ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Францерчу нохчийн йукъаралло" кхайкхам бина махкахо вер талла аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Товбеца-беттан 7-чу дийнахь Францехь велла нохчийн мухӀажар Тайхаев Ислам - Кахорс гӀалахь цунна йиттинера ши де хьалха. "Францерчу нохчийн союзо" тӀедожийра Ӏедалшна и зулам сихонца таллар а, республикера мухӀажарш кест-кеста охьаховшучу кхечу кӀошташкахь кхерамазаллин тидам бар а.

Товбеца-беттан 5-чу сарахь гӀовгӀане кегийрхойн тоба тейан гӀоьртира Тайхаев, иза бахьана долуш кхетамчуьра валлалц йиттина цунна аьлла, дийцира Францерчу нохчийн союзан президенто Магомадов Рамзана (Басхан). Тайхаев коме вахийтира, амма иза кӀелхьарваккха аьтто ца баьлла. Юкъараллин организацино кхайкхам бина мехкан ницкъаллин органашка и зулам сихонца таллар доьхуш.

"Дукха хьолахь наркотикаш йухкучу нехан а, кхечу зуламан элементийн а бехках волайнхой нисло нохчий, менталитет бахьанехь, шайн кӀошташкахь хуьлуш долчунна бӀаьргаш къовла йиш йоцуш болу“, - элира диаспоран векало.

Магомадовс тӀетоьхна, 2024-чу шарахь оханан-баттахь Мирамас-гӀалахь цу кепарчу хьелашкахь велла 18 шо долу нохчо Мажидов Асхьаб аьлла. Францерчу хаамийн гӀирсаша яздира иза валарх лаьцна.

Адамийн бакъонашларъяран Amnesty International вовшахтохаралло кхайкхам бина Европерчу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчоьне дӀа ма ло аьлла. Францехь а, Германехь а, Полшехь а, Румынехь а, Хорватехь а Ӏедалхоша хӀинцале а махкахбаьхна тховкӀело йоьхуш болу нах, билгалдаьккхина рапортехь. Цу нахах дукхахболчарна "кхераме экстремисташ" цӀе тиллина хилла, церан динан, къоман билгалонашца, боху бакъонашларъярхоша.

  • 2024-чу шеран Чиллан-бутт болалуш Венехь депортацин набахте хьалха хилира нохчийн митинг. Иза лерина яра Австрерчу изоляторшкахь мухӀажарийн бакъонаш йохорна. Бахьана дара меттигерчу цхьана набахтехь Нохчийчуьра схьаваьлла стаг велла аьлла хаам бар.
  • Хьалхо Францехь лаьцна 18 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла жима стаг; Кавказ.Реалии сайта тӀехь дуьйцу оцу гӀуллакхах хууш дерг а, цунах лаьцна нохчийн диаспоран векалшна хетарг а.
  • Дечкен-баттахь Amnesty International организацино кхайкхам бира Евробертана юкъайогӀучу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчоьне дӀа ма ло аьлла. ЦӀахь царна тӀехь Ӏазап латтон, сийсазаллаш лелон атрло, йа Украинана дуьхьал тӀаме хьовсон а хьесап ду, бохуш дуьйцу бакъонашларйархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG