ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ШариӀатан патрулийн" декъашхой лецна ГӀебарта Балкхаройчохь экстремизмна бехке бина – хаамийн гӀирсаш


Тырныауз гIалина чувоьддучуьра Баксанан чIожехь, ГIебарта-Балкхаройчоь
Тырныауз гIалина чувоьддучуьра Баксанан чIожехь, ГIебарта-Балкхаройчоь

Бехктакхаман гӀуллакх долийна ГӀебарта-Балкхаройчохь "шариӀатан патрулаш" кхоллар бахьана долуш, хаам бо "Сапа Кавказ", "База" телеграм-каналаша, шайн хьосташна тӀетевжина. Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а, Талламан комитетан а официалан ресурсашкахь и информаци тӀечӀагӀйина яц.

Телеграм-каналаша дийцарехь, шарӀан патрулаш олучу тобанийн декъашхоша "Тырныауз гӀалара нехан леларна тIехь терго латтош хилла". Ткъа шайн дахаран кепаш а, лелар а шайн динах къаьсташ болчу нахана тӀелетарш деш хилла цара. "Сапа-н" хаамашца, оцу тобанехь бархI стаг хилла, Baza гIирсо дуьйцу ворхIаннах лаьцна. Товбеца-беттан 1-чу дийнахь экстремистийн юкъаралла вовшахтохарх лаьцначу артиклца бехкзуламан гӀуллакхаш долийра царна дуьхьал.

Зорбане баьхначу хаамашца а догIуш, 2017-чу шеран зазадокху-баттахь кхоьллинчу оцу криминалан тобано болх бина йалх шарахь. Оцу заманчохь "шариIатан патрулан" бехках мел лаххара а 14 стаг лазийна, царех цхьаболчарна гIожмаш йиттина хилла, билгалдоккху "Сапа" телеграм-канало. Бехкебечех йалх стаг, Baza-с яздарехь, ГӀебарта-Балкхаройчохь лаьцна, ткъа церан хьалханча Москван кIоштахь.

Тырныауз гIала Нальчикна 90 чаккхарма генахь йу, Оьрсийчохь уггар лекха лаьмнашкахь йолу гӀала ю иза, кхузахь вехаш ву 20 эзар гергга стаг.

  • 2022-чу шарахь ГӀебарта-Балкхаройчуьрчу кхело бехкевира итт меттигера вахархо, Анзорей-эвлахь "шарӀан патрулш" кхолларна а, экстремистийн организацехь дакъалацарна а. Царна арахь такхийта хенаш туьйхира. Бехктакхаман гӀуллакхехь хьахийна билггал пхи эпизод йара: йиттина ши гӀуллакх а, кхерамаш тийсарх кхо гӀуллакх а. Масала, цхьана йоӀана а, цуьнан везарна а гIожмаш йеттар йу шаьш бохуш, кхерамаш тийсинера тIехь Iуьргаш долу джинсан хечеш лелорна а, хан йаьллачу хенахь доладелла леларна а.
  • Бакъонашларйархочо Орлов Олега боура "гӀиллакх-оьздангаллин патрулаш" – шариӀатан санна, гIалгIазкхийн а гучуйийлар кхераме а, къобал дан йиш йоцу а тенденци йу йоллу Къилбаседа Кавказехь аьлла.
  • Охан-беттан 23-чу сарахь Дагестанехь цхьа могӀа герзаца тӀелатарш дира полицин белхахошна а, килсашна а, синагогашна а. Цул тӀаьхьа Оьрсийчоьнан Ӏедалан векалша дӀакхайкхийра, республикехь йаьржина радикализм ю аьлла. Цуьнца цхьаьна юха а чӀагӀделла никъабаш лелор дехка мегаш хилар дийцаре дар – ша резахилар дIахаийтира Дагестанан куьйгалхочо а. Хууш ду, тӀелатар динарш божарий хилар, амма царах цхьаммо а никъаб лелош ца хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG