ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киево цхьа а гарантеш ца ло? Ичкерин тӀемалой а, Украинан махкалла а


Украинехьа тIемаш бен нохчийн тIемалой. 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 17-гIа
Украинехьа тIемаш бен нохчийн тIемалой. 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 17-гIа

Биъ бутт баьлча Украинехь болх бан йолалур йу пачхьалкхан бакъонаш эцар аттачу доккхур долу низаман проект, шайна йукъахь шайн лаамехь пачхьалкхан дуьхьа къуьйсуш болу лаамхой а болуш. Оьрсийчоьнан буьззинчу барамехь герзаца дӀахьочу агрессина дуьхьал пачхьалкх ларъйарехь дакъалоцуш болчу Нохчийчуьра нахана цу гӀуллакхо аьтто бо шайна легализаци йан. Амма уьш берриш а бац цу инициативах тешаш.

Юридикан конфликташ

Хийцамаш баран проектан кхеторан кехат тӀехь билгалдаьккхина ду, керла низам хьакхалуш ду Оьрсийчоьнан а, Белоруссин а бахархойх аьлла. Амма, нагахь санна, уьш эскаран а, Пачхьалкхан лерринчу транспортан сервисан а, Къоман гвардин а декъехь Украинан агӀор тӀом бина белахь, йа 2014-чу шарахь мехкан малхбалехь хиллачу тӀемашкахь дакъалаьцна белахь.

Масийтта нохчийн лаамхойн батальон йу арахьарчу легионан декъахь Украинехьа тӀемаш беш. Царах дуккхаъчарна даима а лазаме хилла махкахь легализаци йарца доьзна хаттар. Царех цхьана декъан, хан чекхъйаьлла Оьрсийчоьнан паспорт доцург, кхин цхьа а кехаташ цахиларна ца Ӏаш, машарца барт хилахь, шаьш Оьрсийчоьнан Федерацига дӀабаларна кхерам а бу. 2000-чу шерашкахь Нохчийчохь федералан эскаршна дуьхьал хиллачу тӀемашкахь дакъалоцуш дара нохчийн лаамхойн доккхаха долу дакъа. Царех дуккха а бу лехамашкахь.

Экстрадицих кхера бахьанаш бакъдолуш ду. 2018-чу шарахь Оьрсийчоьнан дехарца Украино дIавелира ГӀалгӀайчоьнан махкара Тумгоев Тимур, Шемарчу радикалечу тобанехь дакъалаьцна ву аьлла, бехкевина. ХIетахь Украинехь цара тӀедожийра Тумгоев дӀало аьлла сацамна куьг йаздина коьрта прокурор Луценко Юрий а, цуьнан гӀовс Енин Евгений а даржех ваккха аьлла. Ша Луценкос дӀахьедира, Украинин Ӏедалийн бакъо йац "Оьрсийчуьра массо а агӀор вайга чуоьхучу зуламан нахах махкахь хьоуьйла йан" аьлла.

Тумгоев Тимур
Тумгоев Тимур

Оьрсийчохь Нохчийчоьнан пхи вахархо вуьйш дакъалаьцна ву аьлла, хьийзош хилла нохчо Илаев Амхьад Iалашван ишта 2020-чу шарахь дуьхьало йира. И зулам иза Оьрсийчуьра дӀаваханчул тӀаьхьа хилла бохуш чӀагӀдора Илаевн адвокаташа: иза а, цуьнан жимах волу ваша а махкара дӀавахана шайн воккхаха волу кхо ваша меттигерчу ницкъхоша тIехь ницкъбина, вийначул тӀаьхьа. Оьрсийчоьнан шуьйра тӀелатар дале хьалха иза муьлххачу а хенахь махкара араваккха мегаш вара – цуьнан экстрадицин гӀуллакх хӀинца а луьстуш ду.

Украинехь легализаци йарехь коьрта проблема йара кхечу пачхьалкхан вахархочун лелаш долу паспорт дӀадала дезар а, даймахкахь хилла пачхьалкхаллех иза дIахаьдда хиларх тIечIагIдар эшар а. Делахь а, цхьаболчу нохчийн тӀемалойн хенаш чекхъйевлла паспорташ дара- Оьрсийчоьнан векалтехь уьш хийца гIортахь а, лаца тарлуш бара уьш.

