ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан муфтиятана цхьа а бух ца карийна никъабаш лелор дехка


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанан муфтиято хаамбина, бусулба динан нахана никъаб – бӀаьргаш доцург дерриге а дегӀ а, юьхь а юьззина дӀакъовлуш долу зударийн духар, гуттаренна а дехка бахьанаш ца карийна шайна аьлла, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Хила тарлуш долчу дехкарх лаьцна хьалхо дӀакхайкхийнера республикера муфтийс Абдулаев Ахьмада, цунна гӀортор йира Ӏедалан векалша а.

"Йеа мазхӀабан гурашкахь шариӀатан йозанаш кӀорггера теллинчул тӀаьхьа (бусалба динехь юридикан школа – редакторан билгалдаккхар), Дагестанан Республикан фатваш лучу декъехь тоъал бух ца го никъабаш юкъахь йехка сацам тӀеэца", - аьлла ду муфтиятан телеграмехь. Къаьстина билгалдаьккхина ду, и дехкар кхерамзаллин бахьанашца "цхьацца долчу хьелашкахь" юкъадаккха тарло, нагахь санна и барам цхьана ханна белахь аьлла.

Абдулаевс цхьа де хьалха кхетийра, никъаб лелор дехкар цхьана ханна дан мегаш хIума хиларх лаьцна – "регионехь йуьззина тийналла а, паргIато а" хIотталц – ткъа иза дуьстира коронавирусан эпидеми йолчу хенахь юкъадаьхначу дехкаршца. Цу кепара, фатвийн декъан позици дуккха а агӀонашца тера ю муфтис аьллачух.

Мехкан куьйгалхочуьнца Меликов Сергейца а, бахархойн юкъараллин векалшца а хиллачу цхьаьнакхетарехь Абдулаевс фатва арахецар дӀакхайкхийра. Иза хилира мангал-беттан 23-чу сарахь ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а килсашна а, синагогашна а тӀелатар динчул тӀаьхьа. ТӀелатар динарш божарий бара, царах цхьанна а тIехь никъаб ца хиллера.

Амма хӀетте а, цхьа могӀа Ӏедална гӀортор латточу динан а, Ӏедалан а, юкъараллин а гӀуллакххой арабевлира никъаб лелор дехка лууш. Цхьаболчара пачхьалкхан тӀегӀанехь дехкар хьийхира. Царах цхьаберш бусалба динца боьзна бац, ткъа оццу хенахь Къилбаседа Кавказерчу бусулба нехан Координацин центр а тIетайра никъаб йукъара йаккхарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG