ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн гIоьнца чудаийтина Украинехь Боинг, аьлла, хета Малхбузенехь


Украина -- ОБСЕ-н миссин векалш бу Malaysia Airlines Boeing 777 кема охьадоьжначу меттехь лаьтташ. Товб. 18, 2014.
Украина -- ОБСЕ-н миссин векалш бу Malaysia Airlines Boeing 777 кема охьадоьжначу меттехь лаьтташ. Товб. 18, 2014.

Украинехь Малайзи доьду кема чудаийтарна гуонахьа сихонца хил ма-беза талламаш баре кхойкхуш ю дуьненан юкъаралла.

Украинин дозанна тIехь маьрша нах дIасалелош долу кема чудожарца я иза цхьаммо чудаийтарца цу махкара хьал а, дуьнено Оьрсийчоьнца цигара хьал бахьана долуш хIинцалца схьа лелийна юкъаметтигаш а бухера дуьйна хийцалур ю аьлла хеташ бу Малхбузера дуккхаъ тергамчаш.

Цу тергамхойх доккхахчу декъан шеко яц, и кема Украинин малхузехь Оьрсийчоьнан гIоьнца а, цуьнан питнашца а, цуо латточу герзашца а тIемаш беш болчу сепаратисташа чудаийтина ду бохучух. Цхьаццаболу аналисташ кхин а гена бовлу шайн хетаршкахь – цара хила там бу бохуш дуьйцу, и кема Оьрсийчоьнан дозанна тIера герз тоьхна чудаийтина хила а.

Мухха делахь а, маьрша нах чохь болу кхечу пачхьалкхан кема Украинин дозанна тIехула доьдучара чударо цу конфликтехь кхин юхаверза некъ ца буьтуш долу доза хадийна аьлла хета тергамхошна. „Малайзерчу кеманца Iоттайеллачу трагедино гойту, Украинин малхбалера хьере хьал мел гена даьлла бохург: Москох, цхьа а эхь-бехк а ца лардеш, цигара хьал холчохь латторхьама питанаш лелош ю, ткъа Киев шен миллионаш бахархойх шеконаш йолуш ю, уьш террорхой буй-те бохуш.

Цул совнаха тароне а, тIеIаткъаме а болчу украинхоша, шайн бахамаш ларбархьама, марсаюьху и конфликт“, - бохуш яздо пIераскан дийнахь шен коьрта артиклехь немцойн „Тагесанцайгер“ газетано. Цундела, тешна бу журналисташ, дуьненан юкъаралло шен шога дош ала деза хIинца мукъане а – тIеман шинна а агIонна кхетташ дIа а гойтуш, сихонца цхьаьна охьа а хевшина, машаре дагадовларш дIадолор бен, церан кхин некъ боцийла дIа а хоуьйтуш.

Кеманна чохь велларг бехк-гуьнахь а доцу 300 герга стаг ву. Бакъду, цу мисканинй кхоллам уггаре а кIезгох хьехош бу Украинас, Оьрсийчоьной хиллачух вовшашна бехк тIетатта гIертарехь. Иштта пIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира муьлха а кема шен дозанна тIехь чудоьжначу пачхьалкхено жоьпалла такха еза хиллачух аьлла дIахьедар дира. Ткъа Украинин президента Порошенко Петрас террорхой, сихбелла, шаьш динчун лараш яйъа гIерташ къахьоьгуш бу аьлла элира.

Малхбузерчу аналистийн а, хаамийн гIирсийн векалийн а кIеззиг шеконаш ю, и бохам Оьрсийчоьно дакъа ца лоцуш хилла бохучух. Иштта масала, The Wall Street Journal чIагIдарехь, Вашингтонерчу куьйгалло тидаме оьцуш а яц, украинхойн тIеман ницкъаша и кема чудаийтина хила йиш ю боху верси, хIунда аьлча царна кхеташ ду куьг бехкенарш оьрсийчоьно кхобуш болу сепаратисташ хилар.

Цхьаццадолу тоьшаллаш а ду цу хIуман. Иштта, масала, Малайзин кема авиадиспетчерийн экранашна тIера дайнера I6.20 минот яьлча. Ткъа цул тIаьхьа нийса 25 минот яьлча и кема чудеънера. Сахьт а далале социалан машанашкухалу яьржира, Оьрсийчоьнгахьарчу сепаратисташа шаьш украинхойн кема чудаийтина бохуш деш долу дозаллаш.

Хиллачун бехкенарг милла а велахь, шинна а пачхьалкхана юхькIам болуш хIума дац и кема чудар, бохуш дуьйцу Венерчу политолога Чапханов Руслана. Уггаре а коьртаниг – цу чохь хилчу нахана а, церан гергарчарна а баьлла бохам бу элира цуо Маршо радионе. Ткъа бехке мила ву-вац бохург, шеко йоцуш, къайлагIур дац, мацах Шотландин стиглахь Каддафин наха кема чудаийтина хилар къайла ма ца даххара.

Чапханов Руслан: „ЮхькIам болуш хIума дац иза я Путинна а, я Порошенкона а. И кема чудаийтархьама тоьхна хилла аьлла а ца хета суна цара цунна. Цу Донецкехь а, Луганскехь а болу нах кхин башха и герзаш лелон хууш нах а бац. Ца хууш чудаийтина ду иза цара, схьагарехь. Суна иза тоххара Каддафис Шотландин стиглахь Локерби гIалахь кема чудаийтар санна хета. Иза санна, хIара а къайла гIур дац.

Суна хетарехь, чIогIа тIеIаткъам а, вуон тIаьхьалонаш а хир ю Оьрсийчоьнна и бахьана долуш. Дуьненчохь дукхахболчара оьрсаша чудаийтина лоруш ду и кема. Путин Владимиран а, Оьрсийчоьнан а престижана доккха зе а ду иза. Дуккхаъчу хенахь яккхий харжаш ян езар ю Оьрсийчоьнан и шайн престиж юхаметтахIоттон гIерташ“.

Дуккхаъчу тергамхошна хетарехь, хIинца Оьрсийчоьнна дуьхьал кхин а цхьа могIа керла санкцеш тIеэца там бу Малхбузено. Ши де бен дацара Цхьанатоьхначу Штаташа а, Евроберто а Оьрсийчоьно Украинехь лелош долу питанаш бахьана долуш цу пачхьалкхан дуьхьал керлачу санкцийн кочар тIеэцна.

Хиллачун Оьрсийчоь бехке лоручу аьзнашна юккъехь дека бевзаш болчу Малхбузерчу политикийн аьзнаш. Иштта масала Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар лаьттинчу Клинтон Хилларис элира журналисташка, оцу бохамна бехке берш Оьрсийчоьнгахьара гIаттамхой хиларх тешам лсамболуш бу аьллера. Ткъа Iамеркерчу сенатора Маккейн Джона Оьрсийчоьне хилачух жоьжагIатан мах балийта беза элира.

Европера аьзнаш мелла а собаре дека. Иштта немцойн канцлер Меркель Ангелас элира, и бохам хилла хIинца а дей-буьйсий бен ца даьлла, бехке мила ву-вац бохучун жамIаш дан хьалхехь ду хIинца а, аьлла.

XS
SM
MD
LG