ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахаша а, ГIиргIизоша а Дагалоьцу Вайнах ЦIера Баьхна Зама


Юккъера Ази
Юккъера Ази

Вайнах бохорна тIехьоьжуш хиллачу Чоьхьарчу ГIуллакхийн Наркомо Берия Лаврентис цIера ваккха везаш виъ бIе кхузткъа эзар ца кхочуш нохчо а, гIалгIа а ву, аьлла, Сталине телеграмма яхьийтинера 1944 шеран чиллан-беттан 17-чу дийнахь. Амма ши кIира даьлча, зазадоккху-беттан хьалхарчу дийнахь, операцин коьрта дакъа дIадирзинчул тIаьхьа, ша Советан Пачхьалкхан лидере дахьийтинчу рапорт тIехь Берияс оцу тIерахьана тIетуьйхира кхин а 19 эзар стаг. И силаа долу халкъ Казахстане а, ГIиргIизойн махка а Iен охьахао Iалашо яра Советан Iедалан, бухахь дехачу къаьмнашка хоьттуш хIума а доцуш. Казахаша а, гIиргIизоша а дагалоьцу Нохчийн шаьш долче балор.


Ах миллион гергга адам цхьана меттера кхечу метта даккха, боьдуш тIом а болуш, атта болх бац мел йоккха а, ницкъ болчу а пачхьалкхана. Советан Iедало и операци чекхъяьккхира 3 кIирнахь. Амма дицдан оьшуш дац Советан Iедалан дуккха зеделарг хиллийла къаьмнаш цIийнах дахарехь.

Шайна тешаме хеташ доцу халкъаш болшевекаш дохо долийнера, цхьа эзар исс бIе ткъе-итталгIа шераш дIадолалуш. Уггар хьалха бохийра Белорусехь а, Украинехь а, Оьрсийн Федерацин Европан декъехь баьхна болу полякаш. 32-чу а, 36-чу шерашна юккъехь уьш дIахьовсийра Сибрех а, Юккъерчу Азе а. Юха рагI тIекхечира Генарчу Малхбалехь Iийначу корейцийн.

ШолгIа дуьненан тIом болалучу хенахь шайн цIийнах бохо болийра украинхой а, румынаш а. ТIом чекхбаьлча а, дIаэхийтира уьш дуккха а Казахстане.

Нацистийн Германица берта а вахана, Сталинс Балтин пачхьалкхаш схьаяьхча, эзарнашкахь Сибрех бахийта болийра латвийцаш, литовцш, эстонхой а. Эххар маьрша евллачу Латвехь а, Летувехь а, Эстонехь а хIинца а биц ца бо шайна болшевекийн Iедало бина болу ницкъ.

1941 шарахь, Гитлерс Советан пачхьалкхаца тIом болийча, къаьсттина марс елира халкъашна еш йолу депортацеш. Ийдал-хи йистехь Iийна болу немцой, ша берриш бохург санна, дIабахийтира Казахстане уггар хьалха. Юха лаххьийна цIийнах-цIарах дехийра Кавказехь а, ГIирмехь а Iийна долу Славянех доцу къаьмнаш: ГIезалой, ГIалмакхой, Кхарачой, Балкхарой, Месхетера Туркой, ГIалгIай, Нохчий а. Iаьржа ХIордан йистерчу кIошташкара - цул совнах - бохийра эрмалой а, болгараш а, грекаш а.

Шаьш керла схьаяьхна йолчу пачхьалкхашкара а арабахара Советан куьйгалло нах. Масала, цIен эскар Малхбалерчу Полше дIакхаьчча, бухахь баьхна хиллачу нахах лаххара диъ бIе эзар стаг а, зуда а, бер а даьккхира цIийнах. Иштта бахархойх дIацIанъйира Коьнигсберг а, цунна Калининград, аьлла, цIе а тиллина. ДIабахийтинчу нехан метта чубало болийра Орсийн юккъерчу кIошташкара нах.

ЦIера даьхна долу къамнаш дукхачу декъана охьаховшдора Сибрех а, Юкъерчу Азехь а. Советан Союзехь ламаст ма-хиллара, казахех а, гIиргIизойх а, узбекех а дагаволуш цхьа а вацара, тIебалош берш халкъан мостагIий бу алар доцург. Цундела цецвала ца оьшу, цхьайолчу меттигашкахь бухарниш тIебаьхкинчаьрца гома хилла хиларх. Амма, шаьш мел халадохкуш хиллехь а, гIо дан гIерташ берш а нислора царна юккъехь. Мамбеталиев Мунур ГIиргIизойн Мехкан Талас кIоштахь Iаш ву. КIоштан пенсионерийн кхеташон гIантда ву и. Цо дагалоьцу Нохчийн шаьш долче балор.

Мамбеталиев: «Со юккъерчу ишколан дешархо вара 1944-чу шарахь. Шортта ло а долуш, вуно шийла Iа деанера оцу шарахь. ЦIера баьхна нохчий балийнера Ленин колхозе. Уьш схьабалабале, цигахь даьсса лаьтташ хила долу цIенош жимма цIандийра, чу кира а тухуш. ТIебалийнарш наггахь дIатарбора шаьш Iаш хилла болчу нехан хIусамашкахь. Иштта Iедало билгадаьккхинера. Царна гIайба-йийбарца гIо а дора.»

Шаьш долчу тIебоссийна болу Нохчий чIогIа ледарчу хьолехь бара, бохуш, дуьйцу кхин дIа Мамбеталиев Мунурс.

Мамбеталиев: «Уьш чIогIа вочу хьелашкахь бара. Царгахь я юргIанаш дацара, я кад-Iайг бацара. Кхуза схьакхаьчча а, цамгарш хьийзош, царна юккъехь шортта баларш дар, къаьсттина берашна юккъехь. Кхузарчу наха, шайн ма-хуьллу, гIо дора царна. Цхьаболчара оза етт лора, вукхара газа лора, кхечара яахIума хьора царна. Иштта бIаьстенга бевллира уьш. Ткъа 5-6 шо даьлча, уьш дикка баха хевшира, шаьш чIогIа къахьега хууш къам хиларе терра.»

Шайна мел яккхий халонаш дуьхьал Iиттаелча а, Нохчий а, ГIалгIай а тарбала гIертара шаьш дIакхаьчначохь, амма цхьайолчу меттигашкахь, тайп-тайпанчу бахьанашца, бухарчу нахаца дар-дацар а хилара наггахь. Иштта иккхинчу цхьана девнех лаьцна дуьйцу Казахстанерчу Iилманчас Абдаржуманов Хьайдара.

Абдаржуманов: «Ярташкахь тIебалийнаршший, бухахь Iаш болу наххий вовшашца дикка тарлуш Iара, амма гIаланашкахь проблемаш нислора. Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин рапорташ дешча, гучудолу, царна юккъехь цхьаболчара яахIума лачкъош хиллийла а, вукхара нехан хIусамаш чура хIума ядош хилла хилар а. Ткъа Малхбалерчу Казахстанехь йолчу Зыряновск-гIалахь 1946-чу шарахь боккха буй-тIара хиллера, цхьана агIора нохчий-гIалгIай а болуш, ткъа вукха агIора царна дуьхьал бевлла меттигера белхалой а болуш.»

Вайнах Юккъерчу Азехь шайн дахарш цхьана хорше дерзо гIерташ лаьтташехь, Советан Iедало церан цIахь йисинчу хIусамаш чу ховшош бара леррина чубалийна болу нах. Цхьаберш шайн лаамехь дIакхалхара Кавказе. Iедало царна цу тIехь гIо а дора. Амма ца лууш дIахьийсинарш а бара. Гаджиалиев Мохьмад хьехархо ву ДегIастанахь йолчу ИчIичIали-юртахь. Жима волуш, и Iийна хилла ерриг юрт дIакхалхийра Нохчийчу.

Гаджиалиев: «Тхан юртара кIоштан куьйгаллехь цхьа а вацара. Нохчийчу дIайохуьйту юрт къасто, кхаж теснера хьакамаша. Тхайна кхаж баьлча, тхан ерриг юрт дуьхьал яьллера цунна. ТIаккха НКВД-ра а, прокуратурера а нах баьхкинера, нахана кхерамаш тийса. Тхан цхьа юртхо къаьсттина чIогIа дуьхьал тийсалора, цига ваха ца лууш. ТIаккха НКВД-н хьакамо, тIе а вахана, нийсса бесни чу ирбина къолам Iоьттинера цунна. Иштта дIахьовсийра тхо Нохчийчу».

Нохчийчоь – Соьлж-ГIалахь херцашлахь Iуьллуш йолу нохчий цIера бахарна хIоттийна мемориал, 29Стиг2008
Нохчийчоь – Соьлж-ГIалахь херцашлахь Iуьллуш йолу нохчий цIера бахарна хIоттийна мемориал, 29Стиг2008
Сталинан Iедало депортаци йинчу къаьмнех цхьаьнна а, кхоччуш барамехь, метта ца хIоттийна хилла зе. Ур-аттала хIинца а шайн цIа дерза бакъо йоцуш къаьмнаш ду, Месхетера Туркой санна. Ткъа Нохчий, шайн цIахь Iе бакъо йолуш белахь а, кхин бала Iуьйшуш Iаш бу таханлерчу дийнахь.

Дуьненан цхьайолчу институташа билгалдоккху, Нохчашна Советан пачхьалкхо динарг доккха зулам хилла хилар. 2004-чу шарахь Европан парламенто, масала, 1944 шарахь хилларг геноцид яра, аьлла, документ тIеэцнера, амма иза тIаьхье йоцуш дисира. Тахана я Нохчийн Iедал а дац, я Iедалх йоцу цхьа а вовшахтохаралла а яц Оьрсийн пачхьалкхе хиллачух жоп доьхуш.

(ХIара программа эфире дуьххьар эфире елира 2007-шеран чиллан-беттан 23-чохь)
XS
SM
MD
LG