ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалера бизнес? Нохчийн йуьртара бахархой стенна бу АлаудиновгIарна латкъамаш беш


Алаудинов Iабдул (аьрру агIора) Алаудинов Апти (аьтто агIора) нохчийн ГIойтIан суьрта тIехь. Кавказ.Реалиин сайтан коллаж
Алаудинов Iабдул (аьрру агIора) Алаудинов Апти (аьтто агIора) нохчийн ГIойтIан суьрта тIехь. Кавказ.Реалиин сайтан коллаж

Нохчийчуьрчу ГIойтIарчу бахархоша кху пхеа шарахь латкъамаш бо, цара бахарехь, низамехь доцуш, шайгара латтанаш схьадахарна. Арзхошна хетарехь, Хьалх-Мартанан кIоштан хилла волчу куьйгалхочун Алаудинво Iабдулан омраца хьаькамаша харц кехаташ кхоьллина. Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу Алаудинов Аптин ваша ву Iабдул. И гIуллакх листа дуьхьал бу талламхой, кхело и дерриг низамна дуьхьал ду аьлла сацам бинашехь.

Харц куьг йаздар, билгал боцу заказхой а

2016 шарахь Хьалх-Мартанан кIоштан администрацино Далтагов Авханна 49 шарна пайдаэца 15 бIеметр латта деллера, амма исс шо даьлча Iедало бохийра бина барт. Кхеле вала гIоьртира совдегархо, амма и сацам хийцам боцуш битира. КIоштан куьйгалхочо Алаудинов Iабдула хабар аьлла йохайайтина йу шен декъехь ша мел хьалайоьттина гIишло, боху Далтаговс. "Мартан Парк" компанина дIайелира 1,8 гектар йолу и меттиг, оцу компанин хьалханчаш бу хьаькам лаьттинчун йиша Алаудинова Асият, совдегархо Хамурадов Хаваж.

Хьалх-Мартанан гIалин кхелехь цуьнан гIуллакх толлучу хенахь кадастран инженеро дIахьедира, латтан план-схеми тIехь шен метта цхьамма куьг йаздинера. Далтаговс бахарехь, ницкъахоша тIечIагIдина, кадастран кехаташка харц хаамаш базбина хиллера, амма бехкениг лаха ца хIоьттира уьш. Цундела тешна бу ГIойтIара бахархой, низам лардаран хьукматаша жоьпаллина кIелхьара ваьккхина и харц хаамаш базбийтинарш.

Зен хиллачара бахарехь, оцу латтан доза Росреестран филиалан белхахошка хийцийтина "Мартан Паркан" векалша, цундела меттигера бахархой латтанех бевлира.

"Тайп-тайпанчу инстанцешка бевлира уьш, Хьалх-Мартанан кIоштехула йолчу Оьрсийчоьнан МВД-га цхьаьна, вуно баккхийрачу барамашкахь зен дарна тIехула гIуллакх долор доьхуш. Нохчийн Республикан прокуроран гIовсо йухабаьккхина и гIуллакх долон дуьхьал хуьлуш бина сацам, оцу материалашна кхин а таллам байтархьама уьш талламан урхалле хьовсийна. Цул тIаьхьа масийттазза бехктакхаман гIуллакх долон дуьхьал хуьлуш сацамаш бира, амма уьш прокуроро, йа талламан органан куьйгалхочо йухаоьцура", – боху цхьадолчу орзехь.

ГIойтIа, 2016 шо
ГIойтIа, 2016 шо

Далтагов воцург шайн латтанаш къуьйсуш бу ГIойтIара кхинболу бахархой а: Ульбиев Сайд-Хьасан, Ахмадов Хаважи, Хизир а, Самбиева Апти, Хьава а, Абубакаров Ильяс а.

Арбитражан кхелехула шен бакъонаш ларйан гIоьртира совдегархо Мурдалов Руслан. ГIойтIарчу Гончаева 50 адресца йолчу туькан долахо ву ша боху цо. 2014 шеран марсхьокху-баттахь "Мартан Паркан" директоро Хамурадов Хаважис, цо бахарехь, шен туька йохийна, и латта схьадаьккхина шегара – тIаьхьо цигахь керла йохк-эцаран комплекс йиллира. Иштта йохийра кхечу нехан йохк-эцаран чоьнаш а, дIахьедина Мурдаловс. ГIуллакхехула талламаш масийттаза сацийра, 2023 шеран чиллан-баттахь тIаьххьаре а дерзийра.

Марсхьокху-беттан 28-хь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело Далтагов Авханан арзехула керла листар доладайтира. Зен хиллачу нехан арзашкахула таллам бан дуьхьало йина волчу талламхочун Алиевна хьокъехь таллам бан дуьхьало йеш регионерчу талламан урхаллин куьйгалхочо Волков Виталийс бина сацам низамехь боцуш лара аьлла цо.

И сацам низам хедош бина хилар тIечIагIдира аппеляцино. Амма арзхой кхоьру, кIоштерчу кхело царна йуха а дуьхьало йарх – хьалхо и саннарг хилла.

Шеконашкахь болу вип-бахархой

ХIетахь чохьарчу гIуллакхийн министран гIовс хилла волчу Алаудинов Аптин жимахволчу вашас Iабдула ша Хьалх-Мартанан кIоштан куьйгалхочун даржехь кIезга хан йаьккхича, Федералан кхелийн пурстоьпийн балха дехьавелира иза. Нохчийчохь йалх шарахь хилира иза цуьнан куьйгалхо, тIаккха кху шеран дечкен-баттахь Перман мехкан коьрта пурстоп хилира цунах. Оцу дарже кхачарца иза Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана декъалвира – Оьрсийчохь уггар дикачу юристех цхьаъ ву элира цо иза.

Нохчийчохь "къайлахчу набахтешкахь" Iазап латтор даржарна гунахь лоруш волу цуьнан ваша Алаудинов Апти 2021 шарахь республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсан даржера вохийра. ХIетахь "Новая газето" йаздира, Алаудиновс Кадыров оьгIаз вахийтина аьлла, цо цуьнан суьртана забаренна тIара тохарна. Лаккхарчу хьаькамо и хаамаш тIе ца лецира, республикан куьйгалхочун муьтIахь хиларца дуй биира цо.

Украинера тIом болабелча хьалхарчу баттахь Кадыровс дIахьедира, хаамийн дозанера къайлаваьлла волу Алаудинов фронтехь ву аьлла. Экс-ницкъахочун "шен бехках цIанваларан" декхар ду иза, элира нохчийн оппозицихоша. 2022 шеран товбеца-баттахь Алаудинов Апти республикан Кхерамазаллин кхеташонан секретарь хIоттийра. Иза тIамехь виссира, "Ахмат" спецназан куьйгалле хIоьттира.

АлаудиновгIера йишех лаьцна гуттар кIезга девза. 2014 шарахь дуьйна Хаьлх-МартантIехь схьайиллина йолчу ООО "Мартан Паркан" цхьайолу хьалханча йу аьлла дуьйцу биллинчу хаамашкахь. Компанис лелочух коьртанинг – "самукъадаккхаран" барамаш бу. 2019 шарахь фирма дIакъоьвлира.

Каруселан интересийн дов

АлаудиновгIеран доьзалца боьзна хила тарлуш болу латтанаш схьадахаран сацамаш Кадыров Рамзана пурба луш бина хила тарло, тешна ву Европехь йолчу нохчийн "Единая сила" боламан куьйгалхо Сулейманов Джамбулат.

"Мухха делахь а, Нохчийчохь бехачарна кхеташ ду, Путино Кадыровна карт-бланш йелла республике йерриг цуьнан кара йерзош, берриг бахамца, хьукматашца, бахархошца. Иштта Кадыровс шайн луург лелон пурба ло шен уллорчу наханна. Цара хIуъа дахь а, массара тидамза дуьтур ду иза, ур-атталла федералан хьукматаша а", – аьлла хета Сулеймановна.

Нохчашна кхеташ ду, уггар аттаниг "барт бар" ду, ишта ца дахь, мелдолчух вала тарло

Цо тIетоьхна, хIора оцу кепарчу меттигашкахь Нохчийчоьнан бахархой низам лардаран хьукматашкахь шайн хеттарш листа гIерташ хьийза, амма хIоразза а царна кхета: официалехь боцуш барт бина, шен даьхнийн цхьа дакъа мукъане а лардар тоьлу.

"Масала, хьоьгара бизнес схьайоккхуш йалахь, цуьнан цхьа дакъа хьоьгахь дуьссуш, йа хьо бизнесан урхалхо хIуттуш барт бар тарло. Нохчашна кхета, иза диссиначул а кхерамазалле а, атта а ду, массочух волучул а. Ишта беха уьш Кадыровн Iедалехь", – дуьйцу нохчийн политикан гIуллакххочо.

Оьрсийчуьрчу Transparency International-н куьйгалхочо Шуманов Ильяс Кавказ.Реалиина йеллачу комментарехь дуьйцу. Муниципалитетан куьйгалхо оцу кIоштехь вехаш валахь, тIаккха циггахь цуьнан доьзал баха тарло.

"Интересийн дов ца хилийта – кхузахь ма-дарра гуш ду иза – администрацино дуьххьара арендан кехатера барт бохийна, тIаккха и латта хьаькаман гергарчун компанин кара дIаделла. КIоштан куьйгалхо декхаре ву, шен куьйгалле – депутатийн Кхеташоне – интересийн девнех лаьцна дIахаийта. Суна хетарехь, царах хIумма а ца дина цара. ХIунда аьлча, сан зенделлачуьнца дуьстича, Нохчийчуьра антикурхаллин практика шена тIейехкина Iалашонаш кхочушйеш йац", – кхетадо эксперто.

Шумановс бахарехь, интересийн конфликт йерзийна йацахь, тIаккха иза курхаллин цхьа кеп йу – оцу бахьанца хьаькам балхара дIаваккха йиш йу, цуьнга болу тешам дIабаларца.

"Къилбаседа Кавказан кхинйолу регионаш санна, Нохчийчоь курхаллин а, гергара хиларан зIенийн а практикашца йеха. Хьаькаман йишин компанин дола муниципалан латта даккхар – иза хьалхара интересийн дов ду, шолгIаниг – низам лардаран органаша бехктакхаман гIуллакх ца долор а, шеконашкахь йолучунна ваша лаккхара хьаькам хилар а. Гонан, "каруселан" интересийн дов хуьлу цунах, цхьа бахьана вукху бахьанех тийсалуш", – дерзийна къамел Оьрсийчуьрчу Transparency International-н куьйгалхочо.

ГIойтIарчу бахархойн проблема ша цхьаъ хилла ца Iа Нохчийчохь латтанашца йоьзначех. 2008 шеран гIадужу-баттахь Исмаилов Муслим масийттаза гIоьртира Iедалера шен догIу компенсаци даккха, шен хIусам мохк бегоро йохийча. Цуьнан хIусам чохь ваха йиш йоцуш лерира, тIаккха йохийра. Пачхьалкхан хIусамийн сертификаташ даларан тептаре вазвира иза, амма бахьанаш ца дуьйцуш, иза цунна ца делира.

Оцу кепара сертификаташ дала дуьхьал хилира Нохчийчуьрчу кхин 27 вахархочунна. Чолхечу Iаламан хьолех зен хиллачу нехан хьокъехь оцу кепара сацам бира Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело. Хьалха Соьлжа-ГIалин Ленинан кIоштан кхело арзхойн агIо лецира, амма финансийн министраллин аьтто хилира и сацам йухаэцийта.

2000-чу шеран юьххьера схьа дуьйна Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш йохийначу шен петарна дуьхьал керла хIусам йалийта хьийза Соьлжа-ГIалара йахархо Денисултанова Зура. Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелехь оцу гIуллакхехь толам баьккхина цо, амма Соьлжа-ГIалин мэри реза йац 2011-чу шарахь цунна хIусам ло аьлла бина сацам кхочушбан.

  • 2018-чу шарахь Оьрсийн "Би-би-си" телеканалан лараршца, Нохчийчуьра 158 баккхийчу хьаькамашлахь 30 процент Кадыров Рамзанан гергарнаш бу. Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира регионан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан 52 гергарчух тептар. Царлахь – Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIарий Iайшат (республикан культурин министр), Хадижат (Соьлжа-ГIаларчу школазхойн департаментан хьаькам), ХутIмат (Кадыровн секретариатан куьйгалхочун гIовс), иштта цуьнан воккхаха волу кIант 17 шо долу Ахьмад, Оьрсийчоьнан берийн, кегийрхойн боламан куьйгалхо ву иза.
  • Марсхьокху-беттан 25-хь Украинан кхерамазаллин Сервисо Алаудинов шеконашка лецира Украинан цхьаалла йохо гIертарна бехкашна тIехула. 2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре йазвира иза. ТIаьхьо цунна дихкира Латви вар. 2020-чу щарахь Британино санкцеш дуьхьалйехира Алаудиновна.
  • Кху шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчоьнан Талламан комитетан талламан декъо бехкзуламан гIуллакх диллира Алаудиновна дIовш деллачул тIаьхьа. Адвокатан Шапиро Денисан хаамашца, йукъарчу кхерамехь йолчу кепаца шиъ йа сов стаг вен Iалашонца кIелойар аьллачу артиклехь гIаттийна гIуллакх. Цул совнах волайнхо ву аьлла билгалваьккхина Алаудинов воцург, цуьнан адъютант Мизаев Джамбулат а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG