ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло комментарий ца йира Кадыровс сенаторна а, шина депутатана а кхерамаш тийсарна


Кадыров Рамзан а Песков Дмитрий а (коллаж)
Кадыров Рамзан а Песков Дмитрий а (коллаж)

Кремлан векал Песков Дмитрий комментарий йан реза ца хилла Кадыров Рамзана сенаторна Керимов Сулейманна а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташна Барахоев Беханана а, Курбанов Ризванна а дуьхьал чIир кхайкхо кхерамаш тийсарх лаьцна. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо бехке бира уьш, ша вен кечам беш бара бохуш. Песковс хьехар дира Кадыровна, нагахь санна, вен кхерам белахь, полице латкъам бе аьлла.

Интерфаксо йаздо, хӀора денна дӀахьочу брифингехь журналисташа Песковга комментари йар доьху, "Оьрсийчоьнан цхьана регионан куьйгалхочо сенаторна а, шина депутатна дуьхьал чIир кхайкхорна кхерамаш тийсарх лаьцна".

"Оха цу хьолана комментари ца йо. Нагахь санна, цхьа кхерам белахь, муьлхха а вахархо бакъо ларъйаран органашка латкъам бан аьтто болуш ву. Цара низамца шайн болх бийра бу. Кхин комментареш ца оьшу кхузахь"-элира Песковс.

ГIадужу-беттан 9-чохь- Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша чIир кхайкхор йу аьлла кхерамаш тийсира, Дагестанан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхочунна, миллиардерна Керимов Сулейманна, нагахь санна Нохчийчоьнан куьйгалхо вен омра дала гӀортарца ша гунахь вац аьлла, тоьшаллаш цо ца дахь. Изза кхерам бу ГӀалгӀайчуьрчу Пачхьалкхан Думин депутаташна Барахоев Бекханна а, Дагестанера схьаваьллачу Курбанов Ризванна

Курбанов Ризвана шен зорбане йаьккхинчу видеохь, дIахьедар дира Кадыров вен кечдарехь ша дакъалаьцна ца хилар, иштта дIахаийтира дира Барахоевс а. Керимов Сулеймана комментари ца йира. Оцу йукъанна Керимовна "Дагестанан сийлахь вахархо" цӀе йолу дашо орден йелира, иштта регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс дош делира сенаторна гӀортор йийр йу аьлла.

  • Цу кепара республикан куьйгалхочо дуьххьара комментарий йира гезгмашан-беттан 18-чохь Оьрсийчоьнан уггаре а йоккхачу Вайлдберрис маркетплейсан Москварчу офисехь хиллачу герзаш деттарх лаьцна. Кадыровс хиллачух "денна хуьлуш долчу бахьанашца, нах вовшашна дуьхьал латийта гӀертар ду" элира. Ткъа герзаш деттарехь дакъалоцуш хиллачу кадыровхошна дуьхьал долу бехкаш, шега схьакховдо деза аьлла, дIахьедар дира цо.
  • Керимов Сулейман а, Барахоев Бекхан а масийттаза хаавеллера Вайлдберрис а, арахь реклама йеш йолу "Русс" компанеш цхьаьнатоха луучу нахана юкъахь. И барт бахьана долуш Кадыров Рамзан йукъагӀоьртира Вайлдберрис маркетплейс кхоьллинчу Бакальчук Татьянин а, Владиславан а девна. Кадыров Рамзана дош деллера бизнесхочун Бакальчук Владиславан хӀусамненаца, Вайлдберрис компанин долахочуьнца Бакальчук Татьяница "йист йаккхаза Iийр вац" ша аьлла. ХӀун йукъаметтиг йу депутатан Курбанов Ризванан оцу гIулкхца, хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG