"Проект" гIирсан журналисташа шаьш бина таллам арахецна, цуьнан коьрта турпалхо ву Кадыров Рамзан. Материалехь дуьйцу цуьнан Iедалан коьрте варах, дуьхьалончаш байъарх, шен куьйгакIел йолчу фирмашкахула а, къайлабаьхьначу нахехула а ахчанаш эцар, цуьнан гаремах лаьцна а – берхIийттта шаре а бовлазчу хенахь Кадыровна бераш динчу цуьнан масех зудчух лаьцна а. Нохчийн эксперташка хаьттира Кавказ.Реалии сайто, муха тIеийцира цара и таллам.
Доьзалан ишкапчуьра даьIахкаш
КадыровгIарна Iедале богIуш гIо динчех ву, "Проектан" версица, нохчийн криминалан авторитет Атлангериев Мовлади, дика вевзаш ву иза "Лорд", "Итальянец", "Ленин" цIерашца а. Дош лелачу ницкъахошца уьйраш йолчу цо, Оьрсийчоьнан декъехь йолчу Нохчийчоьнан куьйгалле хIоттон кандидат къастош 2003-чу шарахь йукъалеларг вара иза боху - хIетахь Рамзанан да Кадыров Ахьмад хIоттийра. Москвара Тверской урамера Атлангериевн петар чохь сецнера иза 2001-чу шарахь Орсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхета веанчу хенахь, чIагIдо журналисташа. Делахь а Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташна ишта дара аьлла ца хета.
"Ичкерин Iедалхойх цхьа а (буьйцу хиламаш Ичкери йолчу заманара бу.- Редакцин билгалдаккхар) вацара Атлангериев йукъаозон гIерташ. Ичкерин президенташ Дудаев Джохар, Масхадов Аслан волчу хенахь цунах ларлуш хуьлура. Атлангериевн схемашна йукъа а ца гIерташ, йуьстах Iар гIоле хетара. Ша лела ловзархо вацара иза, даим жоп лора: "Ас къамел дийр ду Москвахь" олий. Муьлхха а сацам бийцаребан безаш хуьлура иза", - дийцира 1990-чу а, 2000-чу шерийн йуьххьехь а хиламашкахь жигара дакъалоцуш хиллачу, Нохчийчуьра хьал дика девзаш волчо. Цуьнан кхерамзалла ларйеш, цIе ца йоккху оха.
Къамелдечунна хетарехь, криминалан авторитет, ФСБ-н агент "КадыровгIар дIахIиттийначех ву" бохург - хаза туьйра ду, ткъа Кремло шен харжам тоххарехь бина бара. Масала, Кадыров Ахьмада дуьйцура, шен Путинца дуьххьара цхьаьнакхетар тIемалойн командиран Басаев Шемалан дакъош Дагестане чугIортале хьалха хиллера бохуш, и нисло 1999-чу шеран марсхьокху-гезгамашин беттанашкахь.
"Ичкерихь кхетара, Кадыров а, Атлангериев а ФСБ-ца воьзна хиларх. Дийцаредора, 1980-чу шерийн йуьххьехь Бухарехь хьуьжарехь доьшучу заманчохь вербовка йина Ахьмадана бохуш. Цундела, тамаш бу-кх, къайлахчу сервисийн жIакки санна хилла волу Атлангериевн тайпа нах цунна оьшуш хиллехь", - билгалдаьккхира тхан хьасто.
Талламан цхьа дакъа лерина ду Кадыров Зеламхина – Нохчийчоьнан куьйгалхочун воккхаха волчу вешина. Билгалдоккху, Рамзан ден хьоме хилар – Кадыров Ахьмада шеца вуьгура иза массо а барамашка а, цхьаьнакхетаршка а. Ткъа воккхахверг нанна дукха везара. Шен 29 шо долуш кхелхира Зеламха, 2004-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, шен дел а кхо кIира тIаьхьа. Стигалкъекъа-беттан 9-чохь Соьлжа-ГIалара стадионехь динчу эккхийтарехь велира Кадыров Ахьмад.
Официалан версица, Зеламха велла "даге лазар деана", амма нохчашлахь дуьйцу, наркотикийн барам совбаьлла велла, йа жимахволчу вашас вийна олий. ТIаьххьарчу версих шеконаш къедайо "Проекто" а.
Нохчийн кхин цхьана йукъаралхочо, шен цIе къайлайахьар дийхира цо а, бахарехь КадыровгIеран Рамзана а, Зеламхин а конкуренци хилла бохург шайггара дуьйцуш ду.
"ХIаъ, Рамзан даим а деца хуьлура, и бакъ ду. Ахьмада ша а олура, шен са Рамзан ду. Жимахверг хьомсара хуьлуш могIарера хIума ду нохчийн доьзалехь. Дукхахболчарна хууш дацара кхин а цхьа ваша вуйла, иза даим а IиндагIехь хуьлура. Цундела, церан конкуренци йара бохург, оцу теми тIехь шайна-шайна хетарг дийцар ду", - чIагIдо къамелдечо.
Цуьнан да а леш, йинчу терактана Рамзан гунахь хила тарло боху нохчашлахь лела верси йалийра ишта "Проекто". Оцу тайпа хIума а хила йиш йерг ду элира тхоьца къамелдечо.
КадыровгIар нохчий бац, цундела къам хIаллакдарх церан хIуммаъ ца лозу бохуш дуьйцу
52 шо долу Кадыров Ахьмад а, Пачхьалкхан кхеташонан куьйгалхо Исаев Хьусейн а, кхин а масех стаг а вуьйш, динчу эккхийтаран хьокъехь бина таллам хIинца а берзаза бу. ТIемалойн командираш, шайлахь Басаев Шемал а волуш, байинчул тIаьхьа гIуллакх таллар сацийра, терактах жоьпалла цара шайна тIелаьцнера. Официалан гIаттамхойх верси йоцург а, Кадыров Рамзан гунахь ву боху дийцар доцург а, лелаш кхин а хабарш ду, масала, эккхийтар вовшахтухуш "Восток" батальонан командиро Ямадаев Сулимас дакъалаьцна хила тарло бохуш.
Шен ден хадархойн куьйгаллехь хилла Кадыров Рамзан теракт йечу дийнахь Москвахь хиллера, "воккхахволчун" метта цо витинера, "Проектан" информацица, Исрапилов Мохьмад. Кадыров-воккхахверг веллачул тIаьхьа кхин дIа а болх беш виссира Исрапилов, журналистийн хаамашца, 2009-чу шарахь шен вешица Ахьмадца цхьаьна вийра иза. Хьалхарниг Нохчийчоьнан куьйгалхочун зоопаркера лоьмана ваа тесна бохура, ткъа шолгIачун корта баьккхинера, ткъа цуьнан дакъа стадиона хьалха хьалаоьллира. Делахь а, тIаьхьо журналисташа и суьрташ дIа а даьхна, бехк цабиллар дийхира. Билгалдаьллера и сурт Венесуэлера набахтехь даьккхина хилар.
"Живопыркаш", "бохчанаш"
"Проектан" талламехь уггар а мехала дакъа лерира къамелдинчара Кадыровн Нохчийчохь дIахIоьттинчу экономикехь лаьцна ма-дарра дийцар. Компанийн тептар далийра авторша, сленган "живопырки" дашца билгалдаьккхина, маьрша лелон фирмаш йу уьш, амма царех пайдаоьцу низамехь доцуш ахчанашца доьзна бартбеш, ахчанаш тIедохуш.
Оцу кепарчу компанешлахь цIе йаьккхина "Изумруд", "Бенофан", "Орбита" компанийн - тIаьххьара шиъ пайда алсам хуьлучу нохчийн фирмийн топехь йу. 2023-чу шарахь цхьана "Бенофан" фирмин чоьта тIе йаьлла Нохчийчоьнан ах бюджет, хуьлу и 64 миллиард сом.
Оцу кепара Нохчийчохь оьцучу хIуманийн схема, хетарехь, лелийна Соьлжа-ГIали йуккъехь комплекс дIахIоттош. ХIетахь "Новые ведомости" гIирсо тIелацамхой бу аьлла йаьккхира масех компанийн цIе – "Капстрой", "Рассвет", "Береза". Пачхьалкхан 360 миллион соьмана, 200 миллионна, 400 миллионна контракташ кхечира хIоранна а. Аукцион йирзинчул тIаьхьа дIасайохийра и йоллу компанеш.
"Проектан" аьтто хилла Нохчийчуьра муьлш бу ца хуучу нахе духалург луш, къайлах "ахча чухьокхуш" керла схемаш гучуйаха. Даккхий ахчанаш кхаьчначу "къоначу стартаперашлахь" ву, масала, 22 шо долу стаг, 15 эзар соьмана къола дина аьлла кхел йира цунна. Дукха хан йоццуш заем кхечира цунна - 2,2 миллиард сом караийцира цо.
"Схьахетарехь, ахчанашца лелон схемех долу дакъа суна тамашен хIума дара. Кадыров Адаман (Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхолгIа кIант.-Редакцин билгалдаккхар) нана Нохчийчоьнан урхалхочун "шолгIа зудчо" Джабраилова Замира (Индира) йу аьлла дина дIахьедар а. Кхин дерг нохчашна шайна а дикка хууш дара, артиклехь КадыровгIеран дахарехь болчу хиламех йийцина кеп-кепара версех а санна. Нохчийн йукъараллехь а дуьйцуш ма ду и хабарш, амма дерриг а дац бакъ", - кхетийра Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь махкара хьал девзаш волчу цхьаммо.
Бюджетера схьаэцна ахчанаш Нохчийчоьнан куьйгалхочо доккхачу декъана, дойуш ду шен долара гарем латтон, цига кхочура иштта берхIийтта шаре довлаза зудабераш а.
Бинчу талламехь аьлла ду, 2006-чу шарахь 14 шо долчу Хазуева Фатимас вина ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун шолгIа кIант Эли. Гаремера кхиазхо йолу кхин цхьаъ - оцу хенахь 16 шо хиллачу Джабраилова Замирас - 2007-чу шарахь вина Кадыров Адам, чIагIдо "Проекто". Оцу йукъанна официалехь хьалхарчу зудчун Кадырова Меднин бераш ду аьлла, лоруш ду уьш. Цунах лаьцна кест-кеста йаздо нохчийн оппозицин жигархоша.
Хьанна пайда болу Кадыровх?
Нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара даредира, оцу талламехь ма-дарра йаздина хир ду аьлла хетара шена, мел нах бойуш, зуламаш деш, регионера бIеннашкахь нах ара а бохуш, церан хIусамаш дIа а хьокхуш, Кадыровх диктатор хилира.
"Ас дешнарг йа суна а, йа Нохчийчуьра хьолана тIехь тидам латточарна а керла хIума дацара, къаьсттина нохчашна. Шен да а, ваша а верна Кадыров Рамзан гунахь хиларх дийцар – республикехь уггар а коьртачех дийцар ду. Амма массарна а хууш ду, цо и динехь а, шен куьйгашца дина хир дац, тапъаьлла Iийна хир ву и дечу заманчохь", - дийцира Янгулбаевс.
1990-чу шерашкахь Нохчийчохь ваьхна, федералан ницкъашна дуьхьало латтийначу, Европехь куп тоьхначу Ичкерин "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата билгалдаьккхира, Кадыровн рожо къаьсттина бала хьегийтина хилар нохчийн къоме, цигахь Москвара тIеман урхалла хиллехь ден долчу зуламел алсамох.
"Халкъан идейн дIахIоттамна доккха тохар дина, - Сталин Иосифе а, инарле Ермолов Алексейга а да ца делларг дина. Тахана бохийна дIабаьлла сий боху кхетам, ларамца лелар, и дерриг а кагдина ду", - аьлла хета къамелдечунна.
Путина безам баьккхина кадыровхойн а, ичкерихойн а вовшех
КадыровгIар Iедале бахкарх дерг аьлча, Сулеймановс дIахьедира: Кремлехь а, ФСБ-хь а уьш оьшуш хиларан коьртаниг ду, церан принципаш цахилар, нохчий байъа а уьш кийча хилар а.
"Лаа ма дац тхан нахана йукъахь КадыровгIар нохчий бац бохург, цундела церан хIуммаъ а ца лозу, шайн халкъ хIаллакдечу хенахь. Дудаевн а, Масхадовн а хенашкахь кхин оппозиционераш бара, ама цхьаммо а ца хададора доза, шайн нах ца бойура. КадыровгIаьрга и дало", - бохура Сулеймановс.
Нохчийн кхин йукъаралхо, цуьнан цIе ца йоккху редакцино кхерамзалла ларйеш, тешна ву, президент Путин шена хинйолчу саьнах кхеташ вара Кадыров Рамзане Нохчийчуьра Iедал кара луш аьлла.
"Иза Iедале варца цо толам баккхар, йа Нохчийчоь толар дац, и пайда хилла Путинна. Мехкан куьйгалле иза хIоттош, президент кхетара, цо шен дуьхьа хIуъа а дийр дуйла. Путин ву нохчийн къам декънарг, кадыровхойн а, ичкерихойн а вовшех безам баьккхинарг. И далур дацара ФСБ-га, амма и дан ницкъ кхаьчна Кадыровн", - аьлла хета къамелдечунна.
Цо билгалдаьккхира, Кадыров Рамзан дешна цахилар, урхалла дан цуьнгахь корматалла йацар а коьрта дацара. Иза Iедале варехь а, 2000-чу шарахь и Iедал шен карахь латтон ницкъ тоарехь а коьрта дакъа дIалоцу президентана Путинна гергга хилар, Кремло хIоттийна муьлхха а Iалашо кхочушйан корматалла хилар а.
"Нохчийчохь шена хетарг маьршша дIаала йиш йолчу хенахь, цхьа хIума дара олуш: Кадыров дика менеджер ву, цундела лору иза Кремлехь. Суна и алар дош ца хетара, амма хIинца кхетта со, и бакъ хиларх. Оьшшу жамIаш цуьнга дахало билггал", - элира спикеро.
Кавказ.Реалиин журналистаца хиллачу къамелехь бакъоларйархо Ягулбаев Абубакар шек ву, "Проектан" таллам бахьана долуш Кремлехь, йа Соьлжа-ГIалахь цхьа боккъал а реакци йийр йу аьлла. ХIунда аьлча, материалехь дийцинарг массарна а хууш дара, цунах цецвала стаг а вац.
Нохчийчоьнан Iедалхоша а, Кремлан векалша а хIара текст зорбане йоккхучу заманчохь "Проектан" материалах лаьцна йина комментарий йац.
- Нохчийчоьнан урхалхочун культах а, Кадыров Рамзанан республикехь гIело латторах а федералан Iедална гергахь хьал талхон фактор хилира. Иза цомгаш ву бохуш, хабарш хезочу йукъанна цуьнан метта хIоттон волчух хаттар луьсту Кремль кхерам боцуш Iелал кхечуьнга дала некъаш лаха хьийза, аьлла ду "Новая газета Европа" хьасто регионан политикан ландшафтех бинчу талламан шолгIачу декъехь йаздина.
- Нохчийчохь хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIарах бу 300 сов республикера урам, Соьлжа-гIаларчу коьртачу майданна цуьнан цIе тиллина, Нохчийн университетна, паркашна, школашна, гимназешна, аэропортана, берийн бошмашна, "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна, Росгвардин полкана. ТIаьххьарчун лармешчохь адамаш дайъарах йаздира "Новая газета" гIирсо. Воккхахволчу Кадыровн сийдеш, "Ахмат-йурт" аьлла, хийцина ЦIоьнтаран цIе а. Цул совнах, республикехь йолчу футболан тобанна а, латархойн клубана а техкина цуьнан цIераш. Йу республикехь Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а. Уьш 2020-чу шеран гIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллинсанкцийн тептарехь йу. Кадыровн суьрташ а ду Соьлжа-гIалин урамашкахь дIадиттина.
- Пачхьалкхан кеп-кепарчу тIегIанера даржашкахь Нохчийчохь ву КадыровгIеран 100 гергга гергара стаг – бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира КадыровгIеран цIийнах мел волчу, республикин пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечех дуьззина тептар.