Кхерамазаллин сервисаш дийцарехь, хьалхарчу къамелехь сепаратистийн командир Безлер Игор хаам беш ву Оьрсийн ГРУ эпсаре Геранин Василига, и кема шаьш дохийна бохуш.
«Оха хIинцца кема чудаийтина. «Минёран тоба» яра и динарг. Енакиевона гена доцуш доьжна иза», дIаязвина Безлер олуш.
ШолгIа къамел шина сепаратистийн тIемахочунна юккъехь ду. Царах цхьаъ кема чудоьжначу меттехь ву. Цхьамма вукхуьнга дуьйцу и кема чудаийтинарш 25 км къилбаседехьа болу гIалгIазкхий бу бохуш.
КхоалгIа къамел ду меттигерчу гIалгIазкхийн буьйранчина Козицын Миколиний, вевзаш воцчу тIемахочунний юккъех. «Цу тIехь шпионаш хилла хир бу. ХIун гIуллакх дара церан кхузашхула лела? Кхузахь тIом бу боьдуш» олу Козицына.
«Суна декъий охьадоьжна меттиг бен ца гина. Чоьхьара гураш, гIанташ, декъий ду цигахь», дуьйцу къамелехь цхьана гIаттамхойн «майоро».
Маршо Радионан цхьа а аьтто бац и къамелаш бакъ ду-дац къасто.
Украинин Кхерамазаллин Сервисо дуьххьара и къамелаш гIазкхийн маттахь Iорадехира шен YouTube агIонна тIехь. ТIаьхьо, уьш шуьйро довзийта, цуо уьш ингалсан а, немцойн а меттанашка гочдира.
«Оха массо хIума дийр ду, и зулам дина болчу Оьрсийн эскархошна таIзар дан», боху Украинин пачхьалкхан кхерамазаллин хьукматан коьртехь лаьтташ волчу Наливайченко Валентина.
Iорадаьхна долу къамелаш цхьа жима дакъа бен дац шина пачхьалкхана юккъехь боьдуш болчу информацин тIеман.
Хьалхо оьрсаша YouTube тIехь хьалаоьхкинера Малхбузера политикашший, Украинера хьаькамашший дина долу цхьамогIа къамел. Къаьсттина гIаръелира Украинин премьер-министр лаьттинчу Тимошенко Юлияс а, Iамеркера дипломата Нуланд Викторияс, маьттаза мотт а буьйцуш, приват йиттина йолу телпонаш.
Ткъа тIаьххьара хаам Комерсант газетин репортерера Барабанов Ильягара бу. Журналисто шен Твиттер агIонна тIехь дуьйцу шен Геранинца телпон чухула хиллачу къамелех лаьцна. Геранинс ша цхьанца а ца дийцина чудоьжна долу кема, аьлла, чIагIонаш йина журналисте.
Ша юха цуьнга телпон дIатоха гIиртича, ГРУ белхахочо кхин телпон схьаоьцуш яцара, бохуш, яздо Коммерсантан репортеро.
Украинин Iедалша бечу хаамца, Боинг чудаийтина БУК-М ракетийн комплексо. Оьрсийн хаамийн гIирсаш дийцарехь, и ракеташ сепаратистийн кара яьхкинера, Украинхойн эскаран дакъа шаьш эшийча. Амма хIокху видеоно шеконаш кхуллу и тайпа чIагIдарех: