ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишан тIедилларца тIелата кечлуш хилла аьлла бехкебина Бельгихь Нохчийчуьра доьзал


Бельгин полици, гайтаман сурт
Бельгин полици, гайтаман сурт

Бельгира Брюгге гIаларчу зуламан кхело бехкаш дохкуш сацамаш бина стохка стигалкъекъа-беттахь лаьцначу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан веа агIончан хьокъехь. Тобанан хьалханчана С. Абубакарна чохь даккха 15 шо хан тоьхна терроран тохар дан кечам барна, ткъа набахтехь такха иштта хан кхайкхийна цуьнан хIусамнанна а, хаамбина Бельгин VRT телеканало.

2023-чу щеран стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Розеларехь, Мененехь, Остендехь, Вевельгемехь, Гентехь а дуккха а талламаш бина. Цигахь лаьцна шеконашца ворхI стаг - дукхахберш Нохчийчуьра бу царех. Бельгин Коьрта прокуратурехь дIахьедина, ткъа шо гергга хенаш йолчу кегийчу наха "жигара герз лоьхуш хилла" аьлла. Талламо гайтина, Антверпенера масех кварталашкахь, ЛГБТ-барехь, полицин декъехь, НАТО-н гIишло чохь а тIелата кечлуш хилла уьш аьлла, хаамбина Брюггера кхелан пресс-секретаро Амели Ван Беллегема.

Зуламан машан хьалханча ву аьлла лаьцначех цхьаъ ву С.Абубакар – цунна уггар лакхара хан тоьхна – 15 шо. ДаIишна ваIда деш цо йаьккхина видео а, бомба йар хьоьху инструкци а карийна хилла талламхошна, дуьйцу VRT канало. Набахтехь даккха 8 шо кхайкхийна цуьнан хIусамнанна оцу зуламан декъахь йу аьлла. Оцу гIуллакха йукъара кхин а шина стагана арахь йаккха хан а, гIуда а тоьхна - ву царлахь Абубакаран ваша а.

Лаьцначех цхьаъ бехказа ваьккхира – кхелан гIишло чохь маьршаваьккхира иза лаьцна кIира даьллачу хенахь. Шеконаш йолчу кхин а шина стеган кхолламах къастаза дуьсу.

  • Товбеца-бутт бовш Бельгин прокуратуро дIахьедира "Вилаят Хорасан"- "Исламан пачхьалкхан" овхIанхойн гара ду и, тобанца воьзна хилла аьллачу шеконашца Нохчийчуьра кхо вахархо лацарх. Царна бехкаш дехкина теракт кечйарна.
  • Гезгмашин-бутт чекхболуш Францин полицино тайп-тайпанчу гӀаланашкахь йоккха леррина операци дӀайаьхьира, радикализаци йарна шеко йолу нохчийн диаспоран итт гергга стаг лоцуш. Цунна тӀаьхьа дӀакхайкхийра, гергарчу хенахь хир йолчу аьхкенан Олимпиадехь футболан ловзарех цхьанна йукъахь теракт йан дагахь хилла аьлла. Цунна бехке веш ву 18 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла жима стаг.
  • Германехь 17 шо долчу Нохчийчуьра жимчу стагана набахтехь даккха диъ шо хан тоьхна, теракт йан кечам бина аьлла, бехке а вина.
  • Европерчу мехкашкахь беха 200 эзар сов нохчий - уггар йаккхий диаспораш йу Францехь а, Германехь а, Австрехь а. Европал арахьа диаспораш йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Канадехь а, Гергарчу Малхбалехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG