Тамер Бено, Урдунан парламентан декъашхо: Пачхьалкх хийцаелла ган лаьа тхуна
КIира гергга ду Урдунан коьртачу шахьарахь Iамманехь халкъан гулам болабелла. Ца севцца протесташ, шега дарж дитар дехча, иза премьер-министро ал-Мулкъи ХIанис кхочуш динчул таьхьа а. Экономикехь хийцамаш бен боху цара Iедале. Протестхойн сатийсамех а, махкахь хIоьттинчу хьолах а лаьцна дуьйцу Маршо Радиога Урдунан парламентан депутато Бено Тамера.