ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедало зуда ялор дара вай лелоза диснарг


ДIадирзи Соьлжа-ГIалин 199 шо кхачарца доьзна даздарш. Лаккхарчу тIегIанехь чекхдаьлла лору иза Iедало. Цхьана дийнахь массийтта даздар дIадахьар атта болх бац, амма Нохчийчоьнан Iедалхошка ца далуш хIума дац, цхьана стага омра дичхьана.

Ца кхета цхьана хIуманах. Iедало ялийна зуда йита йиш юй цуьнгар пурба ца хилча?

199 зуда ялийра селхана цхьана дийнахь. Дерриг нускалш гIали юккъе схьадалийнера, цхьатерра гIабалеш а юьйхина. Нускал хитIе даккхаран кеп йира, шиарчу Iадатех йолу.

Цхьаболчу журналисташа сихбелла аьллера, церан куьг лаьцна богIурш нускалийн вежарий я дай бу аьлла. Царах вара Магомедов Омар цIе йолчу НТВ журналист. Юкъараллехь иштта а къобалдеш доцу, оцу тайпа Iедалан чоьтах зуда ялор, журналисто аьллачо кхин тIе а чIогIа дестийра.

ХIора кIоштахь тIедиллина хилла доьзал кхолла луурш къастабе аьлла. ХIора доьзална 200 эзар сом хилла билгалдаьккхина. Оццул дукха доьзалш цхьана дийнахь кхоллабелла хилар доккха хIума хета нахана, амма, царна юкъахь ахчанан дуьхьа динарш а кIеззиг хир бац бохуш, емалдо иза цхьаболчара.

Цара шайн мах гайтина-кх - 200 эзар сом. Iедал-м шен дагахь гIо деш ма дай, дезде ду аьлла», - бохуш вара иза.

Невран кIоштан вахархо Сальмурзаев Мохьмад ца кхета цхьана хIуманах - зуда-м ялийна Iедало аьлча, иза йита йиш юй цаьргара пурба ца хилча?

«Шайн писалла а, кIезгалла а, оцу 200 эзар соьмах зуда ялийнарш а хила мега. Амма церан пурбанца бен яло а, яхийта а бакъо ца хилча, и хIума дола а ца деш, шайна паргIат Iийча дика дара-кх. Цара шайн мах гайтина-кх - 200 эзар сом. Iедал-м шен дагахь гIо деш ма дай, дезде ду аьлла», - бохуш вара иза.

Соьлж-ГIалара вахархо Абдулаев Асланбек а ву, ахча деллера аьлла, дерриге дуьненна а гойтуш, зуда ялорна дуьхьал. Шена ца гина боху цо, селхана хилларг къобалдеш цхьа а.

«Суна товш ца хета иза. Суна-м ца гина кIанта зуда ялочу хенахь а, царна сом эцна воьдуш ву со бохург. Дуккха а масал санна далон мегар долуш хIума ду вайн махкахь: некъаш, хIусамаш, дарбанан хIусамаш. Амма хIара сурташ хIунда, хьан даьхна вайна юккъе со ца кхета-кх. Цхьана а стага и хIума къобалдеш ца гина-кх суна», - боху Абдулаевс.

Дахаран массо а тIегIанехь бала кхочу Нохчийчоьнан таханлерчу Iедалан.

Соьлж-ГIалара университетехь доьшучу Хизиров Саламус аьттехьа а тIе ца дитина оцу дийнахь зуда ялор. Шега аьллера ахь ялаяхь, дIадерзор ду аьлла. Шена товш хеташ хIума дац иза, элира цо.

«Сан даго тIеоьцур дацара иза. Кхин хIума дацахь а, ялочу зудчун нахана хьалха а хаза дац иза. Тхан юьртара туркх ву бохура хьераваьлча санна лелаш, шен кIантана зуда лоьхуш, оцу юккъе иза вахийта лууш», - дуьйцу Хизировс.

Дахаран массо а тIегIанехь бала кхочу Нохчийчоьнан таханлерчу Iедалан. ТIаьхьарчу заманахь къаьсттина нехан юкъаметтигашца бала кхаьчна цхьацца гIулчаш яьхна.

ТIаьххьара динарг ду битина зударий хиллачу хIусамдайшна юхаберзор. ХIинца балийначеран кхоллам муха хир бу ца хаьа, амма царах къаста дагадеанчарна тамаш бу-кх шайна хетачу агIор иза дан бакъо хилахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG