ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дикка лечкъа деза". Бехкамаш бинчул тIаьхьа Кавказера ЛГБТК+ адамийн дахар


Къилбаседа Кавказера гей ву шелтерехь, архивера сурт
Къилбаседа Кавказера гей ву шелтерехь, архивера сурт

Бан а боцу "Дуьненайукъара ЛГБТ болам" бихкира Оьрсийчохь лахьан-баттахь, кху шеран зазадокху-баттахь экстремистийн а, террорхойн а тептаре йазбина и. Социалан а, динан а барт эгIабо цу "боламо" аьлла хета Iедалхошна. Цундела пачхьалкхехь дихкина ЛГБТК+ йукъараллех лаьцна дикачу агIор дош ала а, йа трансгендеран дехьавалар а, юристаша низамашца и догIуш дац бахахь а. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, хийцаделлий Къилбаседа Кавказехь квир-йукъараллин дахар керла репрессин ниамаш тIеэцначул тIаьхьа.

Тхо даим а дара низамашна арахьа

2023-чу шарахь бакъоларйаран кризисан "СК SOS" тобане орца дийхира Къилбаседа Кавказан регионашкара ЛГБТК+ йукъараллин мел лахара а 243 векало, аьлла ду организацин белхан чоьтехь йаздина. 2022-чу шарахь хиллачуьнга ладоьгIча, и терахь шозза лакхара ду. Дехарийн доккхаха долу дакъа Дагестанера кхаьчна, кхин а 21% - Нохчийчуьра, 11,5% - ГIалгIайчуьра. Бакъоларйархоша гIо дина 67 стагана: царех 21 регионера дIавахна, 29- пачхьалкхера а.

"СК SOS" тобане ден дехарш алсамдийлар дузу масех бахьанаца: репрессийн низамаш тIеэцар, йоллу пачхьалкхехь а адамийн бакъонашца долу хьал талхар, тIом бахьана долуш махкара дIаваха атта цахилар.

Квир-йукъаралла Кавказехь къайлах болх беш йара. ХIинца кхин тIе а алсамбаьлла кхерам

Керла низамех пайдаэцарх пачхьалкхан агIор кхетош цахиларо а алсамбаьхна цаьрга дехарш дийраш аьлла хета "СК SOS" тобанан пресс-секретарьна Мирошникова Александрина.

"Нахана ца хаьара, оцу доллучо а муха болх бийр бу, цундела таро йохийнера церан. Кхеташ дацара, пропаганда йу стенах эр ду, экстремистийн болх стенах эр ду. СтелаIадан беснаш дихкина дуй? Цунах лаьцна хезаш дIа аьлла дацара цхьанхьа а, амма Лаха Новгородера йахархочуьнга пхи дей-буьйсий чохь даккхийтира стелаIадан беснашкахь лергаухкурш йу аьлла", - дагалоьцу Мирошниковас.

Бакъоларйархочо дийцарехь, "ламасташца йогIуш йоцу мехаллашна пропаганда йарх" кхелан сацамаш алсамбуьйлуш бу, ткъа цо муха болх бо,хIинца а хоуьйтуш дац. Оьрсийчоьнан Iедалхоша а, бакъоларйаран органаша а цуьнца деш хIума дац, аьлла хета цунна.

Оцу кепарчу хеттаршна жоп деара Ставрополь-кIоштара юстицин министраллера жигархочунна Ребане Роньена. Документа тIехь хаамбина, стелаIадан байракх а, "ЛГБТ-ца хиларх дIахьедар а лоруш ду экстремистийн йукъараллера хилар а, цу йукъахь дакъалацар а санна" аьлла. Оцу тIехула хьесап дойла йу, мел кIезиг а Ставрополь-махкахь стелаIадан беснаш а, каминг-аут а магийна цахилар.

ГIо доьху нах алсамбийлар, билгалдоккху Къилбаседа Кавказера квир-зударшна гIо латтон тоба кхоьллинчех, координатор йолчех цхьаммо Баранова Ольгас. Цунна хетарехь, и доьзна хила тарло Украинехь тIом болорца агресси чIагIйаларца, цо адам а мел а эгIаза доккху.

Низам делахь а, дацахь а республикехь доьзал бац, шайн кIентан йа йоьIан ориентаци парггIат тIеоьцур йолуш

Оцу йукъанна Барановас билгалдоккху, ЛГБТК+ йоьхкуш тIеоьцучу керлачу низамаша кхин дIоггара хуьйцур цахилар Къилбаседа Кавказера квир-адамийн дахар.

"Оцу регионашкахь квир-йукъаралла дукха къайлайаьккхина йу. Олийла дац, хIинца хьал кхин а тIе телхар ду. Кхин а тIе алсамбевлла кхерамаш", - аьлла хета къамелдечунна.

Изза ойла шен хилар къадийра Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь Дагестанехь вехачу гей волчу жимчу стага, цуьнан цIе ца йоккху оха Оьрсийчуьра репрессин низамаш бахьана долуш: "Суна хетарехь, тхан нахана башха коьрта дац, ЛГБТ йоьхкуш низам тIеэцар. Тхо даим а хилла ду "низамашна" арахь. Цхьана агIор цуьнан тидам хиллехь а, "гейш а, лесбиянкаш а – боьха, къера хIуманаш йу" бахар кхин а тIечIагIло. Низам делахь а, дацахь а республикехь доьзал бац, шайн кIентан йа йоьIан ориентаци парггIат тIеоьцур йолуш. ТIеэцахь а, кхин совнах болчу нахалахь и гIарадер дацахь".

Къамелдийриг тешна ву, репрессин низамаша бакъоларйаран органашна таро йелла хиларх дера гомофоби йаржар ца сацон, мелхо а, и лелон нах къобалбан. ХIинца алсамдер ду бертаза рехабашка, "гомосексуалах дарбадан" нах охьабахкар, волайнхоша чуделла арз тергал дийр дац полицихь.

Тамаш бу-кх, ша бертаза "реабилитацин" центре дIайеллера бисексуалах "дарбадан" аьлла, чу арз деллачу Дагестанера йахархочун Умханова Элинин хьокъехь цхьа сацам бахь а, тешна ву редакцица къамелдинарг. Тамаш бу-кх, нуьцкъаша Хасав-Йуьртара оцу тайпа центрехь латтийначу Асхабов Мохьмадан латкъам а листахь, цигахь ворхI баттахь гомосексуалах "дарба лелийнера" цунна.

Ницкъахошна къаьчна карт-бланш

"СК SOS" кризисан центран векало Мирошникова Александрас билгалдоккху, Къилбаседа Кавказехь ЛГБТК+нахана тIаьхьабийлар даим лелош хIума ду аьлла.

"Хууш ма-хиллара, нохчийн Iедалхойн официалан позици муха йу аьлча, республикехь ЛГБТК+ нах бац аьлла. Цундела Нохчийчохь ницкъахоша лоьцу оцу йукъараллин векалш кхечу бахьанашца, дукха хьолахь, шайггара кхоьллинчу гIуллакхашца. Церан контакташна тIаьхьабуьйлу, царна тIехь ницкъбо, кхечу нехан цIераш йохуьйту", - бохура Мирошниковас.

Формалехь ЛГБТ-нахана Нохчийчохь тIаьхьабуьйлу наркотикаш йа герз даьккхина цуьнгара олий. Ишта нисделира, масала, Мукаев Салманца а. Шайлахь гомосексуал ву аьлла, бехкевинчу цуьнга тIехь ницкъбина алийтинера патармаш дIадехкина латтийнера ша. "СК SOS" тобанан гIоьнца аьтто белира Мукаевн Оьрсийчуьра Эрмалойчу дIаваха, цул тIаьхьа Европе кхача ойланца. Иза федералан лехамашка валарна ка ца йелира цуьнан пачхьалкхера аравала, Ереванехь тховкIело йийхира цо. 2024-чу шеран дечкен-баттахь мухIажаран статус йелира цунна, даймахкахь вен тарло иза аьллачу кхерамашца.

Мирошникова Александрас билгалдаккхарехь, нохчийн ницкъахоша лелочух жигара пайдаоьцу кхечу республикашкара церан белхан накъосташа, иштта бакъо йоцуш, шайгара кхуллучу бахьанашца нах лоьцуш.

"СК SOS" тобанан директоро Истеев Давида дийцира Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь, ахчанаш дахар а, шайгара гIуллакхаш дуьхьал дахар а хилла ду ЛГБТ йоьхкуш низам тIеэцале хьалха а дуьйна. Оцу йукъанна наггахь стаг церан карара ваккха тарлора ахча делла – мах бара кхо эзар соьмана тIера миллионе гергга. Шайн стаг воккхуш ахча гулдора наха цIийнах мел волчуьнгара.

Истеевна хетарехь, экстремистийн артиклашкахула ахчанан барам хIинца мел лакхабер бу, ала хало ду. Къилбаседа Кавказера ницкъахой юридикехь аьлча цхьана а хIумано сеца ца бо, царна карт-бланш дIакхачийна, тешна ву бакъоларйархо.

Эвакуаци йан тарло

"СК SOS" тобанан гIуллакхашлахь кхиамца стохка дирзинчех ду – Соьлжа-ГIаларчу "гейн набахтехь" латтийна, тIехь Iазапаш хьегначу Дадаев Ризванан гIуллакх. Масийттаза лаьцнера иза, ток йеттийтинера цунна, йиттинера, республикера хьайна бевзаш болу ЛГБТ-комьюнитин векалш схьабийца бохуш. Кризисан тобанан гIоьнца пачхьалкхера дIаваха аьтто хилира дийна виссинчу Дадаевн.

ГIо доьхурш шозза сов боллушехь, эвакуаци йинчу нехан терахь стохка санна ду, билгалдоккху Мирошникова Александрас. Къилбаседа Кавказан регионашкара нах Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашка дехьабаха а хала ду – хIинца дикка ойла йан йеза, мел а тешаме некъаш лоьхуш, кхерамзаллин барамаш алсамбохуш.

"Оха тIедуьллу кхерамзаллин барамаш шога ларбан безаш хиларх, амма хIора а кийча ца хьулу царех и тIедахкарш кхочушдан. Тхан хьехарех пайда а оьцуш, шайнна довда некъаш леха хьийза цкъацкъа нах", - дуьйцура бакъоларйархочо.

ХIокху доллу шерашкахь тхайх лаьцна дийцина оха, ткъа хIинца тхан хьехар ду – мел а шайна тIе тидам ца бахийта хьовса

Къасьттина хала ду Оьрсийчуьра арабаха нах. Украинана тIелеттачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан бахархошна визанаш йалар а цхьаьна чолхедаьлла, нагахь санна, и стаг Нохчийчохь, йа Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь вина ву аьлла, паспорта тIехь йина билгало йелахь, виза эцар гуттар халонга долу, элира Къилбаседа Кавказера квир-зударшна гIо дечу тобанера Баранова Ольгас.

Цуьнан дешнашца, визан центраша а, векалташа а туристийн виза йехар а миграцин санна лору – дукха хьолахь жигархошна ло уьш, амма могIарерчу стагана иштта виза йаккха чIогIа хала хуьлу. ДIаоьху нах алсам бу, Европан пачхьалкха легалехь ваха таронаш лахлуш йу, дерзийра къамелдечо.

ХIетте а, оццул халонаш йоллушехь, Къилбаседа Кавказан регионашкара нах арабаха йиш йу Оьрсийчоьнан регионашка санна, дозанал арахьа а, билгалдоккху Барановас а, Мирошниковас а.

"Кхин а мел а ларлуш хила деза"

Орца дехна хIора а кийча ца хуьлу ша вехачу меттигера дIаваха – Къилбаседа Кавказан регионашкахь буьссуш бу дуккха а квир-нах, уьш декхаре хьулу шайн ориентаци къайлайахьа. Ткъа хIица-м и нах къаьсттина ларлуш лела безаш бу.

"ХIокху доллу шерашкахь массарна а гуш, хезаш белхаш бина оха, тхайх лаьцна дуьйцура, тхан йукъаралла гуш хилар лакхадаккха хьийзара, иштта кхин дIа а. Ткъа хIинца тхан хьехар ду – шайн сексуалан ориентаци мел а хьулйеш хила. Пачхьалкхан провокаци ма йе, стелаIадан билгало ма лелайе. Хала хеташ делахь а, тахана иштта стратеги лелочу даьлла гIуллакх", - бохура бакъоларйархочо.

Цо бохучунна тIетайра Дагестанехь веха гей а: "Тхан дукханнан таро йац, йа лаам а бац регионера дIадаха. Ткъа хIинца-м маьIне дац вахар а. Тоххара Москва, Питере вахча а башха ларвала а ца оьшура, ткъа хIинца цхьа вариант ца йитина. Гей-клубашна тIелетарш до цигахь, "ламастин йоцу мехаллашна пропаганда йарх" гIуллакхаш дуьхьал доху, тIаьхьабуьйлу стелаIадан символика лелочарна. Тешна ву со, цхьа нах хир бу тхуна тIаьхьа баьхна, тхо леца"

Уггар а хьалха, ЛГБТК+ нахаца боьзначу офлайн-барамашкахь дакъалацар йухаоза деза, социалан машанашкара шаьш йукъараллина тIехIуьттуш дина дIахьедарш а дIадаха деза, шайн сексуалан ориентацих лаьцна хьахор а, цуьнца доьзна суьрташ а дIадаха деза, хьоьху "СК SOS" тобанан векало Мирошникова Александрас. Хьалхо бакъоларйархоша гайд хIоттийнера уггар а мехалчу хьехамех хIоттийна, социалан машанашкахь муха ларвала веза, оьший катоьхна пачхьалкхера дIаваха а бохуш.

  • Меттигерчу йахархочунна Савич Оксанина гIуда тоьхна ЛГБТК+йукъараллин стелаIадан байракхца хIоттийначу постехь "экстремистийн символика" гайтарна аьлла. 2016-чу шарахь "ВКонтакте" социалан машане хIоттийнера цо и.
  • Волгоградехь кхело дуьхьало йина регионалан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллина административан жоьпалла тIедожон социалан-педагогикан университетан студентана Романенков Егорна. Социалан машанашкара цуьнан травести-васташ бахьана долуш, "ламастехь йоцу мехаллашна пропаганда" йина цо аьлла, арз динера кIантана доьшийлан куьйгалло а, полисхоша а.
  • Краснодарера шина йахархочунна гIуданаш туьйхира "ламастехь йоцу мехаллашна пропаганда" йина аьллачу артиклехула, уба йоккхуш видео цу шиммо хIотторна, хаамбира Кубанера кхелийн пресс-гIуллакххоша. Машаран суьдхочо мел а лахара гIуда кхачийра царна.
  • Сочихь къона ши зуда лаьцна сахиллалц чохь латтийнера полицин декъехь, шинна а протокол хIоттийнера ЛГБТ-на пропаганда йарна. Бахьана хиллера, хийистера гIента хиъна вино молучу хенахь, цхьаммо вукхунна уба алар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG