ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь тезет кхайкхийна КТО-н "жигара мур" бирзинчул тIаьхьа


ХIинжа-ГIалара урамаш толлуш бу полисхой
ХIинжа-ГIалара урамаш толлуш бу полисхой

Килсашна а, синагогана а, некъан полисхойн постана а тIелатар динчул тIаьхьа йолийначу контртерроран операцин жигара дакъа дIадирзига Дербентехь а, ХIинжа-ГIалахь а. Цунах лаьцна дIахьедина мехкан урхалхочо Меликов Сергейс. Оцу тийсадаларшкахь 15 полисхо а, могIарера пхи вахархо а вийна. Ницкъахойн хаамашца, тIелетта пхиъ а хIаллаквина.

КТО-н раж йухайаьккхина бахархойн могушаллина а, дахарна а лаьттина кхерам дIабайбеллачул тIаьхьа, хаамбина Къоман антитерроран комитетехь. Республикехь дIахьош болх бу "тийна гаранаш" лоьхуш - Меликовн дешнашца, тIелеттарш кечбеш хиллера "дозанал арахьарчара а цхьана". Регионера чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а, НАК-о а дIахьедина террорхой хилла боху пхи стаг верах.

ТIелетар дина дукха хан йалале лецира Сергокалинскан кIоштан куьйгалхо Омаров Магомед, хаийтира РБК гIирсо шайн хьасташна тIетевжина. Цуьнан шиъ кIант а, йишин кIант а – Омаровгеран Осман, Адиль а, Амадзиев Iабдусамад а хиллера тIелеттачарлахь, йаздо бакъоларйаран органашкара белхахочунна тIетевжина ТАСС, "Интерфакс" агенталлаша.

ТIейогIучу хенахь – мангал-беттан 24-чуьра 26-чу дийне кхаччалц ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а тезет хIоттийна, ишта указана куьгйаздина Дагестанан куьйгалхочо. Цо бахарехь, гIаттамхршца нисделлачу тасадаларшкахь велла "15 сов полицин белхахо, ишта "кхин а масех могIарера вахархо", царлахь ву Дербентера православин килсера мозгIар Николай а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллийн зерашца, дарбанан цIийне охьавиллина 16 стаг - 13 полисхо а, кхоъ вуьшта вахархо а. Baza телеграм-канало йаздо, дарбанан хIусамехь кхин а 22 стаг вуьссуш хиларх.

  • Мангал-беттан 23-чу суьйранна Дербентехь бевзаш боцчу наха автоматаца герзаш диттира синагогана а, килсана а тIе. Синагогана тIелеттачул тIаьхьа цIейаьллера. Оцу хеначохь ХIинжа-ГIалахь бевзаш боцчу наха тIелетар дира ДПС-н постана. Кхин а цхьа герзаш деттар хааделира масех сахьт даьллачул тIаьхьа Сергокала эвлахь, Дербентана гена йоццучохь йу и.
  • Дагестанехула йолчу талламан комитетан урхаллехь бехкзуламан гIуллакх долийна терроран актах аьллачу артиклехула. Мехкан урхалхочо Меликов Сергейс дIахьедина, тIелеттачийн Iалашо хилла "йукъараллин хьолана дестабилизаци йар" аьлла. Меттигерчу бахархошака кхайкхамбина цо сапаргIат хила аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG