ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чалтач маьрша ву. Оьрсийчоьнан политикан тутмакхаш хийцар а, нохчийн гӀуллакх а


Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Федерацина а, Малхбузерчу пачхьалкхашна а йукъахь тутмакхаш дIасахийцина. Набахтешкара маьршабаьхна Путин Владимира гечдина оппозицин политикаш а, журналисташ а, ткъа Европехь кхел йина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахой Москва йухабирзира. Царна юкъахь уггаре а резонансе дара нохчийн тIемалойн буьйранча лаьттина Хангошвили Зелимха верна Германехь велла дӀаваллалц набахтехь хан токхуш волчу киллеран Красиков Вадиман гIуллакх. Хьалхо политикца Навальный Алексейца хийца тарлучу нахалахь йаьккхира цуьнан цIе.

Карарчу хенахь нисделла дIасахийцарш тоххарчех къаьсташ ду хуьйцучу Оьрсийчоьнан бахархойн терахь рекорде хиларца, дийцира Кавказ.Реалиин редакцига "ОВД-Инфо" проектан адвокато Ветошкина Валерияс. Оьрсийчоьнан Федерацин а, Малхбузенан а тӀаьххьара и тайпа барт хиллера 2022-чу шарахь, Амеркера баскетболхо Грейнер Бритни Оьрсийчоьнан герз духкучу Бут Викторца хийцича.

"Тутмакхаш хийцарх дийцарш муха дIадоьлху бохучух лаьцна хаамаш вуно кӀезиг бу. Иза даима а меллаша дӀахьош йолу процесс йу, цунна тӀеӀаткъам беш дуккха а хIуманаш а хуьлу. Уггаре а хьалха политикан хьал. Кхечу пачхьалкхаша диалог дӀахьо Путин Владимирца, цуьнца бартбан хала ду", - билгалдоккху эксперто.

Тутмакхех тептар хӀотторан хаттар - политикан ду. Кху хьолехь президент чIогIа лууш вара Красиков Вадим йухавала, тӀетуьйхира Ветошкинас.

Адвокато Захватов Дмитрийс редакцица хиллачу къамелехь чӀагӀдо, цу кепара хийцамаш бан юридикан бакъонаш цахилар: "Уьш даима а пачхьалкхашна юкъара барташ бу, уьш тайп-тайпанчу кепара формале хӀитто йиш ю. Классикан схема йу - гечдар, низаман декхарех паргӀатваккхар, и стаг кхечу махка дӀавигар".

"Вилспетара чалтач"

Германера хуьйцуш волу Красиков Вадим Ичкери йозуш йоцуш хиларехьа къийсам латтийна гIаттамхойн буьйранча вийначул тӀаьхьа маса лаьцнера: 2019-чу шарахь марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Берлинерчу Тиргартен олучу паркехь герз тоьхнера цунна. Гуьржийчоьнан вахархо, нохчийн къомах волу Хангошвили Зелимхан терроризмна бехке а вина, Оьрсийчохь лехамашка велира. Ша винчу Гуьржийчохь масийттазза вен гӀоьртинчул тӀаьхьа, 2016-чу шарахь Германе тховкӀело йийхира цо. Журналисташа иза вийначунна цIе тиллира "вилспатара чалтач" аьлла, ша вен леринчу стагана тIехьашхула иза тIевахна дела.

Красиков Вадим
Красиков Вадим

2021-чу шарахь гIуран-беттан 15-чу дийнахь Берлинерчу кхело Красиков стаг верна бехке хилар тӀечӀагӀдира, велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан туьйхира цунна, хенал а хьалха набахтера араваккха аьтто а боцуш. И зулам вовшахтохарна Оьрсийчоьнан Ӏедалш бехке дира суьдхочо, хилларг "пачхьалкхан террор" ду а олуш. Талламан журналисташа дийцарехь, Красиков ФСБ-ца воьзна ву.

2019-чу шарахь президенто Путин Владимира, "нормандхойн йиъ" саммит чекхъяьлча шен пресс-конференцехь, журналистан хаттарна жоп луш, дӀахьедира, Хангошвили Зелимха Москвахь метро чохь лелхийтарш деш дакъалоцуш хилла ву (муьлхарг юьйцу билгал ца доккхуш). Цо билгалдаьккхира, тIемалойн командирах хиллачух ша хууш вац аьлла. "Бандитийн го бара и, ткъа цигахь хӀуъа а хила тарло", - элира цо хӀетахь. Масех де даьлча Москвахь дӀаяьхьначу йоккхачу пресс-конференцехь а элира Путина "цӀий Ӏанийначу чалтач" Хангошвилих лаьцна.

2022-чу шеран мангал-баттахь а, гIуран-баттахь а Оьрсийчоь гӀоьртира киллер Красиков хуьйцучу нехан тептаршна йукъавахийта: цу сацамна гӀортор йира Ӏамеркан Ӏедалша, амма Германи реза ца хилира барт бан, цо дина зулам чӀогӀа къиза хилар бахьана долуш. ХӀетахь баскетболхо Грейнер а, шпионалла дарна бехкевина Американ хӀордан эскархо хилла Пол Уилан а хийцар хьоьхура.

2024-чу шеран чиллан-баттахь президенто Путина йуха а дийцира Красиков хийцарх лаьцна – хIетахь Америкерчу журналистца Гершкович Эванца, ткъа дуьххьара къадийра цо Хангошвили баккъалла а Москвано тӀедилларца вийна хилар.

"Европан цхьана коьртачу шахьарахь иза дӀаваккха цхьа патриот карийнера. Цо иза шен лаамехь дина, йа ца дина, иза кхин хаттар ду", - элира цо Американ телехьожийлан эфир дӀахьочу Такер Карлсонна йеллачу интервьюхь.

Нохчийн дахар мехала дуй?

Чиллан-беттан 17-чу дийнахь публицисто Латынина Юлияс дийцира политикца Навальный Алексейца хила тарлучу хийцамах лаьцна. Цо бахарехь, и хийцамаш хила безаш бара цу деношкахь Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь. Чиллан-беттан 18-чу дийнахь цу кепара информаци зорбане йаьккхира немцойн Bild таблоидо. Иза йукъахйаьккхира Ямалехь "Полярный волк" олучу колонехь оппозиционер кхалхар бахьана долуш. Wall Street Journal газето хьахийра Навальный 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь, Красиковца хийца тарлучу контекстехь.

ХIетахь цу хаамо негативан реакци йира нохчийн диаспорехь. Цу юкъахь Навальныйс шен политикан карьера йолалуш националистийн а, кавказофобийн а дӀахьедарш дина хиларна а. Красиков хийцарх нохчаша делла жоп а иштта дара.

Оьрсийчоьнан набахтешкахь бисина дуккха а Ичкерин дуьхьалонан декъашхой бу. Йозуш йоцчу пачхьалкхан агӀончийн кхетамехь уьш тӀеман йийсархой бу, амма уьш хийца сиха бац, бохуш, билгалдоккху Европехь куп тоьхначу "Цхьанакхетта Ницкъ" олучу Ичкерин боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарехь.

Нагахь санна, Берлинехь демонстрацин кепехь Израилера француз, немцо я жуьгти вийча, вийнарг хийцар йоккха проблема хир йара

"Киллер Красиков хуьйцучийн тептаре ваккхаро йуха а гайти проблема – йозуш йоцучу Нохчийчоьнан агӀончаш тахана дуьненаюкъарчу бакъонан субъект яц, уьш хезар бац, царна хетарг чоьте оьцур дац. Тхо дуьхьал дац Кара-Мурза, йа кхиболу Оьрсийчоьнан оппозицин векалш маьршабахарна, амма и болх нохчашна а, нохчий байинчу нахана тIехь а дан дезаш дац", - элира Сулеймановс.

Малхбузе хӀинца а оьрсийн оппозици а, Оьрсийчоьнан цхьаалла а йиса лууш йу, оцу агIор Москварчу либералаша хьалхатоьтту, нохчех Путинан рожан йоллу повестка, аьлла хета Украина Iалашйечу Шейх Мансуран цIарах йолчу лаамхойн батальонан спикер хиллачунна, блогерна Белокиев Исламна.

"Шеко йоццуш, оцу гӀуллакхо нохчий а, дукхахболу кавказхой а бохург санна, кхин а чӀогӀа дуьхьал бохур бу оьрсийн оппозицина. "Шайнаш" бен кӀелхьара ца бохуш йолчу, ала догIу, шена чудогIучу доллу халкъашна тIехь урхалла дан гIерта, шайна юкъахь Къилбаседа Кавказан бахархой а болуш, - аьлла хета къамелхочунна. -ХӀунда ца баьхна оцу тептаре гIалгIайн протестийн лидерш, Гаджиев Iабдулмумин, Мусаева Зарема, йа Навальныйн агӀончийн митингехь тӀом омонхойх летта Джумаев а?"

Белокиевс билгалдоккху, бӀеннаш Къилбаседа Кавказера бахархой – гIаттамхой а, шайггара кхоьллинчу гӀуллакхашна тIехула инзаре йаккхий хенаш тоьхнарш а –набахтешкахь латтон дуккха а хан хилар. Ткъа хIетахь Оьрсийчоьнан оппозици маьрша йара, харжамашкахь дакъа а лоцуш.

Красиков маьршаваккхарх йолчу информацино дог доккху, амма цец ца воккху, бохура Гуьржийчуьра ПIаьнказан чӀожехь вехачу нохчийн журналисто, йукъараллин жигархочо Бордзгор Сулхана. Иза тIетов, нохчийн буьйранча вийнарг Оьрсийчоьнан набахтехь хан токхуш волчу Ичкерин агӀончаца хийцарна диаспорехь кӀезиг критика йийр йара аьлла. Амма уггар а йоккха проблема йу, бохура цо, чалтач маьрша хилар.

"Тхуна хаддаза хаало, нохчийн дахар цхьана Оьрсийчохь мехала ца хилла ца Ӏа. Нагахь санна Берлинехь демонстрацин кепехь француз, йа немцо, йа Израилан вахархо вийнехь, киллер хийцар йоккха проблема хир йара. 100 процентана тешна ву со, тIаккха киллер иштта атта цхьаммо хуьйцур вацара", - бохура къамелхочо.

Хангошвилих йисинчу зудчо Циатиева Мананас (Раисас) Кавказ.Реалиин корреспондентана йеллачу интервьюхь дийцира, стаг вийначул тӀаьхьа немцойн Ӏедалша цхьана а кепара даггара кадам ца бина доьзале, ткъа веллачун гергарчарна Красиков хийцарх хиънера журналисташкара.

"Суна ца моьттура, киллер оццул сиха дӀахецна хир ву аьлла. Сацам тӀеэцна дукха хан йалале, иштаниг хила тарло бохуш, дийцаредора, амма адвокаташа тешийра – цунна тоьхначу хенан доккхаха долу дакъа чохь даьккхина хила дезаш ду аьлла. Оцу хийцаро гойту: бохам лайначу нахана хетарг бен-башха дац Германин Iедалхошна. Къаьсттина вас хуьлу, хьуо адамийн бакъонаш лоруш йолчу цивилизацин пачхьалкхехь вехаш ву аьлла хьуна хетарна".

Циатиевана хетарехь, Красиков Вадим дӀахеца дош уггаре а лакхарчу тӀегӀанехь делла ду, хӀара цхьахйолу "Путинан пешка" бен йацахь а. Цунна хетарехь, политикан агӀор Оьрсийчоьнна пайда хилира цу хийцамах, ткъа Германино гайтира шен эгIазалла.

"Мафин, йа коррупцин структурашкахь барт бечу хенахь, цхьайолу чIагIонаш кхочушйина хила йеза. Красиковс шен дош лардина – йоллу процессехь цхьа дош а ца олуш, Путинан тешаме жӀаьла хилла а вуьсуш. Хетарехь, цундела мафиозин бина барт ларбина", - аьлла дерзийра къамелдечо.

Маршо Радион журналисте Курмашева Алсуга маршалла хоттуш ву США-н президент Джо Байден, вице-президент Камала Харрис, Алсун йоьIарий Биби а, Мириам а, хIусамда Буторин Павел а
Маршо Радион журналисте Курмашева Алсуга маршалла хоттуш ву США-н президент Джо Байден, вице-президент Камала Харрис, Алсун йоьIарий Биби а, Мириам а, хIусамда Буторин Павел а

Терроран пачхьалкхан закъалтхой

Хуьйцучийн фондан йукъабахийта магон нах вовшахкхеттачул тIаьхьа нислуш ду хIара санна даккхийн дIасахийцарш. Гершковичан а, Маршо Радион гIезалойн-башкирийн сервисан журналистан Курмашева Алсун а тӀаьххьара хиллачу боданечу гӀуллакхаша гайтира Оьрсийчоьно цхьана Iалашонца лоьцуш хилар Малхбузен интерес хинйолу нах. Кремлан позицеш чӀагӀъйан и деш ду аьлла хета Прагерчу Карлан университетера йукъараллин Ӏилманийн факультетан белхахочо Дубровский Дмитрийс.

Кремлан киллершна таӀзар дийр дац, масех шо даьлча Оьрсийчоьнан жигархошца хийца мегаш бу уьш

"Оьрсийчоьнан куьйгалхой террорхой санна лела. Кхузахь тIетан мегар ду адвоката Новиков Ильяса бохучунна, оцу кепара хийцарша дозанал арахьа кхин а нах байъа могуьйтур ду Путинна элира цо. ХӀунда аьлча, Кремлан чалтачашна царна дан догӀу таӀзар дийр дац, уьш масех шо даьлча Оьрсийчоьнан бахархошца а, жигархошца а дIасахуьйцур бу. Цу гӀуллакхо къобалдо пачхьалкхан терроризм лелор", - билгалдоккху эксперто.

Дубровскийс дуьйцу оцу бертан кхин цхьа башхаллех лаьцна: политикан тутмакхийн доьзалш а, адвокаташ а масех дийнахь холчахь бара шайн нах стенгахь бу ца хууш. Ткъа маьршабаьхначарах цхьаболчара "тамаш бар-кх пурба дала" - масална политолого хьахийра политик Яшин Илья, шарахь "Дождь" телеканалана йеллачу интервьюхь колонира дуьхьало йира цо ша хийцарна.

Хиллачу дIасахийцаро дагадоуьйту, дуьне глобалан хилар а, дуьненаюкъара цу кепара дика хаамаш а хила йиш йу, дуьненан йукъаралла мел йу, тешна йу Оьрсийчуьра Amnesty International организацин директор Звягина Наталья.

"Баркалла цу гӀуллакхна юкъагӀоьртинчу массо а стагана, шайна юкъахь Германин а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а Ӏедалш а долуш. Кхеташ ду, пачхьалкхаш уггаре а хьалха шайн бахархой а, бевзаш болчу бакъонашларйархой а йукъатоха гIортар. Уггар а тамашийна хӀума ду. оццул дукха нах цу дIасахийцаран процедурехь дакъалоцуш хилар", - билгалдаьккхира къамелхочо.

Хийцинчу Оьрсийчоьнан политикан тутмакхашна юкъахь вара "Мемориал" бакъонашларъярхойн центран куьйгалхойх волу, кхузаманан Оьрсийчохь уггаре а лоруш болчу бакъонашларъярхойх цхьаъ - Орлов Олег. 1990-чу шерашкахь жигара къахьоьгуш вара иза Нохчийчохь тӀом болчу хенахь, дакъалоцуш вара йийсархой хуьйцуш, Буденновскехь теракт йеш шен лаамехь закъалтхо хила реза хилира иза. Кавказ.Реалии сайтана ша йеллачу цхьана интервьюхь Орловс билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан политикан Ӏедалан мутацеш нийсса Кавказерчу тӀемашца йолаелла хилар.

Иштта хуьйцучеран тептарехь вара "Йиллина Оьрсийчоьнан" хилла куьйгалхо Пивоваров Андрей а – Краснодарерчу Ленинан кхело набахтехь даккха 4 шо хан туьйхира цунна, лаамаза организаци лелорна бехке а вина. И гӀуллакх дӀадолоран бахьана дара, Краснодаран гӀалин Думехь дакъалоцуш хиллачу жигархочун Антонова Янин харжамийн кампанина ахча гулдарх лаьцна Пивоваровн официалан Фейсбукерчу агӀонехь йозуш йоцчу Кубанан депутато Коровайный Александра зорбане даккхар.

Уггар а доккхачу хуьйцучу нехан тептарехь вара 19 шо долу Кевин Лик. Германехь вина, амма шен доьзалца Оьрсийчу дӀа а вахана, Адыгейхь вехаш вара иза. Республикин Лаккхарчу кхело 4 шо хан туьйхира цунна "пачхьалкхана йамартло йарна" аььлла - оцу артиклца бехке бинчех уггар а жи маниг вара Лик.

  • Оьрсийчоьнан дозанал арахьа бехачу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна критика йийраш масийттазза байъа гӀоьртира. Царах цхьаолу кIелойарш йукъахдаха аьтто хилира. 2017-чу шарахь гезгамашин-баттахь Киевехь герз тоьхна йийра нохчи Окуева Амина. Иза хилла масех де даьлча Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан вахархо, нохчийн къомах волу Махаури Тимур. 2009-чу шарахь дечкен-баттахь Венехь герз туьйхира Кадыровн хиллачу хадархочунна Исраилов Ӏумарна. 2004-чу шарахь чиллан-баттахь Катарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла Яндарбиев Зелимхан.
  • Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Германехь йехачу Хангошвили Зеламхех йисинчу Циатиева Мананас (Раисас) дийцира, шен хIусамда вийнарг Оьрсийчоьне дӀавала мегаш хиларх шена муха хета а, шена хетарехь, Зелимхан виэрах жоьпаллехь мила ву а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG