллакх а долийра цунна дуьхьал. Цуьнан агIонча Манапов Мурад репрессеш лелорна Оьрсийчуьра дIавахна. Кхачам боллу болх бойла дацара Навальный штабан. Навальныйгахьа акцеш цкъа бен ца хилира, ткъа иза кхелхинчул тIаьхьа масех де даьлча бен ца дехкира зезагаш а, цуьнан сурт а политикан репрессеш лайначарна боьгIначу хIолламехь. ТIаьхьо гучудаларца, зезагаш дехкина стаг схьакарийна, лецира "ницкъахошна"

ХIинжа-ГIалара аэропортехь Палестинаца а, Израильца а боьзна хиламаш бирзича, 160-180 гергга стаг ву бехкзуламан гIуллакхашкахула бехкевеш, цхьаберш лехамашкахь бу, административан протоколаш хIиттийна масех бIенашкахь нахана. Оцу хьоло а кхерам тесна нахана. Харжамийн жамIашна тIехула цхьа жигараллица дуьхьало йийр йу аьлла, ца хета суна.

Дагестанера бахархой дIакхетар барий-те "Делкъе Путинна дуьхьал" акцих? Цунах лаьцна информаци дIакъовлуш йу. Цунах лаьцна информацин цхьа тулгIе йу йоьдуш аьлла, хезна дац суна. Прогнозаш йийр йац ас. Ма -дарра аьлча, харжамашца кхин дIоггара бала а бац Дагестанехь. Адамаш кхеташ ду, дийцарх хIуммаъ а хир доций.

Янгулбаев Абубакар, нохчийн бакъоларйархо а, йукъаралхо а:

Со гIур вац харжамашка. Цкъа мацах масийттаза тесна ас кхаж, хIоразза а суьйранна кхаж тосучу меттиге со схьакхаьчча, билгалдолура, сан метта цхьаммо куьгйаздина хилар. ХIинца маьIне дац аьлла хета суна. Суна хетарехь, харжамаш хилале хьалха оппозицино лелориг (йуьйцург йу "Делкъе Путинна дуьхьал" акци а, Путин воцчу хьанна а кхаж таса бохуш, бен кхайкхамаш а) низаман гурашкахь шаьш болх бан хьийза, ткъа низамаша болх ца бо аьлла, дIагайтар санна нисло. Цхьана а тайпа эвсаралла ца го суна, хIара дерриг а тоххара хилла ду. Даим а олийла ду: "ХIуъа а дина а цхъаъ дар гIоле йу, хIуммаъ а ца деш Iачул а". Амма ма-дарра аьлча, цхьа боккха болх беш санна хьийзар ду и. ГIирсаш, энерги репутаци дIайоьду, стенга йоьду а ца хууш, цхьа а пайда а боцуш.

Европехь а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а харжамаш низамехь бацара алахь а, тамаш бу-кх цо цхьана а хIумана Iаткъам бахь, хIунда аьлча, Оьрсийчоьно и пачхьалкхаш "доттагIаллин йац аьлла, ша дIахьедина. Харжамаш бирзинчул тIаьхьа милитаризацин хилла ца Iаш, тIеман пачхьалкх хир йу цунах – оцу кхетама йукъа дуьллу ас ницкъбар, адамийн бьакъонаш хьешаран тIегIа алсамйалар, стаг вер хIинццалц ца магийнехь а, хIинца и низам а хийца тарло. Дерриг а кхин тIе а телхар ду.

Нагахь санна Оьрсийчоьнах къизаллин пачхьалкх хилахь,  Кадыровс Нохчийчоь ультратирани йийр йу


Ницкъаца Оьрсийчуьра Iедал карчалур дара аьлла ца хета суна. Адамашна хьалха вер волу стаг ца вевза суна. Пригожин саннарг кхин а хир вара а олийла дац, гонаш цIандина.

Нохчийчоьнах дерг аьлча, харжамаш бирзинчул тIаьхьа Кадыровн Iедало иза велла дIаваллалц хестор ву. Нагахь санна, Путина цхьа курс гайтахь, оцу курсан рекордсмен хила хьовзу Кадыров. Путина Iазапан курсан йуьхь лацахь, йоллу регионашлахь хьалхара хир ву Кадыров ницкъбечарлахь. Рейтингашна а, рекордашна а обсессин синдром йу цуьнца. Кеста вайна и гур а ду. Нагахь санна, Оьрсийчоь тирани хуьлий, Нохчийчоь ультратирани йан луур ду Кадыровна.

Иза онда воьзна ву Путинах, цунна бен муьтIахь а вац. Амма цунна дуьххьалдIа тIекхочийла ду, иза а новкъара воккхийла ду, цуьнан да а санна. Цу тIе Кадыровн могушалла дика йац. ХIара гIуллакх ишта дIадахлахь, цуьнан метта вайна ган мега цуьнан берех цхьа регент. Амма суна хууш дац, и муха хир ду. Кадыровн доьзалехь а ма бу вовшийн цабезарш

Харжамаш бирзинчул тIаьхьа мискачу нехан дахарх дерг аьлча, гайкаш кхин а тIе къовлур йу. Цкъа мацца хаьдда а хир хедар ду, амма хуийла дац, маца и хир ду.

  • "Делкъе Путинна дуьхьал" акцин маьIна дара, пхоьалгIа президент хила хьийзачу Путин Владимирна дуьхьал берш, зазадокху-беттан 17-чохь цхьана хеначохь харжамийн каппашка бахка безаш бара – делкъанна. Акци дIайахьа дагадеанчарна хетачуьнца, Путинан дуьхьалончаша дIагойтур дара шаьш дуккха а хилар оцу йукъанна лелаш долу низам а ца дохош.
  • Харжамийн хьалхарчу дийнахь, зазадокху-беттан 15-чохь, къилбехь а Къилбаседа Кавказехь а цхьа могIа инциденташ хилира. Масала, Ростовн кIоштахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Сочихь а кхаьжнаш тосучу хенахь урнаш тIе баьццара коьчал йоьттира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG