Оьрсийчохь ницкъаллин структурашкахь тIе ца тоьачу белхахойн терахь 150 эзарал совдаьлла, цхьайолчу регионашкахь 90 процентана тIетоьаш бац "участковый" олурш, дIахьедина стохкалера шо доьрзуш федерацин Кхеташонан спикеро Матвиенко Валентинас. Нохчийчуьрчу бахархоша 2022-чу шарахь, Украинехь тIом болийначу йуьххьехь дуьйна а дуьйцуш дара, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь а, Росгвардихь а эскархойн кхачо йац бохуш. Стенца доьзна ду иза, муха и къоьлла дIайаккха хьийза мехкан Ӏедалхой – тхан редакцин материалехь дуьйцу.
Нохчийчоьнан Ӏедалш жигара хьийза Украинана дуьхьал бечу тӀаме полицин а, Оьрсийчоьнан къоман гвардин а белхахой хьежош. 2022-чу шеран мангал-баттахь ду-кх республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тӀечӀагӀдеш, йиъ керла батальон – "Север-Ахмат", "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Юг-Ахмат" – вовшахтоьхна шаьш аьлла. Оцу батальонашка дIаэцнера ишта ницкъаллин структурийн белхахой а цхьана. ТIамтIе баха луучу нехан къоьлла хиларна ду и ца бохура, чIагIдора белхахой лаккхара говзалла йолуш хиларна дина хIума ду.
2023-чу шеран гуьйренца Нохчийчохь ворхI полк а, батальон а, кхиндолу дакъош а вовшахтуьйхира, Росгвардин а, махкара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а декъехь.
Цул тӀаьхьа цхьа шо даьлча Украине хьажийра гӀалин а, кӀоштан а чоьхьарчу гӀуллакхийн урхаллийн белхахой а – оцу вовшахтоьхначу декъана а тиллира «Ахмат» цӀе, республикан таханалерчу куьйгалхочун ден сий деш. Цунна куьйгалла дан хIоттийра Невран кӀоштара чоьхьарчу гӀуллакхийн урхаллин декъан хьаькам Эдельгириев Ширвани а, Теркайистан кӀоштан полицин декъан куьйгалхо Ахметханов Сулейман а. ТIамтIехь буьсуш бу хIинца а Куьрчала кӀоштан полицин белхахой а, царна тIехь буьйралла деш ву цу декъан куьйгалхо Агуев Рустам. Лакхахь хьахийна лаккхарчу даржашкахь болу ницкъахой хIинца а лоруш бу Нохчийчуьра шайн даржашкахь. Оцу полицин дакъойн формалехь куьйгалла деш мила ву а, тIамтIе хьийсийначийн метта маса стаг балха эцна а, хууш дац.
Билггал терахьаш дац йиллинчу хьостанашкахь, мел лахбина Нохчийчохь полицин ницкъаш хаа. Украине хьийсийначу ницкъахойн терахь мел ду, хьесап дан аьтто бу республикан куьйгалло дечу цхьацца дӀахьедаршца.
Кадыровс тӀечӀагӀдина, 2022-чу шеран аьхке тӀекхачале Оьрсийчоьнан тӀеман министраллехь гӀуллакх дан дехьаваьккхина 800 гергга Нохчийчуьра чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллин а, Оьрсийчоьнан къоман гвардин а белхахой. Ишта гӀарадаьлла "мехкадаьттан комплекс" ларъйан аьлла, 2178 стагах дIайуьзна керла полицин полк кхолларх лаьцна а. И хаам зорбане баьккхинчу хенахь 600 стага дӀахьединера боху, цу декъехь гӀуллакх дан шайн лаам хиларх.
Цул тӀаьхьа цхьа бутт баьлча Нохчийчохь меттигерчу полицехь а, Росгвардехь а ши эзар сов меттиг мукъа йелира, ткъа тIеман гӀуллакх дан "вербовка" йеш дакъалоцуш бара меттигера динан дай а цхьаьна. Республикера хаамаш кхочура меттигера бахархой цу сервисах дӀакхета йукъаийзош бу бохуш. Нагахь санна хьалха полице балха воьдург кхаъ бала безнехь, ткъа 2022-чу шеран аьхка дуьйна ахча даккхар "йукъара даьккхира" Нохчийчохь, цкъацкъа керла белхахой лоьхучу заманчохь кхерамаш тийсара.
Кадыровна а, Кремльна а хьалхара вала луург кIезиг ву
Масала, Кадыровс кхерамаш тийсира республикера халла хене бовлучу доьзалашна Iедало луш долу ахчанаш дIахедор ду, нагахь санна, церан доьзалера божарий тIеман гIуллакх дан дуьхьал бовлахь аьлла. Иштта тIамтIе хьийсабора таӀзар деш а. Оцу бахьанашца Украинехь нисбелира, луларчу республикашкахь харцахьа лелла регионера бахархой. Бакъду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу нахах и таIзар хьакха ца делира.
И тайпа нах тӀаме хьийсош кепаш лелайо Нохчийчохь массанхьа а – цу махкара могӀарера бахархой кест-кеста лечкъийна буьгий, къайлахчу набахтешкахь латтабо, цигахь царна тIехь Ӏазап латтадо. ТӀеман министраллица контрактана куьйгаш йаздойту цаьрга бертаза, ца хуьлчу далахь харцонца бехктакхаман гӀуллакхаш дуьхьал а дохуш, набахтехь йаккха хенаш тухур йу бохуш, кхерамаш туьйсу царна. Лачкъийначех цхьаъ, Серноводскера вахархо Сасламбеков Шемил реза хилира, набахте воьдучул а тӀаме ваха, цигахь вийра иза.
"Дерриг а хийцадала тарло"
Нохчийчохь кхерамзаллин ницкъашлахь къоьлла хIоьттира полисхой йеххачу хенахь тIамтIехь а, Украинана оккупаци йинчу дозанаш тIехь а, Оьрсийчоьнан дозанца йолчу кӀошташкахь а латтор бахьана долуш. Маршо Радион корреспондентаца хиллачу къамелехь Гуьмса кIоштара полицин декъера дIаваьккхинчу вахархочо (оха цуьнан фамили йуьйцуш йац кхерамазаллин бахьанашца) Нохчийчуьрчу Гуьмсе гӀаларчу вахархочо Аьрсмика дийцира цунах лаьцна.
"Йуьхьанца дуьйцура ротацеш хӀора кхо бутт мел бели йийр йолуш йу, цул тӀаьхьа хан шозза йахйира, ткъа 2023-чу шарахь цхьаберш кхин а йеххачу ханна буьтура командировкехь. Йа цхьа кхин кеп йара - ши-кхо кӀира цигахь даьккхинчул тӀаьхьа, шен лаамца, дийцарехь, куьйгалле дехар деш хилла цара, шаьш кхин а цхьана ханна цигахь дита бохуш. Нохчийн куьйгаллина коьрта дара тIамтIе нах хьийсоран график ларйар, шайн кхерамзаллина цо деш зенаш делахь а", - аьлла дIахьедира цхьана хенахь ницкъахо хиллачо.
Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан тайп-тайпанчу дакъошкара белхахой бертаза тIамтIе бахийтаро цIеххьана лахдира низамашлардаран органашка балха хIитта луучу нехан терахь. Ишта элира Соьлжа-ГIалара политолого, цуьнан цIе йоккхуш йац редакцино, цунна цхьа хьовзам баларна кхоьруш. ХӀетте а, меттигерчу барамашца, цигахь лаккхара алапаш а, цхьаццца тайпа хьелаш а доллушехь, реза бацара Iедалан балха баха.
Эцца тылехь хан а йаьккхина, цIа догIур ду шу боху
"Тоххара дикка ахча а луш, республикера чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан могӀарех дӀакхета луучийн рагI хиллехь а, Орсийчоьно Украинехь тIом болийчхьана церан могIаршкара арабуьйлучийн рагI йахйелла го. Кадыровна хьалхара а, ткъа-ткъе итт шо хьалха шайн гергара нах байъинчу Кремльна а хьалхара бала лууш берш кIезиг бу", - бохура политолого.
Цо дийцарехь, ишттачу хьолехь меттигера Ӏедалхой, Москвана гергахь диканиш хила лууш, декхаре хуьлу цу гӀуллакхана буьззинчу барамехь кечам бина боцу нах тӀаме хьийсон. Оцу йукъанна Кадыров Рамзана леррина ларбо, Нохчйчоьнан администрацин а, Iедалан куьйгаллехь а болу шен дуккха а гергарнаш.
Европера Ичкерин агӀор болчу "Цхьааллин ницкъ" боламан векал Музаев Сайхан тешна ву, ницкъаллийн структурашкахь къоьлла латтар Украинера тIамтIе цара шайн белхахой хьийсорца доьзна хиларх. Контракт йинчул тIаьхьа, цига ца боьлхуш дуьхьалбийла церан бакъо ца хуьлу.
"Цара тайп-тайпанчу кепашца контрактна куьйгаш йаздойту цаьрга. Цуьнца цхьаьна дош ло, шаьш хьалхарчу могӀаршка хӀиттор дац, эцца тылехь хевшина а Iийна, цIа догIур ду шу бохуш. Масала, банкера кредиташ тIехь хилларш, Iехабеллера цара бохучух, цара шайн дерриге а декхарш дIатокхур ду, шаьш тIамтIехь хан йоккхуш аьлла", - бохура Музаевс.
Цунна хетарехь, ницкъахойн къоьлла йелахь а, тамаш бу-кх ма йуьйццу йоккха йелахь-м: "Шайн оьшу нах церан ишта а, вуьшта а хир бу, цуьнца церан цкъачунна проблемаш йац. ХIунда аьлча, ахча Москвара схьадоуьйтуш ду. Амма мичча хенахь а хьал хийцадала йиш йолуш ду".
- 2022-чу шеран аьхка Нохчийчуьра тIеман комендатурин белхахоша кехаташ йаздайтира балхахь боцчу божаршка, ницкъаллин структурашкахь, йа Оьрсийчоьнан тIеман министраллин дакъошкахь гIуллакх дан хIунда ца лаьа дуьйцуьйтуш. Аудио дIасайаржийра республикера бахархоша, Нохчийчуьра хьаькамашлара тхан редакцин хьасто а бакъдира иза.
- ХIинца Нохчийчуьра бахархошка "маьхза" балха оьцу шаьш боху полицин дакъошка, тоххара оьцуш хилла кхаьънаш ца дуьйцуш. Тхан редакцица къамелдинчо бахарехь, йеса лаьтта дуккха а меттигаш Iедалхойн дIайуза оьшу дела балха хIуттуш мах баккхар йукъара даьккхина ду.