Нохчийчохь ницкъахоша меттигера бахархой лечкъабо хIинца а – сецабо уьш цхьа а бахьана а доцуш, официалехь дехкина бехкаш доцуш. ТIаьххьарчу беттанашкахь бакъонашларъярхоша тергойина хьал кхин тIе а телхина догIуш хиларан.
Марсхьокху-баттахь оппозицин 1АДАТ боламо хаамбира 21 стаг лачкъийна хиларх, цхьаболчийн цIераш а йохуш – Дашаев Зеламха, Мовлаев Мансур, Докаев Эми, Магомадов Мовсар, Ибрагимов Ислам, Израилов Асхьаб, Хасиев Зеламха, Докаев Асхьаб, МингебаевгIеран вежарий а. Царех цхьаберш полисхоша дуьххьара лечкъийна бац, делахь а, царех цхьа дакъа цIа бахийтина – ахча а делла, маьршабаьхна уьш.
1ADAT-н векало Янгулбаев ИбрахIима дийцира Кавказ.Реалиига, лечкъийначийн гергарчийн шайца ботехула йолчу зIенехула боламе бовла таро хиларх, амма тIаьххьарчу беттанашкахь оцу тайпа хаамаш кхочуш бац – тIом бахьанехь бахархошна тIехь ницкъахоша терго латтор чIагIделла. Цундела дукхахболчу нахах лаьцна 1АДАТ-на хаьа, республикехь къайлах болх бечу боламан жигархошкара.
И нах тхоьца зIенехь бу аьлла хета ницкъахой церан доьзалашна юха тIаьхьабевр бу
"Марсхьокху-баттахь статистикаан публикаци йинчул тIаьхьа цхьаболчу лечкъийна бигинчийн гергарчара дехар дира тхоьга иза дIаяккха аьлла. Делахь а, оха и ца до. Нах кхоьру, амма ас уьш кхетабо: зорбанера дIаяккхахь кадыровхошна моьттур ду, оха шаьш аьл-аьлларг кхочушдо. Цул совнах, царна тIе шеконаш ма эгайо цо: ницкъахошна моьттур ду, и нах тхоьца зIенехь бу, юха а церан доьзалашна тIаьхьабийла буьйлалур ма бу уьш", - боху Янгулбаевс.
1АДАТ-н тептарехь волчу цхьаннан накъоста къайлах ма дарра дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденте, иза билггал муха лачкъийна ву.
"Цуьнан гергарнаш бакъонашларъярхошка бевлла бац, хIунда аьлча, полицино дош деллера, хIинц-хIинцца шаьш дIахоьцур ву аьлла, - дийцина тешо. – Цул совнах, уьш кхоьрура, нахаладаккхаро цуьнан хьал кхин тIе а галдаккхарна. 1АДАТ-н канале язвелла ву аьлла, бехкевина иза полисхоша. Цунах лаьцна хиъначу каналан администарторша оцу кIантах лаьцна пост хIоттийра, иза Шуьйтан кIоштан РОВД-хь хиларх дIа а хоуьйтуш. Диъ де даьлча церан каналан ботехула яздира гергарчара, информаци дIаяккхар тIедожош. Нагахь санна, и хаам церан гергарчара шайга кхачиний кадыровхошна хиънехь, уьш шаьш а дIалоьцур ма бара", - дийцина къамелдечо.
Украине хьовсон кхерамаш туьйсу
Янгулбаевн дешнашца, тIаьххьарчу беттанашкахь Нохчийчохь дуккха а нах лечкъош йолийна ницкъахойн рейдаш алсамъевлла, ткъа лачкъийна вигинчух ахча доьху, ца лахь тIамтIе хьажор ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш.
"Тоххара олура полисхоша: мах ца лой – бехктакхаман гIуллакх дуьхьал доккхур ду, ткъа хIинца Украине бохуьйтур бу бохуш, кхерамаш туьйсу. Яхначу заманчохь лечкъийначарна ши-кхо шо хан тоха тарлора, ткъа цуьнан ден-ненан ахча ца хуьлура, нах реза хуьлура – хIун дер, набахте хьажор-кх тIаккха олий. Ткъа Укриане хьажор ву бохург деза тIелоцу, шен нах кхин гур бац олий, кхерам латтарна. Цундела церан гергарчара шайн ма-хуьллу ахча лоьху, тIаьххьара вовшахйиттина шайнаш а цхьана дIа а луш. Лачкъийначу Ибрагимов Исламах, масала, 500 эзар дехнера", - боху кхамелдечо.
Шайн гергара стаг дуьххьара лачкъийнарш панике бовлу, и цхьа дукха хьолахь хуьлург ду, боху Янгулбаевс.
"Со лачкъийна вигинчу хенахь сан доьзало а сагатдора, со вен тарло бохуш. Амма хиламаш гуттар а цхьа вочу сценарийца нисло, нагахь санна, хьо тапъаьлла Iахь. Цхьа официалехь йоцчу цхьахйолчу меттиге стаг дIахьажочу хенахь (Ханкалара тIеман база, кадыровхойн полкаш йа тIеман дакъош), 95 процент меттигашкахь бехктакхаман гIуллакх ца доладо, дIахоьцу юкъахь болх бийр бу йа мах лур бу аьлча. Ткъа РОВД-хь хьо латтош велахь, тIаккха кехарм бу бехктакхаман гIуллакх айдан", - дуьйцу цо.
Цо бахарехь, кадыровхой кхоьру гIуллакх гIарадаларна, цхьанхьа а телефонаш ма йетта, шаьш дIахоьцур ву бохуш, уьш тешон гIерта.
"Масала, цхьахволчу лачкъийначун дега-нене масех дийнахь баьхнера, иза цIа воуьйтур ву, хьаькам схьа ма варра. Цхьана хIуманна хан йойуш, аьшпаш ма буьттура цара. Хьаькам оццул еххачу хеначохь балха тIехь ца хуьлийла а дац", - боху Янгулбаевс.
Чиллан-беттан 24-чу дийнера схьа "Северный Кавказ SOS" кризисан тобанан тидам хилира, Нохчийчуьра аьрзнаш лахдаларан. Тобанан пресс-секретаро Розанов Миронан дешнашца, охан-батте кхаччалц хьал цхьана эшшарехь паргIат дара.
Украине тIаме хьийсон "лаамхой" вовшахбетташ хилла ницкъахой ларош бацара, цундела нах лецар оцу хеначохь лахделлера
"Оха и дузу, Украинерчу тIаме хьийсон "лаамхой" вовшахбетташ ницкъахой хилла хиларца, цундела нах лецар оцу хеначохь лахделлера", - боху Розановс.
Бакъду, стигалкъекъа-баттахь гIодоьхучийн терахь юха а лакхаделира, дуьйцу къамелдечо.
"Кеп-кепарчу бахьанашца нах сецош бу бохуш, орцанаш кхочура тхоьга. ЛГБТК+ тобанан векалш лецна ца Iаш, гетеросексуалаш а цхьаьна лоьцура. Тхоьга дIахьедечийн хаамашца, лоьцучарна тIехь ницкъбо, цул тIаьхьа "харжам" буьту царна: бехктакхаман гIуллакх дуьхьал доккху, Украине хьажаво, йа ахча охьадилла – мел лахара а миллион сом. И хIума долийна ницкъахоша ЛГБТК+ тобанан векалшца 2017-чу шарера схьа дуьйна, делахь а, хIетахь цара доьху ахча мел а кIезиг дара", - боху Розановс.
ТаIзар цадаран атмосфера
Нохчийчохь Iазапаш долу хьал хийцаделла дац тIом болабелчхьана, боху Янгулбаевс. Оцу юкъанна, цо дийцарехь, массарна а тIехь цхьатерра гIело ца латтайо – оцу стага динче хьовсу, мел деха ловр ду цо ницкъбар, шайца тIекере хиларе, шайна болх бан реза хиларе хьаьжжина хуьлу.
"Цхьаволчунна тоаме ду лерга юххе тIара тохар. Кхералой, вухий, дийца волало, нехан цIераш йоху – цул тIаьхьа цунах пIел ца Iутту. Цхьаберш дуьхьалбуьйлу. Соьца камери чохь вара цхьа накъост. Шен телефон схьаястийта пароль ца лора цо кадыроцашна – ца лаьара, шен телефоначохь дIаязйина номераш йолчарна хьовзам баккха, ток йоьттуьйтура цунна. Амма шена тIехьа биргIа юллур ю аьлча, тIаккха реза хилира иза. Апетке леста наркоман валийнера цкъа. Шена цкъа тохарца дерриг а охьадийцира цо, хьаьнгара эцна наркотикаш, шена бевзачех кхин мила ву уьш лелош. Кхин хьа а ца вира иза, кIелхIоттийна стаг санна лелийра", - боху Янгулабевс.
Ницкъахоша нах лечкъорах йа тIехь Iазапаш лелорах хоуьйтучу Нохчийчуьра дукхахболчу бахархоша кху шарахь дехарш до, шаьш стенна лаьцна ма дица бохуш, дуьйцу "Iазапашна дуьхьал Командин" Къилбаседа Кавказерчу филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас. Уьш кхоьру тIаьхьалонах, нахаладаккхаро шайна кхерам бохьу аьлла хеташ, боху бакъоларъярхочо.
"Царех массо а вац дIаваха кийча, дукхахберш республикехь буьссу, масала, къена да-нана хиларна. Цундела таIзар цадаран атмосфера лаьтташ ю Нохчийчохь", - чIагIдо Вансловас.
Дукха хьолахь болх боло дIахьедар чуоьцуш, "Iазапашна дуьхьал Клмандо" пурба доккху гIуллакх гIарадаккха. Цул совнах, бакъонашларъярхоша Талламан комитете дIахоуьйту, ткъа цара деш хIума дацахь, латкъамаш бо кхеле а, кхечу инстанцешка а.
"Нохчийчуьра тхоьга арз ден дукхахберш реза ца хуьлу, нагахь санна, уьш цигара арабевллехь а, кхоьру шайна а, шайн гергарчарна а хьовзам баккхарна", - боху Вансловас.
Каррачу хенахь дIайохийначу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристашка 2020-чу шарахь Нохчийчуьра цхьайтта дIахьедар кхечира. Царех шиъ бен листина дац – Умаров Мовсар а, Тепсуркаев Салман а лачкъор. 2021-чу шарахь "Комитете" арз дира Нохчийчуьра исс вахархочо, амма оцу дIахьедарх цхьаъ а талла ца долийра. Кху шарахь ялхийтта чуделлачу орзах талла долийна кхоъ, царех шиъ а юкъахдаьккхира латкъамбинчийн дехарца.
***
Кавказ.Реалиино масийттаза хаамбора, лаамхойн тобанаш олучийн могIаршка нуьцкъаха меттигера нах дIаязбарх лаьцна. Цунах лаьцна дIахьедора масех нохчийн бакъоларъяран вовшахкхетарша а, блогерша а - Украинина дуьхьал тIаме хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархойх лаьцна хаамаш кхочу цаьрга сих-сиха. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкарчу вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо лач бакъдира шен критикийн гергарнаш лечкъорах, бакъду, ша цунна гунахь хилар тIе ца дитира. Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешнашца, нах лечкъийна хила тарло, бакъонашларъярхоша а, блогерша а "вас йинчу наха", хIунда аьлча, Нохчийчохь "чIир екхар цхьаммо а юкъара даьккхина дац".