Нохчийчохь Украинехь хиллачу тӀамехь кхелхинчу декъашхойн берашна лерина "Къилбаседера Къилбе кхаччалц" аьлла акци вовшахтоьхнера. Цуьнан гурашкахь хьалхарчу классан дешархой кхойкху "СВО-н ветеранашца" къамел дан. Цхьаьнакхетаран коьртачу хьешах цхьаъ вара Якутехь таIзар дина хилла Евгений Ким. Масийтта шарахь дойъур ду шу бохуш, нахана кхерамаш туьйсуш, цаьргара бахамаш дӀалоьцуш хиллачу зуламан тобанан хьалханча ву иза.
Цу акцина ахча деллера Кадыров Ахьмадан фондо, цунах лаьцна кӀорггера информаци зорбане йаьккхира "Даймохк ларбархой" пачхьалкхан фондан социалан машанашкахь. Марсхьокху-бутт болалуш цигахь дийцира "Якутера лерринчу тӀеман операцин ветеранашкара" – Ким Евгенийгара а, Ельцов Алексейгара а рицкъ фронте дӀакхачорах лаьцна. Марсхьокху-беттан 27-чу дийнахь цара дӀабаьхьира Украинехь тӀамехь беллачу республикин бахархойн берашна, хьалхарчу классан дешархошна лерина "даздарийн барам".
2018-чу шарахь мангал-баттахь Ким Евгенийна 12 шо хан кхайкхийра Якутехь уггаре а лакхара кхерамазалла латточу набахтехь такха. 2013-чу шарера 2015-чу шаре кхаччалц цо, шен вешица а, вевзаш волчу кхин цхьана накъостаца а цхьаьна 18 сов низамехь йоцу транзакци йина нехан бахам бохкарца. Цара зенаш дина хилла цхьалха болчу баккхий нахана а, кхаа буоберана а. Динчу зенан барам 21 миллион сом бу аьлла.
Эцархочо хьалххе ахча дехьадаьккхинчул тӀаьхьа, шаьш тIелаьцна декхарш кхочушдан реза хуьлуш ца хилла талорхой. Хенал а хьалха ша Iехийна хилар гучудаьллачу буоберана кхерамаш туьйсуш хилла Кима немцойн жен жIаьлица а, арбалетца а, хаамбора Саха республикан прокуратуро.
Кхелан сацамера хаамца, 2030-гӀа шо тӀекхаччалц набахтехь Ӏен везаш вара Ким Евгений. Украинерчу тӀаме иза муха кхаьчна а, дуьззина хууш дац. "Даймохк ларбархой" цӀе йолчу фондо билгал ца йоккху цо тIеман гӀуллакх дина меттиг, амма меттигерчу телеграм-каналаша йаздо, йийсархо ЧВК "Вагнеран" декъахь тӀаме вахана бохуш.
- Москван кIоштара Коломна гIалара номер 14 йолчу школан йоьалгIачу классера дешархошна Керла шо тIекхочуш "Ахмат-Сила" дешнаш тIейаздина кружкаш а, Кадыровн йишин кIентан куьйгалле дIайеллачу Danonе компанин продукци а йийкъира. "Ахмат" спецназан буьйралла дечу Алаудинов Аптис дIахьедира, дешархоша "йеххачу заманчохь" нохчийн тIеман дакъошна маскировкин гIирс а, окопаш чохь дагон чIурамаш а деш хиллера аьлла.
- Краснодаран мехкан Северскан кӀоштахь 2024-чу шеран чиллан-баттахь Украинехь байинчу махкахойн цӀераш тӀехь мемориалан у схьадиллира. Царлахь вара даккхий зуламаш дарна бехкевина ЧВК "Вагнеран" масех йолахо а. Масала, цу кӀоштарчу бахархошна хьоьху Рябинкин Сергейн историх "дозалла дар". 2021-чу шеран чиллан-баттахь 11 шо хан тоьхнера цунна, шеца цхьана Iаш йолчу зудчунна лийна аьлла, шен нана йерна.
- Къилбаседа ХӀирийчоьнан Ӏедалша 250 миллион гергга ахча хьажийна дронаш лелон Iамочу дешаран программашна лерина. Ткъа 40 миллион гергга ахча дойур ду и дронаш Нохчийчуьра школашка кхачош. ГӀебарта-Балкхаройчуьрчу кегийрхойн центро ахча лур ду дронийн операторш Ӏаморна, ткъа Волгоградан кIоштара берийн центрехь ваканси схьайиллина БПЛА-н пилотан. Цул совнаха, шаьш хьехархой а Ӏамор бу дронех пайдаэца. Дешарна милитаризаци йина хилар гойту Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан къилбан а регионашкара тӀаьхьарчу хенахь гучудьалла масех масал бен дац хIорш.