ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вилиспеташ марзлуш ю Малхбузерчу нохчашна


Германи. Берлин.
Германи. Берлин.

Таьхьарчу хенахь вайнах а кхетта, вилспет хахкар эхь доцийла, мелхо а могашаллина а, Iаламна а иза пайдехь дуйла.

Германерчу нохчашлахь дуьйцуш ду цхьа забаре дийцар. Цу гIалахь вехачу цхьана нохчийн воккхачу стагана урамехь дуьхьалкхетта хилла Iарбойн Iадатехь еха кIай коч а йоьхна, вилспет хаьхкина вогIуш волу шен йоI яхана нуц. Иштта а цуьнан духарна а, иза тIехь Iачу транспортан гIирсана а реза воцучу воккхачу стеган кхин а дог даьттIа уллехь нисвелча шега невцо салам даларна.

„Ой, ахь хIун лелайо коч йоьхна кху вилспетна боьххье а ваьлла?“ - аьлла хилла боху стундас невце. „Хьенех, коч ма яц иза, вайн Пайхамаро, Делан салам хуьйла, лелийна духар ма ду иза“, - аьлла кийтарло ян гIоьртинчу невце стундас аьллера боху, „Делахь, и Пайхамар Сибрехахь воьсина хиллехь, аш аьхкенна юккъехь кетарш лелорг хир яр-кх“, - аьлла. „Хьада вало тIаккха, керистанийн вилспет тIера охьа а воссий, эмкал тIе хаа хьайна“, - аьлла тIе а тухуш.

И дийцар, хетарехь, вайн заманахьлерчу керлачу халкъан бартан кхоллараллера ду, цхьаццаболчара боккъал а Берлинехь стундений, невцаний юккъехь хилла къамел ду бохуш чIагIдахь а. Европерчу ношчашлахь яьржаш йолу керла трендаш беламе йохуш ю цу чохь – божарша Iарбойн духарш лелор, вилспеташ хехкар.

Нагахь санна хьалхарниг цхьа жимчу тобано бен лелош доцуш, ша-тайпа субкултура санна хIума делахь, вилспеташ хехкар Германехь а, цхьа могIа кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу вайнаха жим-жима кардерзош хIума ду. Малхбузехь вилспеташ лелон атта а, дорах а, Iедална а, юкъараллина а гергахь вуно сийдолуш хIума а хиларна.

Германехь а, Австрехь, масала, костом-хечий духий, коча галстук а уллий кечбелла къонахий а, лекха кIажош долу мачаш а, юбкеш я кучмаш а йоьхна зударий а го вислпетахь балха дIасаоьхуш. IЕдало в вуно дика хьелаш кхоьллина машенашна метта вилспеташ лелочарна – царна лерина шайн светофораш а, шайн некъаш а ду, шайн хьашташ лардеш йолу профессионала цхьаьнакхетаралла а ю церан. ХIора шарахь стикъалкъекъа баттахь балха вилспетехь оьхучарна лерина немцойн махкахь дIахьон акци, тоьллачарна совгIаташ а деш.

Даханчу шарахь цу акцехь дакъалаьцнера 150 эзар стаго. Шен рогIехь Австрехь кхин а алсамох хьелаш кхоьллина – Венехь, масала, хIора кIоштанахь мас-масийта вилспетийн станцеш ю, сайт тIехь цкъа регистраци йичхьана цхьана сохьтехь мехаза вилспет хахка бакъо луш. И сахьт дIадолучу хенахь хьайна уллохь нисйеллачу кхечу социйлехь и вилспет дIа а хIоттийна, кхинарг схьа а эцна, юха а цхьана сохьтехь хахка йиш ю иза.

Шайн дахарехь духхьара вилспет Европехь хаьхкина бу цигахь бехаш болчу нохчашлахь дуккха а. Бакъду, шай-шай вислпет хохкуш хилар нахалахь кхайкха дан я хаийта ца лууш хуьлура хьалха дукхахберш, хIунда аьлча, и транспортан гIирс халкъалахь цхьа пайдабоцууш я вуьшта аьлча, берийн ловзорг санна тIеоьцуш хиларна.

Амма тIаьхь-тIаьхьа вайнах а кхетта, вилспет хахкар хIуммаъ эхь доцийла, мелхо а, могашаллина а, Iаламна вуно пайдехь хIума дуйла бохуш дийцира журналисто Эрсно Казбека.

Эрсно Казбек: „Кху аренца вилспеташца лелаш вайнах алсамо го суна. ЦIахь-м ца гора уьш, эхь долуш санна хетар вайна воккхачу стаго вилспет хаьхкича. Кхузахь кхин сурт ду. Вайнаха уьш кхузахь лелор кху бухарчу къаьмнаша и вилспеташ лелор даьржина хиларца доьзна хила мега, царна цу вилспетех болуш болу пайданаш кхетта хиларца а. Со суо а ву вилспет лелийна, бакъдерг дийцича карарчу хенахь иза йоцуш ву со, шиъ вилспет хIинцалца схьа лачкъийна сан. Амма сан массо а накъостийн ю уьш, шайн мукъа хенахь ара а бовлий, хохку цара уьш“.

Нагахь санна нохчийн божаршна Европехь тоххарехь вилспетах болуш болу пайда бевзинехь, кхин хьал ду зударшца. Iедало лерина бусалба зударшна кхоьллина вилспет Iамош курсаш ю Австрехь, амма нохчийн зударий цига ца лела, эхь хеташ я диаспорехь хьалхарниш хила ца лууш, бохуш дийцира зударшца тайп-тайпана проекташ еш йолу социалан белхалочо Сагаипова Маликас. Иза тешна ю, зударшна вилспет хахкарх вуно боккха пайда бер бар аьлла.

Сагаипова Малика: „Бусалба зударшна Iедало йина проект яра, вилспет хахка Iамош. Цига оьхуш Iарбойн а, туркойн а, боснихойн а зударий бара, амма нохчийн зударий бацара цигахь. Амма и санна йолу проект нохчашна а дика хир яра, хIунда аьлча, могашаллина чIогIа дика ду вилспет хахкар, уггаре а хьалха совнаха дилх долчарна а, кхинйолу цамгарш йолучарна а. Соьга хаьттича, хазнесанна дика хир дара-кх вайн зударша вилспет хохкуш хилча. Кхузахь санна иза хахка дика хьелаш цхьанхьа а хир дац, суна хетарехь“.

Цу юкъана Венерчу интеграцин хьукмато лерина ю тIейогIучу гуьйранна нохчийн зударшна шаьшна, новкъа-нацкъар цхьа а воцуш, шайн вовшашлахь вилспет Iаморан курсаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG