ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Божарий башха бисна а бац": Нохчийчохь нуьцкъах тIаме хьийсабо


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Гайтаман сурт
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Гайтаман сурт

Нохчийчохь бертаза Украинера тIаме хьийсабо хIинца а. Кхул а хьалха мобилизаци йича тIаме бахна, цигара йухабирзина божарий кхоьру шайн маршонех а, дахарх а – тIамтIе баха дуьхьал бовлахь уьш набахте хьийсон тарло, йа царна тIехь ницкъбан там бу. ТIаьххьарчу хенахь ницкъахоша республикехь Iаткъам латтабо, ткъа бахархойн проблемаш хIуьтту дозанал арахьа лела паспорт доккхучу заманчохь, боху эксперташа.

Нохчийчуьра масех вахархо реза хилира шайх Iоттаделлачух лаьцна дийца. ЦIера арабевлла уьш, Украинера тIаме ца бахархьама. Редакцица къамел динчу Мурада боху, мобилизаци бахьанехь бIаьста дуьйна Туркойчу веана Iаш ву ша. Шенгенен виза йара цуьнан, цундела Итали кхача аьтто хилира цуьнан. ТIеман комендатурера кхуьнан жимахволчу вешина баьхкинера, хьайн лаамехь тIом бан гIо аьлла.

"Кхерамаш тийсинера, Нохчийчуьра дIаводахь, цIахь биссина боллу доьзал хIаллакбийр бу шаьш бохуш, - дуьйцу цо. – Цкъа телефонехь къамел дой, йуха телефон тоххалц ладоьгIуш Iаш ву со. ШолгIа Нохчийчохь тIом болуш дуьйна цхьа кхерам лаьттара соьгахь. Дукха хан йара со кху хьолехь хиланза, дукха хан йоццуш лазарш йуха дуьйладелла".

ТIекхойкхуш кехат деанчул тIаьхьа масийттазза ницкъахой баьхкира Фатхьи волчу: "Ас элира, нах байа со гIур вац. ТIаьххьара баьхкинчу хенахь сан коьрта тIе гали тесна, генна цхьанхьа дIавигира со, ток йеттийтира: даьгначу жижиган хьожа лаьттара. Со араваьлча хиира суна, луларчу эвлара полицехь хиллера со. ТIом бан ваха реза хилира со, амма суо ма-хиллара астагIа, ваьгна, шолгIачу дийнахь Хорватихула Австри дIавахара со".

Кхерамаш тийсира, Нохчийчуьра дIаводахь, цIахь биссина боллу доьзал хIаллакбийр бу бохуш

Цо дийцарехь, мобилизацих бевдда иттаннашкахь нохчий бу Австрихь: Дублинан бертан буха тIехь, денна бохург санна арабоху уьш пачхьалкхера. Оцу бертаца а догIуш, тховкIело йаларх хаттар листа деза, Евроберта чувогIуш и стаг дуьххьара кхаьчначу пачхьалкхо.

"Оьрсийчу сайна депортаци йарна кхоьру со чIогIа, - боху Фатхьис. – Кхечу махкахь йехачу тхайн гергарчу зудчунгахула зIе латтайо ас цIерачаьрца: йоллу мессенджерш церан тергонехь йу Нохчийчохь".

Дахначу кIиаранах Туркойчуьра йухавеана Салман, цигахь лечкъина Iийра иза мобилизацех. Цунна гонах болчу нохчашлахь Iай дуьйнна хабарш хезара, керла йухабаьхкинчу Оьрсийчуьра бахархошна туркаша депортаци йийр йу бохуш. Халачу даьллера ваха бакъо лун кехат даккхар а, банкехь чот йеллар а, бер школе дахийтар а, билгалдоккху цо.

"Сан наха дехарш дина цIа веара со, кхин дIа кхерам бац бохура цара. Керла мобилизацина нах кечбеш хилахь, соьга девашас хоуьйтур ду, иза прокуратурехь болх беш ву, - дуьйцу Салмана. – Структурашкахь болх беш ву сан лулахо а, цо а аьлла, Украине бахийта нах вовшатоха буьйлалахь, ша эр ду хьоьга, цундела башха са ца гатдо аса".

Реза ца хилахь – набахте йа Iазап

КIоштийн а, йартийн а куьйгалхошна а, иштта имамашна а тIедиллина Iедалхоша хIоккхул-оццул "рекруташ-лаамхой" ло шайна аьлла, дийцира Кавказ.Реалиига меттигерчу бахархоша.

Редакцица къамеле ваьлла Адам – Польшера мухIажарийн куьпахь ву. Цо дийцира, кегийрхойх Нохчийчохь башха дукха а бац бисина: уьш дIасабахна йа Украинехь байина. Европе кхачале хьалха, къамелдийриг ларийра "кадыровхойн" цхьахйолчу ларми чохь хан йаккха. Iарбойн мотт Iамош хиллера иза шен доттагIашца онлайн-чатехь, цара йемалбеш хиллера иштта тIом а. Дукха ца Iаш, чатера веа декъахочух шиъ дIавайра.

"Украинехь тIом болийна, нохчийн молланаша тIом беза бу, гIазот ду бохуш, дуьйцучу заманчохь, тхо мелхо а луьйра царна, и зулам ду, къа ду цига вахар бохуш. Тхох лаьцна муха хиънера, ца хаьа суна, - боху къамел дечо. – И урокаш луш хиллачун цIа баьхкинера, иза дIавайра, цунах лаьцна тахана а дац хууш. Иза вийна аьлла хета суна".

Тоххара жимма ахча делча волуьйтура цара, кхин дIа дуьйцу Адама, амма хIинца шайн каравеанарг оцу сохьта тIаме вохуьйту: "Тхан воьалгIа доттагI цхьанхьа а ца вахана. Цуьнан пхи бер ду, дукха кегий ду уьш – и хала ду. Аса цунна сагатдо".

Йиттинарш, гIело лайнарш

Бакъоларйаран "СК SOS организацин хаамашца, ницкъахошкахь дикка карайерзина рекрутинган схема йу: тоххара "бехкалабахна" бахархой лоьцура, амма "кхаъ" белча дIахоьцура, ткъа хIинца кеп-кепарчу методашца тIамтIе баха декхаре бо уьш. Реза ца хуьлий – набахте а, Iазапаш а, боху НКО-н директоро Истеев Давида.

Цунна хетарехь, оцу нехан могушаллин хьелаша тIом бан гIора ца ло царна: "Йиттина, тIехь ницкъ бина нах бу уьш, жаннаш хIаллакдина церан. Гуллучу пункташка дIабуьгу уьш, цигахь лоьрашка меттабалабойту, кхин дIа тIаме хьийсон".

Къаьсттина кхерамехь бу Iедалхошна критика йина хилла, тоххара дуьйна церан бIаьрг тIехIоьттина нах а, ЛГБТ-н векалш а, билгалдоккху цо. Полисхоша телефон кегайо церан, цаьрца зIенехь хилла доттагIий, накъостий билгалбохуш, уьш а цхьаьна тIаме хьийсон кхерам бу, дийцира редакцина 25 шо долчу Нохчийчуьра йахархочо. Полицино зудаберашна тIедуьллура социалан машанашкахь "Iедална а, динна а резабоцчаьрца" уьйраш таса, уьш шайца цхьанакхета цхьанхьа тIе а балабе бохуш. Нагахь санна, шена тIедиллинарг цара кхочуш ца дахь, цуьнан вашех заьIапхо вийр ву, йа тIаме вохуьйтур ву бохуш.

Паспорт схьаэца веаний – мобилизацих водуш ву

Кхин а цхьа дуьхьало лаьтта Нохчийчуьра божаршна хьалха, - арахьарчу мехкашкахь лела псапорт цадалар. Истеевс карладоккху, тIом балале хьалха а регионехь хала дара и документ даккха, делахь а, хIетахь къайлах кхайкхийна дехкарш кегийчу зударех бен хьакхалуш дацара – уллохь гергарчех воккханиг воцуш паспорт ца лора царна. Ткъа кегийчу нахана дозанаш детта буьйлабелира Украинехь тIом болийначул тIаьхьа, тIетуху бакъоларйархочо. Нагахь санна, хьо паспорт даккха веаний – хьо мобилизацих водуш ву аьлла хета царна.

Цхьаберш хьоьвзира Москвахь паспорташ дахийта. Кехаташ чулора, чоьхьара паспорт лелачу кхечу мехкашка дIабоьлхура, дуьйцу къамелахочо.


"Ереван, Казахстан, ГIиргIазойчоь цIераш йолчу гураша лоьцура нах, - боху Истеввс. – Нагахь оцу стагана дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх делахь, тIаккха ваха-вала меттиг цунна ца буьсу. Бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохуш тоьшаллаш гулдеш башха къа а ца хьоьгу цара, шаьш тIаьхьадевлла и стаг ОДКБ-н пачхьалкхехь велахь.

Башхалла го адамашна

Республикехь тIеман пропаганда чIагIйина йогIу, Нохчийчоьнан Iедалхоша шаьш бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, декхаребо Украине баха, дийцира Европехь куп тоьхначу "Цхьаллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. Цунна хетарехь, цкъа мацах царна муьтIахь хиллачу нохчашлахь а цхьаьна, Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а рейтинг йожаран бахьана цунах хилла.

"Къам кIелхьардоккхуш ву ша бохуш, шен имидж кхоьллина Кадыровс, ткъа ша кхин тIе а нах бу тIаме ийзош. Схьадийцарехь, Украинехь Оьрсийчоьнехьа валар – и дика ду, ткъа Оьрсийчоьнан оккупацих Нохчийчоь Iалашйар – и терроризм а йу, зулам а ду, - билгалдоккху Сулеймановс. – Адамашна башхалла а го, церан аьшпаш а го".

Вовшашца шайлахь цунах дийца а кхоьру Нохчийчуьра бахархой, цо бахарехь, амма цара "шайна хетарг тешадо" дозанал арахьа бехачу шайн гергарчех, даймахкал арахь нохчий вовшах мел бетталучохь цунах лаьцна дуьйцуш ду шуьйра.

  • Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу.
  • Нохчийчуьра Украине тIаме бохуьйту ницкъаллин урхаллашкара белхахой, мобилизацин гурашкахь тIекхуьйкху бахархой, лаамхой олурш а. Оцу йукъанна бакъоларйархоша масийттазза дIахьедира, бертаза и нах тIекхуьйкхуш хиларх, - салтий бо ницкъахоша лечкъийначу кегийчу нахах, иштта, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарчех а. Нуьцкъаша Нохчийчуьра бахархой Украинаца болийначу тIаме хьийсорах хаамаш кхочу Оьрсийчоьнан Iедалхоша мобилизаци йирзина аьллачул тIаьхьа а.
  • 2022-чу шеран товбеца-баттахь дийца даьккхира, Нохчийчохь ницкъаллин структурашкахь нах тIетоьаш бац аьлла, республикехь йукъарадаьккхира эскархойн балха хIуттуш, официалехь а доцуш, амма тIедожийна хилла кхаьънаш эцар а. "Беккъа нохчех лаьтта" керла полк а, цIерашца кхо батальон а кхолла Iалашо хиларца доьзнера и. Оцу батальонашка маса дIаийцира ницкъаллин органашкахь болх беш хилларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG