Европехь Iаш долчу нохчийн берийн, бухахь долчу берашца нийсса, шайн боцучу маттахь Iамон дезаш хуьлу Iилманаш. ТIебаьхкинчу мухIажиршна къастийна леррина программаш яц, масалла, Францерчу ишколашкахь. Массеран а цхьатерра ю дешаран программа.
Амма керла веъначу, дикка мотт ца хуучу дешархочунна совнах урокаш луш, иза вукху берашна тIаьхьакхион Iалашонца гIо до Францехь хьехархоша. Берашна урокаш еш гIо деш леррина ассоциацеш ю цхьайолчу гIаланашкахь.
Сиха мотт а Iема вайнехан берашна, Iеминчул тIаьхьа, дукхахьолахь, цара дешарна тIехь кхиамаш а боху.
Ишколехь беран дешаран мур шина декъе бекъалуш бу Францехь. Берийн бешахь болу мур дIабалча, шакъаьстина йолчу юьхьанцарчу ишколехь доьшу бераша масех шарахь, цул тIаьхьа "колледж" олучу ишколехь кхин а масех шарахь лакхарчу классийн дешар Iамадо. Цул тIаьхьа "лицей" ю, цигахь бераша шаьш хаьржинчу балхана кечам беш доьшу.
Цхьаверг кхин дIа а лакхара дешар деша воьду университете, ткъа цхьаверг, лицей чекхъяьккхинчул тIаьхьа, болх бан волало.
Тайп-тайпана ду нохчийн бераша хоржу белхан некъаш. ХIораннан шен-шен бахьана хуьлу ша бинчу харжаман. Ша хIун болх хаьржина а, хIунда хаьржина а дуьйцу шен шо кхачале дуьйна Францехь ехаш йолчу Исаева Раянас: "Со хIокху шарахь колледжехь доьшуш ю, вукху шарахь адвокатан дешар деша лууш ю, хIунда аьлча Францехь дукха нохчий хуьлу проблемаш йолуш, мегарг дIабийца францхойн мотт а ца хууш. Сайна пайда бан а, нахана пайда бан а цига деша яха лууш ю со.
Цкъа хьалха лицейхь кхаа шарахь деша дезар ду сан, цул тIаьхьа университетехь пхеа шарахь дешча, болх бан йиш хир ю сан. Сан дас-нанас а, кхечу баккхийчара а дуьйцуш хезнера суна, адвокатана дуккха а ахча деллашехь, цо шен гIуллаккх лартIехь ца динера, бохуш. Цундела а лаьара суна и болх бан."
Францехь бехачу нохчийн хьашташка а, халонашка а хьаьжжина бу Раянас хаьржина болх.
Амма дахаран хьелаш хийца а делла, иза цIайирзинчул тIаьхьа, оьшурий техь цунна Францин низаман баххаш довзар, бохучу хаттарна дацаре жоп дала хьалхе ду хIинца а...
ХIунда аьлча, шайн мотт а, шайн дешаран система а дуьненчохь яржорна тIехь жигара къахьоьгуш ю Францин Кампюс-Франс цIе йолу хьукмат.
Кхечу мехкашкара студенташна Францин вузашка деша хIиттан гIо деш йолчу а, Францин дешаран система кхечу пачхьалкхашкахь яржочу а цу хьукмато хIинца Белорусехь а дIахьур бу шен болх.
Масех де хьалха Минскехь цхьанакхетарш дIадаьхьира Кампюс-Франс хьукматан векалша.
Цу хьукматан Кавказан а, Оьрсийчоьнан а, Юккъерчу Азин а декъан куьйгалхочуьн гIовсо Аликс Де Гассара элира ша цига керла оффис схьаелла еъна ю, Минскера Университеташца пайде цхьанакхетарш а хилла шен, цигара куьйгалхоша шайна Европаца йолу юкъаметтигаш чIагIъян лаьа а боху, аьлла.
Кампюс-Франсан векалша элира шаьш Минскехь динчу къамелехь, нагахь кегийрхошна Франце деша баха лаахь - иза дан а аьтто хир бу, нагахь царна шайн даймахкахь францхойн маттахь Iилманаш Iамон лаахь - иза дан а аьтто хир бу, аьлла. "Церан дешар ахчанах дозуш а хир дац, дика хаамаш берг шен хьекъалца доьшуш хир ву, Францехь Iедалан чоьтах доьшу бераша," - элира цара.
Дуьненчохь францхойн матто а, дешаран системо а хьалхачул шуьйра меттиг дIалоцуш хиларо Францехь эзарнашкахь доьшуш долчу нохчийн берашна шайн меттиг миччхьа а карориг хиларх тешам ло.
ТIамах нохчийн къомана даьлла зулам хьакхаделира берийн дешарах а. Цундела Европехь дахар маьршачу хорше дирзинчу кегийрхошка баккхийчара, шайна мехаза, маьршачу махкахь деша баьллачу аьттонан хама-пусар даре кхойкху.
Iилма Iаморан мехалла юьйцуш хьехам бо Францерчу Ниццехь Iаш болчу кегийрхошна цигара маьждиган Имам волчу Магамадов Рамзана.
Телефонаша а, компьютеран ловзарша а ца бахьа пайда, книгаш ешаро бахьа, бохуш дийцира цо ша кегийрхошка бечу кхайкхамехь: "Вай телефонаш тIехь а, компьютераш тIехь а Iерах гIуллакх хир дац шуна, хIай кегийрхой. Вай тахана книгаш еша еза, пайдехьа книгаш тIера дикачу нахана тIаьхьадазан а деза. Ваьш Iаш долчу пачхьалкхехь ишколашкахь а, институташкахь а, университеташкахь а доьшучу берашка боху вай, Iилма Iамаде! Оцу Iилманца дуьне а ду шуна, Делан къинхетам а бу шуна.
Iилма долчу стага ша Iаш волчу пачхьалкхана а пайда бахьа, ша схьаваьллачу пачхьалкхана а... Вайн Нана-ДегIастана чохь вай боккха пайда бийр бу-кх тIейогIучу хена чохь. Европехь а, дерриг дуьненчохь а дIасабаьржинчу вайнаха, нохч-гIалгIайша вешан Нохч-ГIалгIайчоьнна а, вешан Кавказана а боккха пайда бийр бу, хIунда аьлча, оцу Iилманца ду дерриге а..."
Яйна тIаьхье ю, цIаберзахь а, шаьш хIун лелон деза а хуур дац, бохуш социалан машанашкахь шайх доху бехкаш бух боцуш дуйла а, дуьненан мичча а маьIехь шаьш Iамош долу Iилманаш шайна карор дуйла а гойту спортехь а, дешар тIехь а баккхий кхиамаш гойтучу Европера вайнехан бераша.