ХIусам ерг мелла а ирсе ву, йоцург – декъазчул а декъаза ву, массо а къамнашлахь а санна, вайнехан кхетамехь а.
Ткъа халачул а халаниг ду, тIемашций, къам хIаллакдешший, лилхадоккхушший тIедеанчу Iедало, ша хIаллакдинчу Iедалан низамаш хуьйцуш, нехан кхолламаш а кегбеш хилар.
Дудаев ЖовхIаран а, Масхадов Асланан а заманахь бахархошна елла петарш, лаьттан дакъош, царна тIехь йина гIишлош, церан долахой бехке болуш санна, долара а баьхна, баккхий мехаш а бохуш, хIусамаш ахчанех юхатIеязъян йолийра Нохчийчохь цигара шолгIа тIом боьрзу мур тIекхаьчча. Керлачу хьакамаша ма-доьхху, кехат-орам боцучу гIишлойх баьхна дукха нах 2000-лагIчу шарера охьа схьа.
Цхьана а дега я орца даккха а йиш йоцу категори ю воI я йиша-вешалахь тIемало хилла стаг доьзалехь волу нах. Цара даха а ца доху орца. Ур-атталла, шаьш схьакарийча, журналисташка я бакъоларъярхошка дерг дийца а ца баьхьа уьш. Царех ю, масала, Европехь ша а, шен ши воI а веха ПIетамат. Шен аз хазийта я еха мохк бовзийта а ца лаьа цунна.
2007-чу шарахь, школа ма-яьккхи, хьаннашка вахана, тIемалойх дIакхетта ПетIаматан воккхахволу воI, куьг даьккхина. Кадыров Рамзанна тIе а йигина, ен санна хьийзийна иза. Цул тIаьхьа Соьлж-ГIаларчу хIусамах яьккхина. Деккъа дIа, бахка а баьхкина, ордер дIа а эцна, араяьккхина шен петарчуьра. 9 шо даьлла цул тIаьхьа, амма Кадыров Рамзан хьахийча а, я цуьнан сурт гича а мегаш яц ПетIамат, шен дог вон хуьлу, боху цо.
ПетIамат санна, хIусамех а бохуш, нах бIеннашкахь белхийна Нохчийчохь. Сецна дац, гергарчийн селхане тIех а етташ, хIусамех нах бахар тахана а.
Оцу декъанна тIекхетта хIинца вуно дукха кхиболу бахархой. Оьрсийчоьнан Iедало шен низамца керла кеп тIеэцна нахана хIусамаш долахь латто торуьйтуш. Керла «пачхьалкхан реестр» аьлла цунах. Цуьнца а догIуш, цIенош шайн хилар тIечIагIдан рогIера кехаташ вовшахтоха деза нехан. Ткъа и кехаташ даха я бух ца карабо, я даккхийчу ахчанашца яккха еза долахочун бакъо.
Изза хьал лаьтта шайна цIенош ца дича ца бовлучу къоначу доьзалшна хьалха а.
Кхеташ ду, деррин а хила деза низамехь, беш ехар а, гIишлош цу тIехь йоттар а. Амма бюрократин хIазарший, къайлах-къулах бохучу мехаший садукъдиначийн ца тоьа цхьацца хьелашкахь я собар а, я ахча а. Уьш карахь дуьззина кечдина кехаташ а доцуш буьйлало хIусамаш йогIа. Амма хан ялале кхочу Iедалан цIарах тракторш, булдозерш. ДIахьокху дина девлла а, довлаза а цIенош, гонаха боьлхуш долахой а лаьтташ.
Иштачех сурт хIоьттина Шелан, ТIехьа-Мартанан, Гуьмсан, кхин а массех къоштан ярташкахь. ГIуларара даьржина хIара аьзнаш масала.
ГIулархочун аз: "Шайна бевза-бевзачаьрга дIаала, трактор ю кхуза ялийна лаьтташ, иза лаа дац. Вайн само йовшшехь, цiенош дIахьакха долор ду. Шелахь а хилла изза, нехан бIаьрг тIера боллушехь, гергахь лаьттинчу технико цIенош дIахьаькхна. Сема хила!"
Ков-керташ юхадоладаха декхаребина хIинца Нохчийчохь хIора а санна доьзал. Леткъамаш баржабо наха социалан машанашкахула цуьнца доьзна, и дан шайна кхераме доллушехь. Царех бу де-ши де хьалха Ютубехула евзаш йоцчу зудчо баржийна латкъам а.
Ютубера аз: "ЦIенош доладаха бохуш делахь, уьш доладохург тахана шортта ахча доьху. Нехан и ахчанаш дац. Тохара вайн дайшна, дедайшна керт-кевнаш и хIума а ца лелош, тIера ял а оьцуш, селсоветехь тIеяздора. ХIинца массо а агIор нахера сом даккха гIерташ, сахаьдда массеран а.
Тахана нехан дан ма дац и ахчанаш. Тахана нах чохь яа хIума а йоцуш бу, таронаш йоцуш бу. Балхахь бац нах, некъахь бац. Белхан меттигаш яц кегийрхошна, уггар хьалха сан чуьра дуьйна дIа. Сан ши кIант ву зударий а болуш, доьзалш а болуш, бан белхаш а боцуш".
Ши бакъдерг лела махкахь массо а хIуманца. Нехан логикий, Iедалан бакъой. ВорхIа а дегара схьа шаьш чохь деха цIенош юха а стенна хьедо, ца кхета уьш. Ткъа Iедална раж еза, лаьа пачхьалкхехь хIора а адам шен бага хьаьжначуьра дIаса ца долийла, шен бохча дузуш дехийла.
Амма Iедал шен декхарш кхочушдечу новкъахь а малонча хилча, галдолу дерриг. Дашна ала, Куьршалан къоштан прокуратуран сайта тIехь лаьтта цхьа хаам.
«Бахархойн хIусамна йолчу бакъонийн меттигерчу Iедалша муха тIаламбо теллина прокуратурано. Гучудаьлла, кIоштан кхеташонан депутаташа бахархоша ечу гIишлойн барам къастийна цахилар. Оцу хьоло низам талхочу новкъабоху бахархой. Цуьнца доьзна депутатийн кхеташонан куьйгалохочуьнга дIахьедар а дина кIоштан прокуроран гIовсо Ахматов Джабраила», - боху сайто.
Мел мухха а делахь а, могIара бахархой хуьлу бехке. Шаьш-шайггара йоьттина бохуш, охьаотуш ю керлайина гIишлош. Эрна хIаллакхдеш ду, охьадилла деза ахча а кхоийна, доьттина цIенош, лардаш.
Реза бац нах. Амма кхин леткъамаш бан меттиг а яц церан, цхьа ватсап, фейсбук я уьш санна болу, массара а дог дассош лелабе машанаш боцурш. Царна тIера йозанаш доьшу дукхахболучара, цхьаболучарна – Iедална неIалт алархьама, Iедалхоша – и нах леца а лоьцуш, Кадыров Рамзанна хьалха белхорхьама.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832