Кхуьучу заманах мел дIагIертарх а, нохчий а кIелхьара ца бовлабелла. Моьттина хир дара цхьаболчарна, кху заманахь уггаре а диканиг схьа а оьцуш, вониг тIе а ца лоцуш, лелар ду. Амма схьагучу суьртаца гучудолу, дика а, вон а цхьаьна догIуш хилар.
Кху заманна тIаьхьакхиа гIерташ, букъ саттийна къахьоьгу нохчаша. Церан дахаран коьрта Iалашо хийцаелла яц – доккха цIа дар, доьзалш дIанисбар. Уьш кхочушдан таро ца нисло. Цундела дукха доьзалш бу чохь зудчо а, цIийндас хирхаддалц болх беш. Дукха а бу царна юккъахь а зударша шайн цIийнадайшачул а ахча дукха доккхуш.
Кху замано нохчийн юкъараллина бо Iаткъам гойтуш хьал ду иза аьлла хета цхьаболчу тергамхошна. Царна кхерам го оцу цхьана жимачу хIумано божарийн сий хьошуш ду аьлла. И сагатдойтуш долу дела, нахе хаьттира "Маршо Радионо" царна муха хета: лахлуш дуй стеган сий цуьнан зудчо цочул дукха ахча доккхуш хилча?
Соьлжа-ГIалин вахархочунна Заурбеков Кюрина доьхна хIума ду аьлла ца хета иза. Шен зудчо кхин а алссам доккхуш далара иза бохуш хьаьгна ву иза: "Боьрша стаг вара ван-м шен доьзална ахча даккха дезарг. Нис ца ло-кх иза. Массо а хенахь таро а, могашалла а ца лаьтта. Зудчо балха ара а яьлла, болх беш хилча, цIийндена доккха гIо ду. Зудчо дукха даккхар, кIеззиг даккхар – иза стагах шех доьзна ма ду. Дависа, ялар-кха сан зуда иттазза кхин а дукха доккхуш. ТIаккха иттазза дика Iаш хир дар-кха тхо".
Цхьацца кхетам боцучу зудчо ша алссам ахча доккху олий тIехтуху шен цIийндена. ТIаккха стеган сий шен доьзалнахьалха охьадужу. Амма тIаккха а ша дуьхьал валахь а, кху заманахь иштта нислуш хIума ду-кх иза аьлла, халахетарца билгалдоккху Грозный кIоштан вахархочо Абдурахманов Ширванис.
"Зудчо сов ахча доккхуш хилча, иза хаа-м хьаха лур ду. Дика дац иза. Кху заманахь дуккха а зударий бу балхахь. Божаршна белхаш дац, дан хIума дац. Стага даккха дезаш дара ахча. Зудчо даккха дезаш а дацара иза. Зудчо ша ахча доккхуш хилча, мацца а тIехтухур ду. ТIаккха боьрша стага жимма вола-волуш юхаволу. Дика дац иза тIаккха", - дуьйцу цо.
ТIехьа-МартантIерачу Макаева Марьямана сий-ларам болчу доьзалехь тIехтохам хир бац аьлла хета. Цо иштта элира: "ХIусамнанас ахча алссам доккхуш хилча, оцу доьзалехьсий-ларам болуш далахь, и къамелаш цара дийр а дац.Оцу хIусамдена накъост хилар бен, кхин хIума а дац-кх иза. Мелхо а, хIусамдена дика хета дезаш ду-кх иза".
Хьалха-МартантIерачу вахархочо, ялх беран дас Хизиров Анзора доцца элира дуьйцучу гIуллакхах: "Дала ларвойла-кх зудун ахча а долуш, цIийнден иза дан а доцучу хьолах. Дала ма вуьсийла зудчо ахча а доккхуш цхьа а".
Боьршачу стеган шен амалх доьзна ду цуьнан гонах болчеран сий-ларам, аьлла хета Соьлжа-ГIалин яхархочунна Шамилева Разетан. Зудчо доккху ахча цигахь дуьйцийла яц, элира цо: "Зудчо мел дукха ахча даккхахь а, хIусамдас ша коьртехь вуй дIахаийта деза".
Зудчо ахча даккхар-м ца хаьа, цо болх бан беза аьлла а ца хета Теркан кIоштан вахархочунна Вагапов Мохьмадна: "Зудчунна оьшуш дац болх бан. Шен цIахь Iан еза иза. ГIуллакх дац болх бан".
Невран кIоштан вахархочунна Азимов Мохьмадна нахана юккъе яьллачу эвхьазлоно дукха хIуманаш хийцина аьлла хета нохчийн юкъараллехь.
Оцу ахчанах юкъаметтигаш йоьзна хиларо дохош ду вайн дайх диснарг а, элира цо: "Цхьайолчу хIусамехь, шортаахча цIийндас чудохьуш хилча а, цхьа ийман доцу зуда нисъелча, цо охьатаIаво стаг. Бусалба а, нохчийн а Iедалехь, стаг ахча даккхалуш хила везаш-м вара. Амма кху заманахь, я зудчуьнга, я зудчун амал йолчаьргий бен даккха-м ца ло иза, мел халахеташ делахь а".
Схьахетарехь, хIара зама хилла хир ю вайн баккхийчара йийцинарг. Цара кхоьруш дуьйцура, нохчийн гIиллакхаш хийцалур ду бохуш. Кху заманан наха башха терго а ца йо хуьлучу хийцамийн, амма селхана дийцар хьовха, дагадаийта а тамехь ца хеттарг, паргIата хьехош ду юкъараллехь. Зударша ахча божаршачул а дукха даккхар-м, цуьнца дуьстича, кхин даккхийчарах хIума а дац.