ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкан диканехь-вонехь дакъалаца гIерта Австрера нохчийн кегийрхой


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Европерчу меттигерчу бахархошна юккъехь Iадат ду дика дарна ахчанаш хьежор а, гIийла а, хала а бохкучу нахана сагIа далар а, ткъа иштта вовшашна хазхетарш дар а.

Нохчийн а ду цунах терра шира Iадат -- белхий бар, я вовшийн вонехь-диканехь дакъалацар. Европехь и Iадат кхин а шорделла, нохчаша шайн ницкъ кхочучу кепара меттигерчу бахархойн вонехь-дикнехь дакъалацарца.

Иштта, масала, нохчийн кегирхойн тобано даханчу шина-кхаа шарахь аьхкенан тов совъяьллачу деношкахь шайн Iадат дина, шийла хи а оьций, и хи урамашкахула дIасалелачу нахана декъар. ТIейоьхна "Нохчийн кегирхойн цхьаьнакхетаралла" аьлла йозанаш долу белшахйохкаргаш а йолуш, тов хIоьттинчу деношкахь хи доькъучу кхиазхоша шайна мел а боккху, нохчийн кегирхошка Австрехь болу негативе хьежамаш боха а бо.

И тайпа диканаш деш акцеш дуккхаъ ю цу махкахь бехачу нохчаша дIахьош. Масех шо хьалха Австрехь дукха догIнаш а ихна, хи хьаьдда, баккхий бохамаш хилча, и хи сацон дамбанаш ян арабевлира могIарера меттигера бахархой а.

Цаьрца нийса дIа а хIиттина, хи сацорехь къахьийгира Австрехь бехачу нохчийн йоккхачу тобано. ХIетахь цу тобан декъашхо вара Венин вахархо Никархо ИбраьхIим а.

Цо дуьйцу: "И гIуллакх вовшахтоьхнарг Iумар бохуш цхьа кIант вара. Магистратера шена бевзачаьрца дийца а дийцина, долийнера цо иза. Кегий, баккхий а нохчий вовшах а кхетта, дахана, цигахь гIо дира оха. И хи хьодуш цо схьатеттина дукха сацкъар бара, иза дIабоккхуш дара тхо".

Цигахь иштта меттигерчу бахархошца къамелаш а деш, хаза Iийра шаьш бохуш кхин дIа а дуьйцу Никархос: "Вайн къоман и белхи баран Iадат хилар а дуьйцуш цаьрга. И хIума иштта динийла хиинчул тIаьхьа дукха нах зIене бийлира тхоьца, шаьш а догIур ма дара, бохуш. ГIо деш дакъалаца луурш чIогIа дукха бу кхузахь".

Хи хьаьдча, кхин болу Iаламан бохамаш хилча мичча хенахь а нохчийн диаспорерчу кегирошца зIене бовла шайн йиш ю хаьа хIетахь дуьйна Венерчу магистратийн белхахошна. Иза аьлла ца Iаш, шайн инициативеца а оьшучохь белшашгIортон луурш дуккха а хуьлу боху Никархос.

Масала, Iай ло диллича, цунах бохам ца хилийта гIо лацарца: "Австри лаьмнаш долуш меттиг ю. Ло чIогIа догIуш меттиг а ю хIара. ХIинца хIара Iа тIедогIучу хенахь дуккха а накъостий зIене бевлла тхоьца, ло а диллина, цо некъаш доьхкуш хьал хилахь, вайга ара а девлла, гIо дайта иза дIадоккхуш, бохуш. Даламукълахь, муьлхачу кепехь кху Iайн сезонехь нахана пайдехь долу хIума дан йиш ю хьовсур долуш барт хилла тхан".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG