2022-гIа шо ГIалгIайчохь доладелира республикан экс-куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан вешин хIусамна тохарш дарца, тIаккха чекхделира батIалхьажойх лаьтташ йолу кадыровхойн батальон кхолларца. Зевне хилира лоьрийн ледарло бахьанехь йалх берийн жима нана перинаталан центрехь коме йожар. Иштта регионан дахарехь хийцамаш бира Украине чугIортаро а. Дайначу шеран коьртачу хиламех лаьцна Кавказ.Реалиино шен материалехь дуьйцу.
Украинаца тIом
Дайначу шеран коьрта хилам бара буьззинчу барамехь Украине чугIортар. БIаьста дуьйна хиира, Троицкое эвлахь куп тоьхна йолчу 503-чу мотострелкован полкан эскархой тIамехь дакъалоцуш хилар. Гезгмашин-беттан 21-хь мобилизаци йолийначул тIаьхьа республикера бахархойх маса стаг Украине хьажийна хIинца а билггал хууш дац. Меттигерчу адвоката дийцарехь, гIадужу-беттан 21-хь мобилизаци йерзийна аьлла хаам бинашехь, амма республикехь и хIинца а дIахьош йу.
ГIалгIайчоь эскархойх уггар кIезга эшамаш хиллачех цхьа регион йу – карарчу хенахь тхуна 36 стеган кхалхарх лаьцна хаьа. Чиллан-беттан 24-хь дуьйна Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а мел кIезга а 1920 стаг вийна – диллинчу хьасташкара бу и хаамаш, баккъала болу эшамаш кхин а дукха хила тарло.
Доккхачу декъанна Украинехь байъина болу ГIалгIайчоьнан бахархой – уьш контракташца кеп-кепарчу тIеман дакъошкахь болх беш хилла нах бу. Амма шеран чакхенехь хиира, кадыровхойн "Ахмат" спецназан декъехь батIалхьажойн сиха реакци йаран тоба (БОБР) кхоьллина хилар. БатIалхьажойн вирдера 31 стаг ву цигахь дакъалоцуш. Редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, 2020-чу шарахь гIалгIайн "Э" центран куьйгалхо вийначул тIаьхьа ницкъахоша шаьш хьийзорна оцу кепара кIелхьарабовла гIерта уьш. Йукъараллин векалша бахарехь, лаккхара полисхо вийначул тIаьхьа цхьа кIира а ца делира ницкъахой царах цхьаннан хIусаме ца хьоьжуш.
Эскархойх хьакхаделла ца Iа Украине чугIортар – 2022-чу шарахь хуьлучунна реза мел боцу республикан бахархой Iедало хьийзабора церан тIамна дуьхьал йолчу позицина тIехула. Масала, ГIалгIайчоьнан Талламан комитето масех административан а, бехктакхаман а гIуллакхаш долийра "фейкаш" йаржорна а, оьрсийн эскарна дискредитаци йарна а артиклашкахула, тIаккха Роскомнадзоро хаам ца беш дIакъевлира "Фортанган" сайт. Оцу зорбанан коьртачу редакторна Евлоева Изабеллина дуьхьал кхоалгIа бехктакхаман гIуллакх долийна "фейкашна" тIехула, цуьнан ден-ненан хIусаме а хьежна ницкъахой.
Амма республикехь дIахьош тIеман пропаганда йу хIинца а. Товбецан-беттан 30-хь Несарарчу Бертан майданехь бевзаш боцчу наха машенахь агитацин кехаташ доькъура наханна, Украинерчу тIамехь дакъалацаре уьш кхойкхуш, иштта телехьожийлехула а тIаме кхойкхура меттигера бахархой. Хетарехь, нах тIаме кхайкхар ледара дIагIуш хиларца доьзна хила тарлора и – машанехь видео арахийцира, цу тIехь ГIалгIайчоьнан вице-премьера Евлоев Мохьмада балхара дIабахарца кхерамаш тийсира шен куьйгкIеларчу наханна, гIалгIайн росгвардихой кIиллой бу аьллера цо, уьш тIаме баха дуьхьал хиларна. Бехказа вийла дийзира хьаькаман.
Луларчу пачхьалкхе тIамца чугIортар шайх хьакхаделла ГIалгIайчоьнан лаккхарчу хьаькамех – 2022-чу шарахь Американ, Европан, Британин, Украинан санкцешна кIел нисбелира уьш. Масала, оцу пачхьалкхашкахь бахам, йа бизнес лело йиш йац республикан куьйгалхочун Калиматов Махьмуд-Iелан а, гIалгIайн безнесхочун Гуцериев Михаилан а, цуьнан гергарчу нехан а, ГIалгIайчуьра хилла волчу депутатан Газигиреев Юшаан, ГIалгIайчоьнан хилла волчу куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан а, Федерацин Кхеташонан декъашхой болчу Барахоев Мухарбекан а, Хамчиев Белан а.
Кадыровца керла дов
Шо долалуш гIалгIайн динан гIуллакххой Нохчийчохь оцу республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца цхьанакхийтира, цунна мера а беттабелира. 2018-2019-чу шерашкахь шайн латтанаш Нохчийчоьнна дIадаларна тIехула йаккхийра митингаш хIиттийна йолчу ГIалгIайчохь критика йира царна. ТIаьхьо цхьанакхетаран цхьаволчу декъашхочо, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун Iуналлехь динан Урхаллин хилла волчу хьалханчас Хадзиев Яхьяс бехк ца биллар дийхира хиллачунна тIехула.
Цунна оьгIазе хилира Кадыров. ГIалгIайчоьнан бахархой гIора доцуш бу аьлла бехк боккхуш, критикашка шога дIахьедарш дира цо. Шайгара латтанаш схьадаьхна бохурш а йемалбира цо. "Шайгара латтанаш схьадаьхна бохучаьрга деш ду хIара къамел: шу нах ца хета тхуна, иштта тхайн йуьрташ схьа а йохур йу", - дIахьедира нохчийн куьйгалхочо.
Кадыровс гIалгIашна ультиматум хIоттийра, ша мостагI хетачу нахе "шегара баьлла бехкан барам а, шена догIу таIзар а" билгалдаккха аьлла, кхо де делира цо оцу гIуллакхна. Кхайкхамна жоп делира цхьамогIа йукъараллин гIуллакххоша, шайн декъехь "Мехк-Кхел" вовшахтохараллин хьалханчех цхьаъ волчу Султыгов Сараждин а, гIалгIайн политикан тутмакхан Барахов Ахьмадан кIант Илез а волуш. Шен дех лаьцна динчу шогачу къамелах бехк ца биллар деха аьллера цо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга. Кадыровс Барахоевца телефонехула къамел дира, агIонаша бохура, дов листина даьлла, тIаккха масех де даьлча Кадыровс Нохчийчоьнан зорбанан министрана Дудаев Ахьмадна тIедиллира, машанера муьлхха гIалгIашна критика йеш материалаш дIайаха аьлла.
ХIусаме хьежар, нах лечкъор, нах байъар
Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсан, республикан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан вешин долара хIусамна герз деттарца доладелира дайна шо ГIалгIайчохь. Дечкен-беттан 1-хь бевзаш боцчу наха бархIазза герз туьйхира машен чуьра цуьнан Сунженскан кIоштера Троицкое эвлара цIийнан корашка. ХIусамехь кибарчкийн пен бохийра, кораш кегдира, амма цхьа а ца лазийра. Зуламхой карийна бац хIинца а.
Дечкен-беттан 26-хь бевзаш боцчу наха Несарарчу доларчу хIусамна герз диттинера – республикан хилла волчу куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан Iуналлехь йолчу динан гIуллакхашкахула йолчу урхаллин куьйгалхочун Сагов Ахьмадан цIа дара и. Хиламехь наханна зен ца дина. И даран бахьана дуьйцуш версеш йац официалехь, амма, Сагован Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца йолчу йуххерчу йукъаметтигашца доьзна хила мега и – тIелатар хилале гIалгIайн делегацин декъехь вара иза.
Бевзаш боцчу наха тIелатар дина аьлла дечкен-беттан 31-хь полице арз дира "Мекх-Кхел" вовшахтохараллин куьйгалхочо Султыгов Сараждина. БIаьрса ледара долуш, лартIахь хIума гуш воцучу цо бахарехь, божарий шен петар чу а лилхина, шена тIелеттера. Камерашна тIехь гуш бу тIелатар динарш: уьш Нохчийчуьра ши стаг а, ГIалгIайчуьра Идигов Зураб цIе йолу стаг а ву. ТIаьхьо царах шиъ дIалецира, амма административан 10 де-буьйса чохь а даьккхина, маьршабевлира уьш. ГIалгIайчоьнан вахархочун вада аьтто баьлла, хIинца а лехамашкахь ву иза.
БатIалхьажийн вирдерчу нехан хIусамашка хьежаран а, уьш дIалецаран а шо дара 2022-ниг
Чиллан-беттан 6-хь Соьлжа-ГIала боьдучу новкъахь тIепаза байра ГIалгIайчуьра Арсаев Адам а, Къилбаседа ХIирийчуьра Гаглоева Римма а (паспортехь Джеренидис Екатерина). Дубай-Соьлжа-ГIала рейсаца гIала кхаьчнера Гаглоева оцу дийнахь. Арсаев такси тIехь болх беш вара, шен цIа йуьгуш йара цо иза, тIаккха и ший а зIенера дIаделира. ГIалгIайн Соьлжа эвлан уллохь карийра Арсаевн машен. НеIарш йиллина йара, цу чохь машен лелочун а, чохь хиллачу зудчун а долара хIуманаш карийра, кехаташ, мобилан телефонаш, долара хIуманаш а йара цигахь.
ГIалгIайчоьнан Талламан комитетехь Гаглоева Риммин гергарчу стаге хаам бира, къайлабевлларш нохчийчуьрчу цхьадолчу полицин декъехь бу аьлла, Iуьйранна маьршабохур бу бохура уьш, аммма тIаьхьо и хаамаш харцдира цара. Гаглоевс иштта дийцина, тIечIагIбина боцучу хаамашца, Арсаевн машенна тIаьхьа йогIуш кхин а цхьа машен хилла, хетарехь, цу тIехь йуханехьа Нохчийчу дIадигина и шиъ. ГIалгIайчохь ши адам дайна аьлла бехктакхаман гIуллакх долийра Талламан комитето, амма ша таксихо а, цо схьайалош хилла зуда а хIинца а карийна дац. Нохчийчохь масех шо ду буозбуончаллаш лелочу наханна Iедал тIаьхьдаьлла хьийзаш.
Гезгмашин-беттан 20-хь ГIалгIайчохь тIаьххьарчу хенахь уггар зевне долчух цхьа зулам дира – дийнахь Несарахь герз диттина вийра 2009-чу шарахь вийна волчу республикехь вевзаш волчу оппозицихочун, бизнесменан Аушев Макшарипан ваша. Камерашна тIе дIадазира и вер, амма цуьнан бахьана чIир йу боху. Талламан комтето бехктакхаман гIуллакх диллира – зуламхо билгалваьлла вац элира хьукматехь.
БатIалхьажийн вирдерчу нехан хIусамашка хьежаран а, уьш дIалецаран а шо дара 2022-гIа шо. "Э" Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верна бехкебо уьш. Талламан хамашца, зулам дарна гунахь бу аьлла батIалхьажойн вирдера 40 стаг билгалваьлла Iедална. Ницкъахой бевзаш болчу батIалхьажойн хIусамашка хьийса буьйлабелира, масала, баккхийрачу бизнесхойн, республикан контролан-зерийн палатин куьйгалхочун, Къоман гуламан депутатийн а хIусамашка. ГIалгIайн Социалан страхованин Фондан куьйгалхочун даржехь шортта ахча дохкарна бехкевира Белхороев Якъуб, 2022-чу шеран лахьан-баттахь исс шарна набахте хьажийра иза.
2022-чу шеран гIуран-беттан 12-хь Эльджаркиев верна тIехула таллам бирзина аьлла хаам бира Талламан комитето. Терроран йукъаралла кхолларна, теракт кечйарна, низамехь доцуш герз лелорна бохучу артиклашца кхел йийр йу 13 бехкебечарна. Йаккхийра хенаш тоха кхерам бу царна, валлалц хенаш тоха а мега ур-атталла.
Амма лахьан-баттахь батIалхьажошна тIехIоьттира Кадыров Рамзан – цо дIахьедира, лецначарлахь бехкебоцу нах бу аьлла. Иштта Кадыров реза ца хилла "батIалхьажойн террорхойн йукъаралла" бохучу дешнашна, ала йиш йоцуш, сонта дIахьедар ду аьлла цо и. Вирдан цхьаболчу декъашхоша бахарехь, цул тIаьхьа хIусамашка хьежарш севцира. Эксперташна хетарехь, Кадыров йукъагIортарна дуьхьал кхоьллина вирдо Украинехь тIом бан Iалашонца батальон.
Лахьан-баттахь хIусамехь ницкъбарх йедда йолу Гиреева Лайла Санкт-Петербургерчу петарара лачкъо гIоьртира цуьнан гергарнаш. Бакъоларйархойн гIоьнца дIайаханера йоI – шена гуттара а полицехь болх бина хилла волчу дас йеттара бохуш дийцина цо. Цул сов, антидепрессанташ мийла а, имамашка шена "дарба" леладайта а декхаре йора и дас-нанас, хIунда аьлча Гиреевана ша Делах тешаш йоцуш хета. Масех сахьтехь латтийра иза полицехь, гIалгIайн МВД-н белхахой схьа а баьхкина, цаьрга иза дIайигийтталц Iалашонца. Ах буьйса йолучу хенахь Лайла дIахийцира. Хууш ду, хIума лачкъийна аьлла гергарчу наха лехамашка йелла хиллера иза – оцу гIуллакхехула муьлхачу статусехь даккъалоцуш йу Лайла хууш дац.
ГIалгIайчохь а, кхечу регионашкахь а доьзалехь ницкъ ловш долчу зудаберийн хьолах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцино "Марем" тобанан кхоллархочуьнца, Кавказехь болчу зударийн хьолах лаьцна йаздечу "Даптар" зорбанан коьртачу редакторца Анохина Светланица дийцира.
ГIалгIайн гIуллакх
Нохчийчоьнца долчу дозанашна тIехула йолу протесташ ГIалгIайчохь дIатийна диъ шо даьллехь а, церан тIаьхьалонаш дайначу шарахь а хаалора. ГIалгIайчоьнан вахархо Дугиев Рамазан чиллан-беттан 14-хь Нальчикехь лецира, шен хIусаме хьежначул тIаьхьа талламхочунна ша тIе вахча. Оцу гIуллакхехула 53-гIа дIалаьцнарг хилира цунах. Дахарна, могушаллина кхераме болу ницкъ полисхочунна дуьхьал лелор бохучу артиклехула бехкевира иза Магасерчу митинган декъашхо санна, Ессентукерчу гIалин кхело арахь даккха 1,5 шо хан туьйхира цунна, цуьнан гIуллакхера политикан мотив дIа а йаьккхира.
Магасерчу митингехь ницкъбар сацадайта гIерташ хилла волу гIалгIайн ППС-н экс-белхахочунна гIадужу-беттан 14-хь цхьа шо хан туьйхира арахь йаккха, цуьнан гIуллакх йуха а теллиначул тIаьхьа дира и. Арахь йаккха хан иштта туьйхира 12 гIалгIайн полисхошна – тIедиллина омра кхочуш ца дарна бехкебина уьш. Простестхошна а, ОМОН-на йукъа дIахIоьттинера уьш, тIаккха къаношца цхьана дийхира цара гулабеллачаьрга дIасабовлар. "Чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахойн сий дойъуш" лелла уьш, аьлла хеттера гIалгIайн МВД-на. Оцу дийнахь и белхахой дисциплинаран жоьпалле озийна, тIаккха кхин а ши де даьлча, 2019-чу шеран зазадоккху-беттан 29-хь балхара дIабехира уьш.
ГIалгIайн гIуллакхан кхин а цхьа тIаьхьало йара ГIалгIайчоьнан муфтин Хамхоев Iийсан административан "митинган" артиклехула гIуллакх хан дIайьлла аьлла дIакъовлар. Новкъахь дукха нах баларна тIехула Iеламнехан гулам хIотторна иза бехке вира. Митинг дIайахьаран низамаш дохийна аьлла йолчу артиклехула кхел йира Хамхоевна.
Дарбан цIийнашкахь ледара лелар
Молучу хин къоьлла хилар, лоьраша ледарлонаш лелор, берийн хьукматашна тIекхочийла цахилар – ГIалгIайчохь рогIера кхачамбацарш ду уьш. Кху шарахь а хилла иштта. Шо долалуш скандал иккхира перинаталан центрехь, цигахь Iуьллуш хиллачу Аушева Мадинин гергарчу наха лоьраш бехкебира цуьнга ледара хьовсарна, тIаккха йалх берийн нана коме йоьжнера доьзалхо дуьненчу ваьллачул тIаьхьа. Оцу дарбан цIийнна бина дуьххьара латкъам бац и, Кавказ.Реалиино ма-дарра дийцира, оцу лоьрех зен хиллачу нахах лаьцна.
Росздравнадзоро а, ГIалгIайчоьнан Iедало а талламаш болийра перинаталан центрехь. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас хаам бира, центран коьрта лор Халухаева Людмила балхах йаьккхина аьлла, тIаьхьо гучуделира, зуда балхах садаIа йахана хилла хилар, и чекхйаьлча шен болх кхин дIа бира цо.
Операцин стоьла тIехь йалх шо долу кIант валарх лаьцна йара рогIера истории. Марсхьокху-беттан 24-хь бер турник тIера охьадоьжнера, масех дийнахь цуьнан хьал чолхе долуш дара, йалх лор хиллера цуьнга хьожуш. Марсхьокху-беттан 28-хь кIантана операци йеш хиллера, тIаккха цуьнан дега Харсиев Алихане цуьнан кхалхарх лаьцна хаам бира. Лоьрийн гIалат ду элира дас оцу беран кхалхар, оцу версина тIетевжира Несарарчу ДРКБ-ра лор а. Ларлуш ца хиларна стаг верна артиклехула бехктакхаман гIуллакх долийра талламан комитето.