ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIала, мел делла ахь хьайн хазаллах?..


ТIаьххьарчу ахбIе шерачохь кхечара ца лайнначул бала лайна Соьлж-ГIала дуьххьара дац Путинан Iедало пачхьалкхерчу гIаланашлахь уггаре дикачех ю боху ойла Оьрсийчухула яржош.

Стохка иза 44-гIачу меттехь яра оцу гайтамехь.

Ткъа яхначу аьхка кхин а лакхаяьккхира рейтинг. NewsEffector шех олучу мониторинган агенталло Оьрсийчохь уггаре ирсе ю аьлла къастийра Соьлж-ГIала. Хьалхарчу итт гIаланийн могIарахь яцара я Москох а, я Петарбух а. Амма нохчийн шахьар тоьллера цигарчу бахархоша цхьабосса аларна шаьш ирсе ду. Шайгарчу хьолана реза ду, экологи кхузахь вуно дика ю, кхерамзалла а ю лаккхара, аьлла бохура бахархоша цхьабосса.

ХIинца оцу хьелийн терза оьзнарг ю Оьрсийчоьнан Iедалан Финансийн Университето. Комфорт, рицкъан, таронийн кхачо лаккхара ю, некъаш тоьлла ду, Iер-дахар хаза ду, хIусамашка коммуналан хьелаш ма-оьшшу кхочу, лоьраш дика, хьаькамаш къинхетаме бу Соьлж-ГIалахь, аьлла шайга хеттарш динчу бахархоша.

Цундела хьалхарчу могIара хIоьттина Нохчийчоьнан коьрта шахьар. И тоьшалла далийна Финансийн Университетан проректоро, экономикан Iилманийн докторо Зубец Алексейс.

Деладенна вуно дукха нах, новкъахь яккхий халонаш а ловш, Европе дIаоьхучу махканна тамаше делахь а, Зубеца бахарехь, миграци лахара хиларо а белла Соьлж-ГIалина лакхара меттиг.

Дика дара Соьлж-ГIаларчу дахаран мах хадош талламчаша Маршо Радиоца къамел дина нах а лебина хиллехь. Университетан проректоран Зубец Алексейн зерашца, халахеташ делахь а, ца догIу оцу бахархошна гург.

Старопромыслашкахь веха Ризван. Цунна иштта го.

Ризван: «ГIала ю боху тоьллачарех?! Валлай Iазамора ю-кх! ЦIена хиларца и тоьлла ю, иза бакъ ду. Адамийн садаар-сагатдарца массарел тIаьхьайисина а ю. ХIунда аьлча, дарбан цIийнахь лартIехь цхьа а хьожуш вац, ахча хьалхадаьлчий бен. Хьаькамех цхьаннан зуда ялийна меттиг хилча, йоI маре йоьдуш хилча, къовлий лаьтта урамаш, некъаш. Хаттар-алар а доцуш, хьо декхаре ву газна а, серлонна а олий, шийлачу хенахь воккху оцу хьелех….»

Соьлж-ГIала хаза хиларна къера ву Октябран кIоштера Виса. Амма еккъа цхьана хазалло ца кхобу стаг, цунна рицкъ а деза, цхьацца кхидолу хьелаш а деза вехачу меттигах воккхаве, элира цо.

Виса: «Массо а гIаланашкахь тидам бича, сайн Соьлж-ГIала дика а хета суна, цIена хилар, цуьнан оьзда хилар, урамаш цIандеш хилар… Амма маьрша-м яц. Чохь лелаш низам дацарна. Iедалехь болучарий, ахчанаш долучарий балехь латтадо-кх адам".

Хазанехан санна кIорга ю, оццу Окьтябран кIоштахь вехачу Ахьмада бахарехь, шахьаран хьунаш. Тоьлла бехарш цигахь цхьа хьаькамаш бу, бисинчаьргара хьал дац да хьеггал.

Ахьмад: «Цхьана ткъеха стагана массо хIума дIа а делла, адамех сагIадоьхургаш а йина, …пхи-ялх бIе туьманах ши тIоьрмиг дама эцахь, виси хьо…ЛартIахь вер-вериг хIаллакьхиларна дуй а хаац, нохчалла а доцуш, адамалла а йоцуш, воккха-жима воцуш ду…».

Болх боцург вийца а ца оьшу, иза берг а вац ваха таро йолуш, бохура Ленинан кIоштехь Iачу Iисас.

Iиса: «Хиндерг хаац, схьагучу суьртаца, нах бIаьрзе бу, бIаьрзе, хIун дийр ду ца хууш, тIахьало йолуш хIумма а дац, хIора дийнахь мехаш тIебетта, алапаш тIе ца туху, охьадохуш ду…».

Стенггахь а хьо вехаш велахь а, хьуна хьайн дахарх воккхаве оьшу лулахь туька, гена ваха ца везаш лоьралла ден меттиг, кхийолу сервисаш. Ткъа уьш хиларх а пайда бац доккху ахча тоьаш дацахь. И агIо елхайо кхечу Ленинан кIоштарчу вахархочо Рамзана.

Рамзан: «Мехаш массо а хIуманна девлла хьала. Инфляци яц боху, ткъа мехаш кхузза-доьазза хьаладевлла…».

Тоьллачу гIалин могIара йилла догIу, я ца догIу Соьлж-ГIала? И хаттар Нохчийчохь тIемаш бирзичхьана а лаьтта политика хилла. Тоьлла гIала ю цунах олучу нохчочух чекх са го кхечу нохчочунна. ГIала хаза хиларх ца тоьа, Кремло оцу хазалле иза кхачориг бахархошка вуно-вуно боккха мах охьабиллийтина хилча, олу оцу «кхечу уллерчу нохчочо». И къовсам, гарехь, кхачор а бац хенан йохалла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG