ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политика йоцург, ненан мотт а, гIиллакхаш а дара Нохчийн дуьненаюкъарчу конференцехь дийцаре деш


Дани -- Дуьненаюкъара Нохчийн конференци схьайоьллуш ву Ичкерин Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад, КопенхIаген, 17Заз12
Дани -- Дуьненаюкъара Нохчийн конференци схьайоьллуш ву Ичкерин Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад, КопенхIаген, 17Заз12

Маршо Радионо хьалхо ма-дийццара, Данерчу Нохчийчоьнна гIорторъяран комитето дуьненаюкъара конференци вовшахтоьхнера цхьамогIа хеттарш дийцаре дан. ТIаьххьарчу маситта шарахь иштта йоккха конференци хилла а яцара, Европан массо а маьIIера нах а гулбеш. Хьешашна юкъахь бу нохчийн хаттарца даима а зIенехь хилла болу политикаш – Ингалс-пачхьалкхара Лорд Френк Джад, Литувара Европан парламентан декъашхо Ланcбергис Витаутас, Польшера сенатор Ромашевски Збигнев, «Бесланан аз» вовшахтохараллин куьйгалхо Кесаева Элла, иштта дIа кхин а.


Нохчийн агIор баьхкинчарна юкъахь бара, коьртачу декъанна, Европехь Iаш болу политикаш а, адамийн бакъонашIалашъярхой а, жигархой а. Конференци хIинца а чекх ца яьллехь а, тахана кхузахь дийцаре дечу хеттарех лаьцна ас къамел дан кхайкхинера кхо хьаша. Хьалхарниг ву Ферзаули Iусман, Ичкерин куьйгалхочун когаметта, шолгIаниг - Черимханова Аза, Ичкерин Iедалехь дешаран департаментан куьйгалхо, ткъа кхоалгIа хьаша Бакаев Хьасан ву, вевзаш волу историк, яздархо.

Маршо Радио: Ферзаули Iусмане ло ас сайн хьалхара хаттар. Iусман, таханлерчу конференцехь дийцаре ден хеттарш, уьш стенах лаьцна ду? Ткъа политикаца доьзна дуьйцур долу хеттарш муьлхарш ду?

Ферзаули: «Таханене девлла вай, Нохчийн къоман бала а, вешан пачхьалкхан бала а хьесапе ца дахкалуш, жоп ца корош. ХIунда аьлча, дуьненца вайн къоман йолу юкъаметтиг, вайн къоман балане цхьаберш хьовсуш, цхьаберш ца хьовсуш, шалха стандарташ лелош, политика кхочуш ца ялуш. Болуш болу бала хIора стагана тIехь хьулбян гIерташ, цхьацца суьрташ ду вайна гучудовлуш, амма и вайн къоман бала цхьанхьара, цхьана меттигера тергоне эца беза, цхьана хьесапехь а бу и берриг бала.

ХIунда аьлча, цхьана стеган Нохчийчохь талхийна бакъонаш, цуьнан байъина гергара нах, цхьаьннан и проблема вай кхочушъярх, къоман проблема кхочуш хуьлуш яц. МаьIне хIунда ю аьлча тахана вай еш йолу конференци, цо гойту, вай мел тергалдо кху дуьнено, мел хеналара ю вайн проблемаш а, вай лелош болу болх а.

Таханлерчу суьртехь, кху Европехь 160 эзар сов вайн адамаш ду. Уьш тергал ца дича тхо ца довлу. ХIунда аьлча, уьш вайн пачхьалкхан декъашхой бу, вайн йижарий, вежарий а бу, кхана цхьа бIаьрла сурт хIоьттича, шайн цIабаха безаш нах а бу. ГIазакхаша уьш цIабига гIерташ чIогIа къахьоьгу тахана. ХIунда?

Оьрсашкара тIеIаткъам а боцуш, кхуьуш нах бу царалахь. Царна кху дуьненан юкъаметтигаш а евзина, уьш дика доьшуш а бу. Ас эр ду шуьга. ХIора шарахь 5-6 эзар нохчийн кегийнах – йоIарий, кIентий – бу доьшуш, лаккхарчу дешаршкахь. ГIазакхийн махкахь санна а дац и Iамораш, уьстагI дIа а луш, хьайна зачет а йоккхуш! Кхузахь бераша схьаоьцуш хьекъал, фундаменталан хьекъал-хаарш ду. Кхана уьш шайн пачхьалкх чIагIъян , цуьнан дукъ дIакхехьа цIабахка безаш бу. И хIума вуно маьIне ду тахана а, йогIунйолчу хана а».


Дани -- Нохчийн дуьненаюкъара конференци дIайоьдуш, КопенхIаген, 17Заз12
Дани -- Нохчийн дуьненаюкъара конференци дIайоьдуш, КопенхIаген, 17Заз12
Маршо Радио: Черимханова Аза Нохчийн Iедалехь департаментан куьйгалхо хилла ца Iаш, лингвист ю, нохчийн матта тIехь болх а бо цо. Аза, хьан дакъа вуно халачехду. Нохчийн маттаца яккхий халонаш ю. Европера дай-наной берашна мотт Iамо гIерташ а, лууш а бу. Маттаца, и Iаморехь муьлха проблемаш ю тахана Европехь?

Черимханова: «Вайн ненан мот – нохчийн мотт бу. Вайн синкхача, цуьнгахула бен карор бац стагана шега ларам а, шегахь яхь, сий, махке безам, гIиллакх, адамалла а. Цуьнгахула бен хуур дац стагана шен къомах дозалла дан. И хаар оьздангалла ю. Шен мотт ца безар, къоман гIиллакхаш дицдар –Делан лаамна тIера дIавалар санна хIума хета суна. И къаьсттина аренгахь а ду гуш, аренгарчу доьзалшка, вайн берашка хьажча а ду гуш. Амма вайн Нохчийчохь а изза проблемаш ю аьлла хета суна. ХIунда аьлча, массо а дIаолуш дерг, дешар, Iамош долу Iилма а, дерриг а оьрсийн матте дерзийна ду. Вайгара хьекъа дIаэцна ду, вайга нохчийн мотт ца бицийта, и ца ларийта, вайна ваьшка нохчий ду ала а эхьхетийта.

Ткъа нохчийн мотт бацахь, вайн къам а дац. Иза вайна массарна а хууш а ду, хьалха дуьйна а схьадогIуш хIума а ду иза. Нохчийн мотт карлабаккха, оьрсийн графика тIера дIа a баьккхина, латиницан буха тIе хIотто лаьара тхуна. Цу тIехь беш болх а бу, и болх тахана болийна а бац, шерашкахь беш схьабахьаш болх бу.

Вай дерраш а цхьатерра ду, ца хаьа наггахь волчунна а мотт. Амма эхьхета ца деза, вайца оьрсаша латтийначу политикан тIаьхьало ю иза. Ткъа мотт карлабакхха беза, Iамош хила беза. Ойла нохчийн маттахь ян еза коьрта чохь а. Доьзалш, шаьш уьш стенггахь а белахь а, царна нохчийн мотт дIакхачо безаш бу, вай вовшийн тIекхочехь мел ду а. Вовошех кхеташ хилчхьана тоьар бара иза-м бахар нийса дац, ненан мотт тIаьхьа а тоьттуш, кхин меттанаш Iамадар а дац нийса.

Стагна кхиболу меттанаш мел шера хаарх а, багахь, со нохчо ву бахарх, нохчо хуьлуш вац, мотт, гIиллакхаш девзаш вацахь, хьо мила а кхиверг ву, амма нохчо вац олу-кх вайн нохчаша.

Европехь дуккхаъчу организацешна лелаш низам ду, уьш шайн-шайн мехкашкахь бехачу тIебаьхкинчу нахана мотт биц ца балийтарехьа, дин леладайтарна тIехь болх бан декхаре еш. Оцу низамах пайда оьцуш вай а хила деза. Стохка аьхка керла араяьккхина абат ю, «Вайн къоман хазна – нохчийн мотт» цIе а йолуш, иза вайн метан жайна ду, латиницан буха тIехь, оьрсийн кириллица новкъа а хир йоцуш. Оцу агIор кхин а болх беш ду тхо, масситта проект а ю".

Маршо Радио: Сан кхолагIа хьаша Бакаев Хьасан ву. Историк, яздархо, масситта жайна арахецна Хьасана. Истори вуно чIогIа маьIне дакъа ду. Нохчийн дахарехь истори тайп-тайпана юьйцуш нисделла, цхьана агIор нохчийн историкаш бу, вукху агIор оьрсийн историкаш а бу. ТIаьххьара зама исторехь муха юьйцуш ю, Оьрсийчохь а, арахьа а и муха йийца езара аьлла хета хьуна, нохчаша цу тIехь хIун болх бан безара?

Бакаев: «Истори гуттара а, и кхоллаелчхьана дуьйна а, политикаца йоьзна ю. Цхьамма юхаязйина политика ю, олу исторех. Таханлера истори, вай декъахь а долуш, ткъа чекхдевлла а доцу хIуманаш дийцарца ю. ХIетте а кино гайтича, дийцича, вай цец а довлуш, харцхьадаьхна хIуманаш ду дукха. Ткъа кхана, хан мел ели а, кхин а харцдохур долуш а ду мостагIаша.

Нохчийн агIоно дан дезарг хIун ду, аьлла, сайга хаьттича, суна иштта хета. Яздан хууш верг, воцург, профессионал вацахь а, цо шена гина, гонаха хилла хIуманаш дIаяздан деза, аьлла хета суна. Кхана-лама и шадерг вовшах а тоьхна, цунах система а йина, книжканаш а йина, арахоьцуш профессионалаш а бевр бу вайна юкъара. Тахана хала ду вайна информации гулъян а, дерг гулдан а, хIунда аьлча, декъаделла ду вай, цхьацца мостагIаллаш ду юкъахь, кхерамаш бу. Цундела шен-шен меттехь стага хIуманаш вовшахтоха деза. Яйна дIаялийта йиш йолуш яц вайн тIаьххьара истори. Ер а яц, Дала мукъалахь".

Маршо Радио: Хьасан, кхин цхьа хаттар а хир ду сан хьоьга. Нохчийчуьрчу шина тIамо, хIинца дIабоьдуш болчо а, цул хьалха хиллачо а, хаза нехан санна зуламаш дина, вуно дукха нах байъина, хIокху Европехь-м хIета а вета а, дуьненан шолгIа тIом чекхбаьлчхьана, оццул зуламаш дина а дацара. И зуламаш таллар - уьш динарш, дуккха а оьрсийн инарлаш, салтий - арахь лелаш бу хIинца а, шайна дина цхьа а таIзар а доцуш. Оцу агIор беш цхьа а белхаш буй нохчийн жигархоша, политикаша Европехь?

Бакаев: « Ас цхьа масал далор ду. Оьрсийн президентан харжамаш дIабоьлхуш, хIуъа а дина а, ша харжийта гIерташ, чIогIа къахьегна Путина. ШолгIа тIом а болийна, Нохчийчоьхь дина зе Путинна тIехь ду. ХIунда аьлча, нохчашца йолу проблема цо кхочуш йийр ю, аьлла, Ельцина цуьнга дIакховдийна дарж дара иза. Ткъа тахана, кхаьжнаш а тесна, президент ца хилахь, Путинах хиндерг вайна дика хаьа. Иза Сербера Милошевич санна, лоцур вара, и набахтехь хан такха езаш стаг ву, цунна шена а хаьа иза дика.

Вай хIун дан деза кху хьолехь, куьйгаш охьа а дахийтина Iен йиш ма яций вайн? Вай гулдеш ду факташ, мел дерг а, цунах бух боллуш хронологи еш ю вай. Европерчу адамийн бакъонийн кхелехула дуьйлу, толамаш а бохуш, дуккха а нохчий хьийзорах долу гIуллакхаш, гIуданаш детта Оьрсийчоьнна. Оха хIун до аьлча, оха и девнаш дерраш а кепадетта, цаьрца дозуш мел дерг схьагулдо.

Мехкдаьтта, газ бахьанехь, цхьаберш бIаьргаш дIакъовла гIерта Европехь, амма гIуллакх хир дац. Вайх цхьана стеган проблема кхочуш а йина, йисанарш юьстахтаса гIерта цхьаберш, амма вайна ган езарг доллучу а къоман проблема ю. Ас дош ло хьуна, тахана дацахь а, кхана дацахь а, шо даьлча делахь а, 5-10 шо даьлча делахь а, валлахIи-биллахIи, жоьпаллехь хир а ма бу уьш, цара жоп лур а ма ду шаьш нохчийн къомана тIехь, нохчийн пачхьалкхана тIехь лелош долчух.

Маршо Радио: Черимханова Азига хаттар ду сан нохчий матах лаьцна. Тахана Европерчу школашкахь нохчийн мотт Iамош а бац, кIезиг Iилманчаш бу мотт толлуш а, хьалакхуьуш долчу чкъуре мот биц ца байта, хIун дан деза аьлла хета хьуна?

Черимханова: «Мотт дIабаьлча, гIиллакх а дIадолу. И шиъ дIадаьлча къам дIадолу. Цул боккха цхьа а бохам бац къомана. И къам а дуьненчуьра дIадолу. Ненан мотт безар, хаар - мехкан маршо ларъяран коьрта дакъа дуйла гойту Мамакаев Мохьмада аьллачо: «Шен ненан мотт халкъо, сий а деш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц». Орамера дуьйна схьа вай хеда ца дайта, чеха ца дайта, кхетам болуш хила деза вай. Нагахь санна, къомана диса лаахь, хIора нохчочо мелла а къахьега деза мотт Iамош, гIиллакхаш дахарехь а лелош, иза цунна тIехь ду и муьлххачу а пачхьалкхехь вехаш велахь а,Нохчийчохь, Европехь, Америкехь.

ТIекхуьуш долу чкъор вайн кхане ю. Кхане а дIайойъуш, бовш бу мотт. Школаш схьаелла еза, тайп-тайпана тептарш зорбане даха деза. Аренгахь кхуьу бераш атта дац матте Iамо, вай Европехула, дуьнентIехула, маьI-маьIнехь даьржина хиларе терра. Диаспораша хIинцца бен дIаболош а бац и болх. Дала мукъалахь, ницкъ кхочур а бу аьлла хета, вай цхьана бертахь болх дIаболабахь, аьтто бер бу. Иза угаре а мехала ду аьлла а хета суна. Латинице баьккхина а, я кириллицаца, мотт карлабаккха беза вай. Суна оцу тIехь дакъалаца ала луур дара организацешка а, меттан бала мел болчаьрга а".


Дани -- Нохчийн конференцин делегат ю гоьялла иллиалархо Рамзаева Бирлант, КопенхIаген, 17Заз12
Дани -- Нохчийн конференцин делегат ю гоьялла иллиалархо Рамзаева Бирлант, КопенхIаген, 17Заз12
Маршо Радио: «Бакаев Хьасане, историке, юха а исторех лаьцна хоттур ду ас. Тахана Оьрсийчохь, Москох, болх беш институташ а ю, академии а ю, Нохчийчохь хилларг а, Кавказехь хIинца лаьттарг а толлуш, шайн агIор яздан гIерташ. Бакъдерг яздеш, и толлуш историкаш тахана бан а буй-те Оьрсийчохь я Европехь?

Бакаев: « ТIаьххьара хан вай йийцича, тIемаш бу-кх вай хьехораш. И тIемаш гайтинарш, цуьнга хьовса баьхкинарш историкаш бацара юьхьанца, репортераш, журналисташ бара. Цара яьхна видеош а ю, дина йозанаш а ду. Уьш вовшахтоьхча, царех а истори хуьлу. Харц хIуманаш а ду вайна дуьхьал яздина, бакъдерг а ду. Вайн агIо лаьцна нах а хилла, вайна дуьхьал нах а хилла. Дуьхьал хиллачара мел яздинарг харц ду ала а йиш яц, хIунда аьлча, бакъдерггий, харцдерггий эн а оьй, кегарене доьрзу. Иштта тактика ю.

Бакъду, вай а ца хилла тIех «дидеш», вайгара а дийлина гIалаташ! Иза а кхетош, нийсаниг леха деза, яздан деза, оцу хIуманашна тIе а тевжаш. Бакъдерг ма-дарра охьадилла дезаш ду. Ткъа ма-дарра охьа ца диллича, тIейогIучу тIаьхьенна хьехам а ца хуьлу цунах. Хан цкъачунна тIекхачанза ю аьлла хета суна. ХIунда аьлча, хIума хIинца а дIадерзанза ду. Вай, нохчий а, декъаделла ду цкъачунна вовшашка гамонаш ю хIинца а ехаш. Кхана уьш а дIаевр ю, хила ма-дезза къам а хилла, дIа а хIуьттур ду вай. ТIаккха историкаш а хир бу вайн, хиллачунна тIехьожуш, толлуш, яздеш.

Цундела цкъачунна вайга истори язлур ю аьлла ца хета сунна, хилларг тIех дегнашна герга долундела. Соьга хаьттича, тахана информаци гулъяр ду коьрта. Хилларг диц ца далийта, дIа а яздеш, видеогайтамашка а доккхуш. Хьо духьал ву аьлла а ца боху ас, шун радио а ю оцу агIор болх беш. Шун репортажаш гулйича, иза а ю истори. ДIайоьду процесс схьа а лоцуш, иза хазош душ у. Дала мукъалахь, вайн таро а ю яздан, информаци а йолуш ю, и вовшах а тоьхна, библиотекашка дIахIоттош хан йогIур ю бохучух а теша со».

Конференцехь дуьйцуш долу хеттарш нохчийн къомана ладаме долундела, и хеттарш шуьйро дийца дезаш дара. Конференцехь дакъалаьцначарна юкъах , дуккхачу декъанна, Европера баьхкина нах бара. Барам вовшахтоьхначара дийцарехь, техникаллин бахьана ду цуьнан а. Амма тIейогIучу заманахь шаьш кхечу континенташкарчу диаспорашкара жигархой а кхойкхур бу бохуш бара уьш.
XS
SM
MD
LG