ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажирашна тховкIело ялар юхалиста дагахь ду Австрин Iедалш


Вена, Австри. Архивера сурт.
Вена, Австри. Архивера сурт.

Мигранташ массо а вочу хIуманна бехкебарна тIехь харжамашкахь тоьллачу политикех ву Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Кикл ХIерберт. Еари дийнахь цо дIакхайкхира, мухIажаршна тховкIелонах болу сацамаш шишша шо даьлча юхалиста богIу, аьлла.

ТховкIело йоьхучу хенахь мухIажарна даймахкахь хилла чолхе хьал цхьа хан яьлча хийцадала там бу элира цо. Масала, тIом цхьа хан яьлча дIабалахь. Цул совнаха, кхерам бахьана долуш бевддачу даймахка мухIажарш хьажа-хIотта эхар а тховкIело дIаяккха бахьана лара догIу элира Киклс.

Министро хьахийна болу хийцамаш хIинца а Iедало тIеэцна бац. Уьш цкъачунна цуьнан лаамаш бен бац. КесталгIа урхалло "кхерамазаллин кIира" олучу цхьаьнакхетаршкахь бийцаре бийр болуш бу уьш. Амма хIинцале а дуккхаъчу нахалахь гIайгIа кхоьллина цу дIахьедаро.

Австрерчу нохчашна юккъехь дикка хан а ю позитиваш дIайохурш йолуш ю боху дийцарш лелаш долу. Ткъа министро шен дIахьедар динчул тIаьхьа и кхерам кхин а алсам баьржина. Делахь а, дуьйцуш санна ирча дац хьал бохуш дийцира Маршо Радионе Лахарчу Австрехь социалан белхахо йолчу Эсмурзиева Мадинас.

ТховкIелонах болу сацам Iедало юхабаккхахь а, и стаг доккхачу декъехь махкал ара ца воккху элира цо: "Позитиваш дIаяхар Iедална гергахь ледарлонаш ялийтича долош ду. Иза тховкIело лучу хенахь Iедало шен сацамна тIехь билгалдаьккхина а хуьлу. Наха шайна белла сацам дикка боьшуш белахь, царна гур дара иза. ХIетте а, и процесс йолаяхь а, и бахьана долуш махкара арабаьхнарш чIогIа кIеззиг бу. Иза дIаяккхахь а, цунна метта Австрехь Iен бакъо ло. Нохчаша шайна юккъехь виза олу цу бакъонах".

Доккхачу декъехь тховкIелонах болу позитиве сацам дIабаккха Iедало хьовзийнарг, шена зеделлачуьнца, меттигера низамаш дохорца кортахваьлларг хуьлу боху Эсмурзиевас.

Я наркотикаш лелош гучубевлларш я террорхошца озабезамаш хиларца гучубевллачарна алсамох кхерам бу: "Дукхахберш наркотикаш юхкуш гучубевлларш бу уьш, сан статистикца. Иштта, масала, террорхошца симпатеш йолуш я царна агитаци еш гучубевлларш а бу. Вуьшта цIабахана гучубеллачарна юккъехь позитиваш дIаяьхнарш кхузахь суна хаабелла бац. И процесс дIайолийнарш хир бу. Iедало цхьа кхерам а тесина, битинарш а бу. Амма иза дIа а яккхина арабаьхнарш тхуна кхузахь хууш бац".

Нагахь санна Iедало цхьаъ тховкIело дIаяккха хьовзийнехь а, кхелехула шен бакъо къовса йиш ю цуьнан. Цул совнаха, Австрехь вуно дукха цхьаьнакхетараллаш ю мухIажарашкахь гIодоккхуш. Халох ду шерашкахь Iедалера позитиве сацам ца кхочуш, шайн кхолламе ладоьгIучийн хьал. Ишттачарна Оьрсийчу депортацеш яр алсамдаьлла.

XS
SM
MD
LG