ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIийнех хьежар, лецарш. БатIалхьажойн векало дуьйцу доьзална тIаьхьабийларх


Белхороев Iамирхан
Белхороев Iамирхан

ДIадахначу кIиранах кхело кхин дIа а лаьцна витира, бакъо йоцуш герз латторна бехкевина бутт сов СИЗО-хь латтон ГIалгIайчуьра Чоьтан палатин куьйгалхо Белхороев Мустафа. Цул а жимма хьалха цуьнан вешина Белхороев Якъубна исс шо хан кхайкхийра набахтехь яккха, социалан страхованин Фондан ахча дайъарна а, шен доладаккхарна а, иштта герз а, патармаш а латторна а.

БатIалхьажойн суфийн вежараллин хьалханчех вара Белхороев Якъуб а, Мустафа а. 19-20-чу а бIешерашкахь ваьхначу шейхан БатIал-Хьаьжина тIаьхьенах ду шаьш боху цара. ЧIагIдо 2015-чу шарера схьа дуьйна шайна тIаьхьабевлла лелаш хиларх.

Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Белхороев Мустафан кIанта Iамирхана дийцира, хIун башхалла ю батIалхьажойн динах болчу кхетамна а, кхечу бусулбанаша лелочу динна а юкъахь, шена хетарехь, стенна тIехула лаьцна шен да, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан батIалхьажошца йолчу юкъаметтигех а.

– ХIун ду и батIалхьажойн вежаралла бохург?

– Кхечарел мел а къевлина юкъаралла ю и. Кхин йолу суфийн тIарикъаташ а санна, тхан вежаралла башха доккха дац. Масала. Кунта-Хьаьжин вирдера бу Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а дуккхахберш. Арсанов Денин юкъараллаш а, кхинйерш а ю. Цхьана хеначохь уьш кхоьллина а ю, Кавказера тIарикъатан агIончаша тIечIагIйина а ю ала мегар ду.

Дуьххьара Кунта-Хьаьжа волчахь ваьхна шейх БатIал-Хьаьжа, цуьнах дагавуьйлуш а хилла. Цхьа хан йаьлча ГIалгIайчу веана иза, Сурхахи аьлла, тхан дай баьхна эвла йиллина цо, цигахь хьехамаш бан а волавелла.

Динан Iалашонашца аьлча цхьана а тайпа башхаллаш яц тхан кхечу бусулбанех къаьстина. Амма дукха хьолахь тхайн вирдера зуда ялайо оха. И оха стенна до хьуна аьлча, устаз хийца йиш йац. Кхечу тIарикъаташкахь а гIерта дукха хьолахь иштта дан.

– Маца дуьйна буьйлабелла батIалхьажошна тIаьхьабийла, стенца доьзна дара и?

– Доккхачу декъанна дуьххьара доладелира и 2018-чу шарахь сан шича Белхороев ИбрехIим вийча, тхан хIусамех цул хьалха а хьуьйсура. Дуьххьара – 2015-чу шарахь сан да а, деваша а волчахь. Юха баьхкира тхоьга 2017-чу шарахь. ХIоразза а шаьш талламаш мел бо герз тосура цара. Уггар интересе дерг хIун ду аьлча, бехктакхаман гIуллакхаш ца доладора.

– ТIаккха стенна хьуьйсура уьш хIусамех?

– Со ца кхийтира, уьш хIун дан дагахь бара. МIара тосуш санна хуьлура. ЧIара тIетасалора, амма хьала ца озабора.

– Цхьана а тайпа девнаш хиллерий цул хьалха?

– Тхо Iедална мутIахь хилла ду даим. Царна дуьхьал ца дийла гIиртина тхо гуттар а, митингашкахь а, цхьанхьа а. Там бу цхьана кепара тхох лаьцна цаьрга цхьаъ дийцина хила.

Тхан вирд довзуьйтучу хенахь моьтту, тхан массо а олигархаш бу

– ХIун аьлла хета хьуна, мила хилла хир ву царна тIехьа лаьтташ?

– Тхайн вирдехь оха чIогIа леррина леладо дин. Масала, цигаьрка озарца а, маларца а чIогIа ду тхан. Вовшийн дерриш а девзаш ду тхо. Тхан вежараллина юкъара бевлла нах а бу. ДIаваханий – некъ дика хуьлда цуьнан, иза оха ца хьево. Тхоьца иза вогIуш вацахь – дала хьехадойла. Оха тхайн вирдах дIакъаставо иза, паргIат шен дахарца вахийта. Делахь а, иштта дIакъастар царна ца тов. Шайна цхьа баккъал болу нийса некъ карийна моьтту царна, бисинарш а оцу некъа баха лаьа царна. Ткъа тхо цунна реза ца хуьлу.

Цундела тхуна доцург дуьйцуш хила тарло цара, ца лалуш. ХIинца цхьацца пабликаш ма ю социалан машанашкахь цхьана Iалашонца БатIал-Хьаьжин вирдана дуьхьал, тхуна дискредитаци йеш, уггар хьалха тхешан къомана гергахь. Тхо – секта ю, экстремисташ ду боху цара. Амма тхо террорхойн юкъаралла яц -бакъоларйаран органашкара цунна тоьшалла ден кехаташ а ду тхоьгахь.

Мила ву цунна бехке аьлча, цхьацца шеконаш сан хила тарло, амма массарна а хезаш, церан цIераш ас йохур йац, хIунда аьлча, билггал уьш бехкехиларх тоьшаллаш дац соьгахь.

– Iедална дуьхьал шаьш цкъа а хилла дац элир-кх ахь. ТIаьххьарчу ткъе итт шерачохь виъ президент хийцавелла шун. Цаьрца хIоранца а юкъаметтигаш муха йара шун?

– Цхьаьнца дика яра, вукхуьнца вон яра. Масала, Калиматов Махьмуд-Iелица тхан цхьана а кепара юкъаметтигаш йац. Нейтрале йара Аушев Русланца. Зязиков Муратца дика йара. Евкуров Юнус-Бекца дуьххьара башха дика йацара, амма тIаьхьо дIанисйелира.

Тхан вирдехь цхьаьнгара гIалат даьллехь, нахалахь кхин а тIе докккха дуьйцу

Тхан вирд довзуьйтуш моьтту, тхан берриш а олигархаш бу. Бац! Тхан вирдехь къаьркъанца а, наркотикашца а дерг дихкина ду, тIаккха царна ахча даккхар бен кхин дуьсуш хIума ца хуьлу. Кега-мерса бизнес лелош дуккха а бераш ду тхан – мохь дIасакхоьхьуш йа гIишлошйарехь, тIулг биллар, тхов баккхар а, бетон йоттар а чIогIа карадирзина царна.

Тхан даим а нах хилла, ГIалгIайчоьнал арахьа а ахча доккхуш, регионехь инвестици йеш, цигахь кхиъна, цигахь баха лууш хиларна. Цундела кхузахь дуккха а объекташ ю тхан нехан долахь: базар, минералан хи кечден индустри, гIишлойаран компанеш.

Ишта-м тхан вирдехь низам дохийнарш а бу. Оха шогалла латтайо цаьрца, къийсам латтабо. Амма бакъду, тхан вирдера цхьаьнгара гIалат даьллий, иттозза дарста а дой, дуьйцу.

– Шун вежараллин доларчу йоккхачу бизнесах дерг аьлча, ала йиш юй иза низаман буха тIехь ю?

– ТIаьххьарчу итт шерашкахь тхох 15 стаг хилла лаккхарчу даржашкахь. 500 эзар бахархой бу республикехь, ткъа тхан вирдера 15 хаькам! Цундела олийла дац, Iедал оха дIалаьцна.

Цул совнах, некъаш, маьждигаш, тIайш деш дуккха а меценаташ бу тхан вирдехь. Тхан дай баьхначу Сурхахихь бюджетан чоьтах дина дац тIайш, нехан ахчанах дина ду. Масала, Наьсарера перинаталан центр тесна йара, экономикехь пайден ца хеттера проект. Амма кхечу стага, батIалхьажочо, шен ахчанах чекъйаьккхира иза. ХIинца а шен ахча юха ца дерзало цуьнга.

Иштачу наха белхан меттигаш йохку тхан регионерчу бахархошна, ГIалгIайчоьнан экономика кхиор ду иза. Вирдера пхи процент бен нах бац цигахь болх беш.

– Цхьа могIа талламаш бина, нах лецначул тIаьхьа шуьгахьа гIо стенна даьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана? Цуьнца хIун юкъаметтигаш ю шун?

– Iаламат дика юкъаметтигаш ю тхан тхешан вешица Рамзан Ахматовичца. 2014-чу шарахь ТIехьа-Мартанахь маьждиг схьадиллира цо БатIал-Хьаьжа вина, кхиъначу эвлахь. Устазах Кунта-Хьаьжех ву Кадыров, ткъа БатIал-Хьаьжа цуьнан дешархо ву. Дуккха а шераш ду батIалхьажой цуьнца уьйрашкахь болу.

- 2019-чу шарахь ГIалгIайчуьра ЦПЭ-н хьаькам Эльджаркиев ИбрехIим верна шун вирдера цхьа а гунахь вац аьлла, йан чIагIо юй хьан? Хьалхо 12 батIалхьажо бехкевинера цунна.

– Сан шича Белхороев ИбрехIим вер зуьйш, къаьсттина чIогIа гIуллакхаш толлу цхьа талламхо ву Северилов Алексей цIе йолуш. Цуьнан юрисдикцихь ду Эльджаркиев ИбрехIиман гIуллакх а. Тхан шича вер таллар сецна ду. Цхьанна а ца лаьа и гIуллакх чекхдаккха. Цхьана стаге барт хаьттина бац, билггал шеконаш йолчаьрга а ур-атталла.

Ткъа набахтехь латтош 12 стаг ву, Эльджаркиевна кIело йина аьлла, оццул федералан лехамашкахь а ву. Царех дукхаберш бехкебо Эльджаркиевна тIаьхьабевлла лелла аьлла, тхайн ваша вийнарг карон оха видеоматериалаш йара гулъйеш. И материалаш оха тхаьш ГIалгIайчуьра талламан комитете дIакхачийра, хIетте а талламхочо Севериловс дерриг а бIостане дерзийна, ЦЭП-н хаькамна тIаьхьа девлла тхо лелла аьлла.

Тхан доьзалца доьзна цхьа коррупцин гIуллакхаш толлуш вара боху Эльджаркиев. Суна-м жимчохь дуьйна вевзаш ма варий иза. Тхан вирд девзара цунна, гуттар а дика юкъаметтига яра тхан. Эльджаркиев тхуна дуьхьал вара аьлла, хIинца цхьанна сурт хIоттон лиъна-кх.

Тхуна хаьа, тхайн доьзална герз стенна кхуьйсу

– Шайн ваша верна цхьаннах а шеко юй шун?

– Талламо болх бе цу тIехь. Со тешна ву царна хаьа мила ву бехке, амма царна пайден дац цуьнан цIе яккхар. Террорхойн юкъаралла санна тхо гайта лаьа царна. Тхан вежаралла хила ца лууш цхьаъ ву. Талламчаша дахдо гIуллакх, материалаш тхоьга схьа а ца ло тIехь дерг хаийта.

– Шун да дIа а вуьгуш, долийна хилла цIийнах хьийсар, нах лецар хIинца сацийний?

– Стохка шо доладелчхьана схьадогIуш ду и цIийнах хьийсар. ХIетахь дуьйна набахте воьллина, герзаш тийсина 43 стаг. ЦIерашца охьабийца бевза суна уьш. Цхьа йоI йара царлахь, Кортоева фамили йолуш – наркотикаш тийсинера цунна, хIунда аьлча, цуьнга тапча карийна бохург тамашен хир ма дара.

– ХIунда хьулуш ду хIара дерриг а?

– Тхуна хаьа, тхан доьзална герзаш туьйсу. Эльджаркиев верца долчу гIуллакхехула террорхойн юкъаралла лерина тхо. Бехккъасторхоша а ца луьстуш, тIеман кхеле гIуллакх къастадайта оьшу царна и, хIунда аьлча, Эльджаркиев верна бехке мел бийраш гунахь хиларх цхьана а кепара тоьшаллаш дац.

Тхан вирдан векалш Москвахь а, Кавказан кхечу регионашкхаь а бехаш бу. ГIалгIайчохь бен герз хIунда ца тосу? Ишта муха хир ду, нагахь санна, тхо йоккха террорхойн юкъаралла ю бохуш хилча?

Оцу юкъанна, Кадыровс: "Уьш сектанташ белахь, со а ву сектант, уьш террорхой белахь, номер цхьаъ йолу террорхо со а ву" ма-оллура, талламаш бар сацийра.

– Шайн дена а цхьана герз тесна аьлла, дIахьедира ахь. Бахьана изза дара?

– Сан да лаьцна витина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун йишас, суьдхочо Калиматова Зинаидас, талламбарх къайлавала тарло иза аьлла. Амма иза лаккхара, болх беш хилла хьаькам ву, цуьнан доьзал бу, бахам бу. Стенна къайлавер вара иза? Сан дена тIаьхьабовларан цхьа бахьана ду аьлла хета суна, цуьнгара дарж дезаш цхьаъ ву. 2020-чу шарахь Чоьтан палате иза волчу кураторш баьхкинера, хьайн лаамехь дIаволуш кехат чудала деза ахь бохуш къедийнера цуьнга.

Калиматовца шен цхьанакхетар хилийта бохуш, дехар дира дас дийнна шарахь, амма цунна дуьхьало йо. 2020-чу шарахь талламаш бечу заманчохь, ФСБ-но цуьнан белхан документийн йоллу архив дIайаьхьира, хIинца а юхайелла яц. Экономикан зуламашкахула хIуммаъ ца карийра царна, цундела хIетахь да дIахеца дийзира церан, тIаккха кхин дIа а болх бира цо. И ду бахьана, цунна эххар а герз тасаран.

- Полицин дакъошкахь ницкъбарх дIахьединера тоххара шун гергарчара. ХIинца-м ца леладо царна тIехь Iазапаш?

– ХIинца гIело ца хьегийтинера сан дега, амма иза лоцучу хенахь, машен чу хаош коьртах тIоьрмиг боьллинера цунна скотчца дIа а боьхкуш. Кхул а хаьлха Iазапаш хьегнера цо. ХIетахь оха дIахьедира, амма и зулам талланза дисира.

– Шун гергарчарна адвокаташ тIе ца буьтуш, дуьхьалонаш-м ца йо?

– ХIан-хIа, амма сан вешин гIуллакхехула дIахьон кхеташонаш къевлина хуьлу.

– Шайн доьазелхь тIаьххьара кхайкхийначу таIзарх лаьцна – Белхороев Якъубан гIуллакхехула- хIун эр дара ахь?

– Дуккха а цамгарш ю цуьнца, масех операци йина цунна дукха хан йоццуш. 19 миллион лачкъйина бохуш, бехкаш дохку цунна. Стохка Путина хьийхира, экономикан зуламаш тIехула чу ма бохка аьлла. ЦIахь лецна буьту дуккха а миллиардашца курхаллаш лелийнарш, ткъа деваша исс шарна чувоьллина. Уггар интересе ду, цуьнан гIуллакх толлуш верг а изза Северилов хилар.

  • Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Талламан комитето экстремизмана дуьхаьло латторна Центран хьаькам вийна аьлла, бехке лоручу батIалхьажочо Белхороев Ильяса дийцира, шен дайшна Советан заманахь политикан буха тIехь тIаьхьабийларх лаьцна.
  • Кху деношкахь инфомаци гучуйелира машанехь, батIалхьажойн 31 декъашхочух лаьтта тоба Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан Университетехь" тIеман Iаморашкахь ю аьлла. Йолчу информацица, тобанан командир ву, герз лелорна а, стаг вен кIелоярна а бехкевина федералан лехамашкахь хилла Аушев Абубакар. Иштта лехамашкахь бу оцу отрядера кхинболу эскархой а. Iедалхоша оцу хаамах лаьцна комментарий йеш йац. Цкъачунна хууш дац, стенна кечбеш бу батIалхьажой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG