ХIор шара мархийн баттахь, Урдунера Iаьрби а нохчи, мархин баттахь КIоръан деша а ламазаш дан кечло. Шеран дахал доьшуш доллушшехь, хIокху беза баттахь ерриг ойла цуьнан а Делан гIуллакх тIе ерза еза дино ма аьллар.
КIоръан дешар, ламазаш дара а, нахана дика дара а, сагIанаш дахар бен ца хуьлу мархин баттахь. Белхан сахьташ охьузу Iедало, 8 сахьт тIера 5 сахьт тIе.
ХIор денна пхьуьйре ламаз а, терахьаш дан оьху божарий. Зударий, дино ма аьллар, терахьаш цIахь до, делахь цхьа болу зударий оьху маьждигашка терахьаш дан.
Кхин меле Делан гIуллакх дан, цхьа болу зударий гуллуш КIоръан туьдуш а, вовшашна Iамадеш иштта жигаралла лелайо. Иштта мархин деношкахь зударшна КIоръан хьоьхуш, шайн йолчохь уьш гулбеш Урдунера Надья ю.
Надья: Мархин бутт КIоръанан бутт бу. Хьалхалерчу Элчана доттагIаша а (Асхьабаш), дикачу наха а, мархин баттахь массо хIума Iаддитий къорIан тIебоьрзуш хилла. Оха Урдунехь и хIума до.
Сайн Ненан кертахь, гонах болу вайнехан зударий гулбой къорIа хьоьху ас делкъал тIаьхьа, сарахь царна яахIума ян хан хилийта, иштта хьалххе, тхан нанна тIера сагIа хира ду, ткъа Делан элчанан хьадис ду « шух уггара диканиг КIоръан Iамадина, иза нахана Iамош верг ву» аьлла.
Цул сов, «Делан гергара нах бу нахах» аьлла ду. Уьш муьлш бу, аьлла хаьттича Делан элче «КIоръан доьшуш, КIоръан Iамадеш берш, Делан гергар нах бу" аьлла.
Кхузахь зударша мархин бутт балале шайн цIера марханаш даьстича бийр болу кечамаш марханаш лацале бо, мархин баттахь къорIа деша а Делан гIуллакх дан хан хилийтархьам.
Кхузар цхьа болу Iаьрби нехан Iедал ду гергара нах чукхойкхуш, яахIуманаш еш. Цунах царна тIаьхь-тIаьхьа бала хилла. Цкъа делахь, дуккха ахча духку, вуьшта и яахIуманаш сов йолий дIакхуьйсу. Иза вуно хьарам ду. И Iедалш Делан дуьхьа а доцуш, царех бала ца луш бал хилла цхьаболчу нахана. Зударий Iад хIоргана чохь лаьтта хIокху йовхачу хенахь.
Цкъа марзахой чукхойкху, шолгIа стунцхой, ламаза дан а, къорIа деша ца хIуттуш. Цхьа дика, нохчийн дац и Iедал. Вайнехан синкъерамаш гIелло. ХIор шайн цIахь къорIа а доьшуш, дIаса вала мукъа воцуш, хIара мархин бутт чекх балале дезар эца гIерташ.
МР: Дика гIуллакх ду Надьяс деш дерг. Ненан мотт Iаьрбийн балахь, КIоръан мотт жимма хало бу. Иза хуучо хьоьхуш ца хилча, цхьа беш тIаьхьа ца кхиа цуьнан маьIнех. КъорIа хьоьхуш волчуьнан боккха мел бу.
Марханаш досту аьлла, наха дукха кечамаш ца бо. Кхана марханаш досту аьлча, зудари шай-шайн цIенош цIен деш, мерза хIуманаш кечъеш, хурум юкъа йоллина а баIараш юкъахь йолу мерзагаллаш, екъа туьканар эций шоколад а, шекараш хула.
Бераша шаьш мархин бутт болалуш оьхкина чиркхаш кхечу кепар бохий кечбо. Божарша уьйтIахь дан деза гIуллакхаш до.
Марханаш даьстина дийнахь, наха вовшашна тIеоьху. Чайнан стака а, мерза хIума а кхоллий иштта и де чекхдолу. Бутт бахалла, зударша яахIуманаш еш къахьоьгу дела, дукха хьолахь наха цIахь яахIума ца йо. Арара бовлий, арахь яахIума юууш берш хуьлу. ТIеоьхуш болу хьеший хIете а вете хIума юууш саца ца соцу. Иштта чекхболу хIор шарахь мархин бутт.