"Генна дIахьажийна"

Нохчийчоьнан латархочо Iелас (кхерамазаллин бахьанашца цуьнан фамили ца йоккху оха) ши бутт хьалха Украинан коьртачу къайлахчу сервисца контракт а йина, миграцин сервисе кехаташ чуделлера цо.

Оьрсийчоьно суна кхел, таIзар дина вац аьлла тоьшалла лур ду аьлла хетий хьуна? Со цигахь террористийн тептар тӀехь ву

"Регионерчу тайп-тайпанчу хьаькамашна со дика вевзаш ву, меттигерчу тӀеман администрацино стохка тӀеман мидал йелира суна, сан кхин а тӀеман совгӀаташ ду. Цундела меттигерчу хьаькамашна лаьара суна ВНЖ-н кехаташ дала. Амма цара беш бац и сацам, Киеве сан кехаташ дIадахьийтар бен церан карахь кхин хIума дац. Цигара жоп делира, цкъа хьалха Оьрсийчоьнан векалтехь арахьара мехкашкахь лела паспорт а, кхел йина вац аьлла тоьшалла а, Оьрсийчоьнан Федерацин махкаллех дIахедаш чуделлачу кехатана деана жоп а хила деза аьлла. Цул тIаьхь а шаьш луьстур ду боху сан кехаташ. ГIурт ма бу иза", - бохура Iелас Кавказ.Реалии сайтан корреспонденте.

ТIеман заманахь и хIун тIедахкарш ду бохуш, латархо цецвуьйлу, шен ГРУ-ца дина контракт а, тIом балале хьалха дуьйга шен Оьрсийчоьнца хилла проблемаш лоруш. Нохчийчуьра шолгIачу тIамехь дакъалаьцна ву Iела.

"Со тешна ву, Украинан миграцин сервисо со лаьллинчух тера ду генна дIа. Уьш кхеташ ма бу, цхьана а пачхьалкхера Оьрсийчоьнан векалте чу а вахана, могуш-маьрша цу чуьра аравер ву аьлла, сан дегайовхо цахиларх. Нагахь санна цхьа делан къинхетамца аравалар сан нислахь а, Оьрсийчоьно суна дуьхьал айдина бехктакхаман гӀуллакх ца хиларан тоьшалла лур ду аьлла хетий хьуна?, - цецвуьйлу латархо.

Киевера иштта жоп деллачул тӀаьхьа иза кхин дагахь вац цигахь ваха бакъо йеха, хӀунда аьлча, иза эрна хета цунна: "Хьалха Зеленскийс дош деллера, тӀом бечарна махкалла далар аттачу кепе дерзор ду ша аьлла. Амма дерриг а дисира къамелашкахь".

Кхи цхьа тIемало Шамил а (цӀе хийцина) виссина оццу хьолехь - масийтта шарахь цуьнан аьтто ца баьлла Украинин кехаташ схьаэца.

"Оьрсийчоьнца бан безаш сайн бекхам бацахьара, со Европе дӀагӀур вара. Ахьа тIом бо, хьайн дахарна кхерам а болуш, безачу нахах волу хьо, гӀиллакх-оьздангаллина а, психологина а зенаш деш. Дала дегӀанана хуьлчу зенах кӀелхьара ваьккхина со - миграцин офисехь цара боху соьга: "Оьрсийчуьра кехат схьадахьа" – оьгӀазвахана ву Шамил.

Тхоьца къамелаш динчу нохчийн лаамхойн батальонашкара кхечара боху, Украинан миграцин сервисийн белхахоша шайн ницкъ мел берг до, Къилбаседа Кавказера нах, Оьрсийчоьнан Федерацин оппоненташ, Ичкерин агӀончаш легале ца бахийта а, оцу пачхьалкхехь церан массеран а йолу бакхонаш ца хилитйа.

"ХӀунда аьлча, оха оцу бакъонех пайда оьцур бу, тӀаккха хала хир ду царна тхо шайн кочара даха", - элира цхьана тӀемалочо.

Наха хоьтту: машарца барт хилахь, вай дIа-м лур дац-те?

Ӏелас дийцарехь, бахьана хила тарло иштта, шен даржехь болчу нахана Украинехь совца кехаташ схьаэцаран процесс низамехь билггал билгалъяьккхина ца хиларх а: "Билггал цхьа а схема ца хила тарло, со санна болчу нахана документ дӀадала йиш йолуш. Тарло, шаьш кхеташ доцчух Iитталун цара, цхьацца бахьанаш кхуллуш хила а, гӀуллакх ца дан. Дика хир дара, цара ма-дарра аьлча, сан гӀуллакхехь хӀун дан деза ца хаьа. ТIаккха суна кӀезиг стресс хир йара, Оьрсийчоьнера кехаташ да аьлла, со дIахьажийча хиллачул а".

Iела тешаш вац, махкалла даларехь бина хийцамаш белахь а, тIом бинчарна украинхойн паспорт далар аттачу даьккхинехь а, хьал кIорггера хийцалур ду аьлча. Цо бахарехь, иттаннашкахь эзарнаш нохчий бу дозанал арахьа Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан лууш, Къилбаседа Кавказера шайн мохк маьршабаккха лууш.

"Курскехь операци йолайелчхьана Европера эзарнаш нохчий зӀене бовлу Украинехь бехачу шайн махкахошца, шаьш тӀеман могӀаршка хIитта кийча ду бохуш", – чӀагӀдо цо. – Украино шаьш дӀалур дац аьлла тешам хиллехь, цIена бакъ ду-кх хьуна иза, кхузахь нохчийн кхин а алсам хир бара. Наха хоьтту: машарца барт хилахь, вай дIа-м лур дац-те? Гарантеш йуй? Хьан лур йу ишта гарантеш? Тхоьгахь тхайгахь а йац уьш".

Масийтта нохчийн тӀемалочо а дийцира редакцига, нагахь санна хьал Украинина пайдехьа а доцуш хийцалахь, шайн гIуллакх кхин тIе а телхар ду аьлла, кхерам шайгахь хиларх. Керлачу низамо шаьш цу кхерамах гуттаренна а паргӀатдохур ду аьлла, сатесна бу уьш.

2021-чу шарахь Къоман Кхерамазаллин Кхеташоно санкцеш кхайкхийра Шайх Мансуран батальонан буьйранчана ЧIебарлойн Муслимна а, кхин а масех тӀемалочунна а дуьхьал, уьш "ЛНР" а, "ДНР" а олучу тобанашкара Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратистийн ницкъашца къийсам латтош белахь а. Марсхьокху-баттахь Шайх Мансуран батальонан цхьана тобано дакъалецира Курскан кӀоштаца долу доза дохош.

ТIом бан керла мотиваци

Низам болх бан а доладелла, боккъалла а цо шен болх ма-безза бахь, боллу кхечу мехкашкара баьхкинчу нахана цунах йоккха стимул хир йу аьлла хета Нохчийчоьнан Ичкерин Герзахойн Къаьсттина лерринчу Ӏалашонан батальонна (ОБОН ВС ЧРИ) капелланна Адамна.

"Иза, бакъдерг аьлча, тахана шина цӀарна йуккъехь нисбелла массо а кхечу пачхьалкхашкара бахархой буьззина ларбар ду. Масала, Украинан агӀор тӀом беш болу Оьрсийчоьнан бахархой, бакъдерг аьлча, хӀинцале а зенаш хила тарлуш берш бу. Нагахь санна Украино уьш ларбахь, бахархойн бакъонаш луш, тӀаккха Ичкерин батальонашна хӀара вуно дика кхаъ бу. Ткъа Украинин Ӏедалшна а иза вуно пайде сацам бу: цкъа делахь, Украинех тешаш а боцуш, амма цу тӀамехь дакъалаца лууш хиллачеран хӀинца маьрша дӀакхета йиш йу; шолгӀа делахь, хӀинцале а Украинан агӀор тӀом беш болчу кхечу пачхьалкхашкара бахархошна, контракт ца дохон бахьана хир ду. Бахархой хилла дӀахӀиттийна уьш, эскарехь гӀуллакхдарна жоьпаллехь хир бу. Иза Украинана пайден ду, хIунда аьлча, тIамтIехь ницкъ оьшу",- боху Адама.

ОБОН ВС ЧРИ-н капеллан Адам
ОБОН ВС ЧРИ-н капеллан Адам

Махкалла а доцуш, Ичкерин паспорт бен доцу батальонан тIемало Зубайр ву. Керла низам болх бан доладелчахьана, цигахь ваха бакъо йеха дагахь ву.

"Ши бутт хьалха миграцин сервисехь хилира со, ВНЖ муха йаккха йеза хоьттуш. Цара дийцира соьга, махкалла доцу арахьара тIемалошна муха легализаци йан йеза, махкалла эцар муха аттачу доккхур ду боху хаттар Лакхарчу Радехь къасторе хьоьжуш ду шаьш аьлла. Со хӀинца сатуьйсуш ву, иза ма-дарра хааре, муьлхачу рогӀехь схьаэца йиш йу сан Украинин документаш", - элира тӀемалочо.

Делахь а кхелехь тӀемалойн гIуллакхаш луьстучу, Украинехь ВНЖ йаккха Iалашо йолчу юристо бохура, и процедура аттачу йоккхуш керла йукъадоккхучу хIумане ша цатешарца хьоьжу. Иза тешна ву эскархошна паспорташ доькъур дац аьлла.

Схьагарехь, цара коррупцица дӀалур ду документаш иштта дӀалуш ду хӀинца а

"Украинехь пачхьалкхалла эцар чолхе бюрократин процедура йу, билггал хууш дац, муха кхочушдийр ду [цхьалхадаккхар] практикехь. Со тешна ву, Пачхьалкхан миграцин сервисо низаман практикан декъехь дуккха а дуьхьалонаш хӀиттийна хиларх, хьалха а санна. ТӀаьххьарчу хенахь йукъараллехь кхохкийна хьал дара, и дIадаккхархьама керла низам тIеийцира. Нахана шаьш кхин цкъа а Ӏехийна хилар а, рогӀера эскалаци хир йуйла а хиъчахьана, масех шо дӀадер ду", - боху шен цӀе йаккха ца луучу адвокато.

Цо билгалдоккху, цигахь ваха бакъо эца оьшучу кехатийн тептара йукъара ца даьккхина хилар даймахкахь таIзар текхна вац аьлла кехат. Дисина Оьрсийчоьнан пачхьалкхера валарх тоьшалла эшар а.

"Украинан Герзахойн тӀемалочо муха кхочушдийр ду и хӀума? Хьо декхаре волуш, цара паспорт лур дац хьуна, деккъа хьан билгал йолу цIе тIехь кехат далар доцург. Хетарехь, цара иза а лур ду коррупцица, цара хӀинца а иштта дӀало документаш", - боху юристо.

Делахь а, цунна хетарехь, гIуллакх толур ду аьлла дегайовхо йу, Украинан Iедалша, мелла бахь а, беш болх бу миграцин низамаш тIемалошна аттачу дохуш.

"Амма цхьа хаттар а ду низамашца доьзна, низам болх бан доладеллачул тӀаьхьа кхаа баттахь хийца дезаш долу дуккха а хӀума ду цаьрца дозуш, амма уьш хийца ца тардалар - Украинехь лелаш йолу практика йу, - бохура юристо.

  • Карарчу хенахь Украинин эскаран агӀор тӀом беш ду нохчийн йалх дакъа: царна йукъахь йу Нохчийн Ичкерия Республикин ОБОН, леррина Ӏалашонаш кхочушйен шакъаьстина батальон. Украинехь болу нохчийн тӀемалой кечлуш бу, къаьстина батальонийн буха тIехь йозуш йоцчу Ичкерин жигара эскар кхолла, Оьрсийчоьнан Ӏедалх республика йозуш ца хилийтархьама къийсам латтор бу цо.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь Кавказ.Реалии сайта тӀехь дийцира Украинан эскаран агӀор тӀемаш бечу нохчийн лаамхойн батальонийн тӀемалойх лаьцна, Оьрсийчу депортаци йан царна кхерам латтарх а. Царех цхьаберш бакъо йоцуш баьхкина махка, ткъа вуьйш цигахь хила йелла бакъонан хан чекхъяьлла бара.
  • Батальоне кхача луучунна оьшу командирера, йа кхечу тӀемалошкара цунах тешош рекомендаци, шайна йеххачу хенахь иза а, цуьнан доьзал а бевзаш бу аьлла, церан хьалха хилла тӀеман кхиамаш а буьйцуш. Цул совнаха, Украинан кхерамазаллин сервисаша массаьрца а интервьюш а, аьшпаш къастош йолу тесташ а йо. ОБОН-ан тӀемалоша шаьш а дийцира Кавказ.Реалиин сайте шаьш муьлш ду а, стенна тӀемаш бо шаьш Украинехь а, шайна кхане муха го а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG