ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалх цатешар а, "ватсапан ницкъ" а. Кавказан хьаькамашна полиомиелит йаржар къайладахьа лаьа?


Берийн бешахь полиомиелитан вакцина йеш йу, пачхьалкхан ТАСС агенталлин сурт
Берийн бешахь полиомиелитан вакцина йеш йу, пачхьалкхан ТАСС агенталлин сурт

Къилбаседа Кавказехь полиомиелитана вакцина йан буьйлабелла - берийн дахарна вуно кхераме цамгар йу иза берийн букъ йуккъерачу тIамарах кхеташ. Цунах букъан-хьенан паралич олу. И Цамгар кхеттарг меженаш сецна виса тарло, валарна кхерам а бу. Полиомиелитана дарба цкъачунна доцуш ду. Амма и ца кхетийта бахьанаш лелон таро йу - шен хенахь вакцина йар. Баккхийчу хьаькамаша Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а цу цамгаро хIоттийна хьал ледара ду аьлла, даре дина. Амма билггал дархойн терахь олуш дац.

Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Кхарачой-Чергазийчохь дIахьош бу вакцина йаран белхаш. Меттигерчу лоьраша ма-дийццара, цу республикашкахь йоццачу хенахь шайн ма-хуьллу дукхачу берашна вакцина йан дагахь бу. Уггаре боккха кхерам 3 бутт – 9 шо ханна йуккъебогIучарна йу. Вакцина шина болехь(тур) йина чекхйаккха лерина бу. ХIора "тур"кIирнахь лаьтташ. Хьалхарниг зазадоккху-беттан 5-хь дIаерзина хила еза, шолгIаниг – оханан-беттан 9-хь.

Билггал олуш хIумма дац, хьулдинчу кепехь дуьйцу хабарш бен

ГIалгIайчохь полиомиелит йаржа тарло бохуш дийца буьйлира 2023-чу шеран лахьан-баттахь. Мел кIезга а кхо бер цомгуш хилла бохуш дийцира цу муьрехь. Цу кхааннах шинна "тIаьхьенаш йолу хийцамаш" хилла аьлла дийцира "Фортанга" телеграм-каналехь. Республикерчу рентгенолого Кавказ.Реалии сайтаца динчу къамелехь меттигера хьаькамаш бакъдолу терахьаш гIарадаха ца хIутту аьлла дийцира.

"Тхо долчохь бистхиллачу хьаькамаша "вялый паралич" йу шайна тусаелларг (полиомиелитах тера йолуш билгалонаш йу цуьнан. - Билг.) олий, жоп ло. Со ца кхета, цу цамгарах дерг ма-дарра хIунда ца довзуьйту? Берашна полиомиелит кхетта меттиг бу ала ца мега? Шайн ма-хуьллу и лечкъадеш бохку уьш. Массо кхеташ ма ву, и стенна лелош ду", - боху къамелахочо.

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедална ца лаьа, и цамгар шаьш долчохь йаьржаш йуйла хаийта. Дуьненайукъарчу "ВОЗ-о" 2002-чу шарахь Оьрсийчоьнна полиомиелит йац аьлла статус йеллера. ХIинца и статус шайгара дIайаккхана кхоьруш, тебна Iаш бу.

Дагестанехь социалан машанашкахула дуьйцуш ду тайп-тайпа хабарш. Амма официалан хаамаша а тIехдаьккхина хIумма ца олу. Роспотребнадзоран урхаллехь Кавказ.Ралии сайтан корреспонденте цу хьолана ма-йарра йолу диагноз Чумаковн цIарх йолчу Къоман лабораторан полиомиелит талламан центро бен лур йац, аьлла дийцира. И центр Москвахь йу. Меттигерчу Роспотребнадзоран урхалллин пресс-секретара Гусейнова Фатимас "параличаш йу, (дайначу шарахь 20 стагана гучайаьлла иза – Билг.), амма [полиомиелит] республикехь билгалйаьлла йац", - боху цо.

Могушалла ларйаран министраллехь волчу хьаькамо шен цIе ма йовзийта аьлла, дийцира, "лакхахь берш кхечу кепара хьовсу кху хьоле". Йа Роспотребнадзор а, йа Минздрав а ма-дарра дерг дийца йаьхьар йац. Шайн йеллачу статусах бовла ца лаьа царна, билгалдоккху къамелдинчо.

"Цундела билггал олуш хIумма дац, хьулдинчу кепехь дуьйцу хабарш бен. И статус ладаме йолчух тера ду, хIунда аьлча, иза политикаца доьзна хиларна", – билгалдаьккхина къамелдечо.

Системех цатешар

ГIалгIайчуьра Роспотребнадзоран куьйгалхочун гIоьнчас Цолоева Майас полиомиелитаца хIоьттина хьал аттачех дац, хийцалуш а лаьтта боху.

"Кху тIаьхьарчу шерашкахь полиомиелитана лерина вакцина йанза долчу берийн терахь кхуьуш лаьтта. Уггаре хьалха, иза доьзна ду дукхахболу дай-наной вакцина йайта реза цахиларца", - кхетийра цо.

Дагестанерчу Роспотребнадзоро далхориг а изза дара - дукха нах бац шайн берашна вакцина йайта лууш. Республикан инфекцин лазартнехь коьрта лор йолчу Джабраилова Мумината дийцарехь, чиллан-беттан чакхенгахь Дагестанехь 18 эзар берана вакцина ца йеш, сацийна. Дай-наной вакцинех цатешарна.

И цхьа пайден хIума йелахьара, цу тайпа нахе иза шайн берашна йе а бохур дацара Iедало

Лоьро Ахильговс ма-аллара, " вакцинаш ца йойтучарца долу хьал кху тайпа чолхе хиларна", со реза хилира адамаш кхеторан болх сайна тIелаца. Оцу цхьаьнакхетарашкахь Ахильгов шен ма-хуьллу нах кхетон агIо лохуш воллу. Берийн дайшна, наношна вакцина оьшуш хилар дуьйцуш. Амма "ватсапан ницкъо" дуккха адам шайх теша Iамийна.

"Лоьрех, системех, Iедалах адам тешаш дац. И цхьа пайден хIума йелахьара, цу тайпа нахе иза шайн берашна йе а бохур дацара Iедало - ишта ойло адамаша. Оццул галйаьлла йу пачхьалкхан авторитет", - боху Ахильговс.

Берана шо кхачале и вакцина кхузза тухуш йу. Цул тIаьхьа - 6 шо кхачале а кхузза туху. Дагестанерчу Роспотребнадзорехь тхо кхетош дийцинарг дара, полиомиелитан вакцина шина кепара йу бохуш: "йелла" вакцина ("неживая")– иха маха тухий йо, "дийна" вакцина ("живая")– тIадамашца йо. "Дийна вакцина" йайта резаболучеран терахь кхиадан дагахь бу хIинца лелочу политикаца, хIунда аьлча, ишьта бен ца нисло коллективан иммунитет.

Амма и "дийна" вакцина цкъа хьалха "йелларг" йиний бен, магош дац. "Дийна" вакцина йинарш царех цхьа а цайиначарна кхераме йу. Цундела олу лоьраша, вакцина хIоттийна адам кхечарна 60 денна генадаккха.

"Хьан-хьанна, муьлх- муьлхха вакцина йан мегаш дац. Берийн лоьраша-педиаторша хоржур йу хIораннан могашаллийца йогIург. Нагахь берана хьалхо "йелла" вакцина йина йацахь, дийна йерг йан бакъо йац лоьран. Кхин а дуккха агIонаш йу цигахь", - тIечIагIдира Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Дагестанан коьртачу инфекционисто Улуханова Лалас.

ЦIахь сацор, йа дIасакъастор

Дагестанерчу Буйнакскан йахархо Марем боккхачу доьзалан нана йу. Амма шен берашна вакцина йайта дагахь йац иза, вуьшта а, муьлхха кхинйолу вакцина ца йойту цо шен доьзална, хIунда аьлча, цара тIаьхьалонаш йитарна кхоьру иза.

"ТIех дукха йуьйцуш санна хета суна и полиомиелит. Тамашийна хIумнаш леладо кхара. ХIинццалц Iийнера вай и вакцина йеш, ца йеш. Амма бераш цIахь совцаде, ларде ца баьхнера. Стенна лелош ду и тайпа хIумнаш? Кху хаттарна суна жоп дала лууш цхьа вац", – реза йац иза.

Бераш цIахь совцаде баха бакъо йац цхьаннан, элира "Монитор пациента" йукъараллин куьйгалхочо Увайсов Зияутдина. Йуха тIетуьйхира, низам лоруш хилча, бер вакцина йина дац аьлла, и вакцина йинчу бераца, къасто догIу аьлла. Кхечу метте дехьадаккха а мега. Дагестанехь кIезга йац и таронаш йолу ишколаш, боху цо.

"Нагахь бер дехьадаккха аьтто боллушехь, директор и кхочушдан резавацахь, цу директорна кехат делла, цуьнга ша балхара дIаволу боху дIахьедар йаздайта деза", - билгалдаьккхина Увайсовс.

Улуханова Лалига хаьттича, вакцина йина, ца йина бераш , шайн-шайн классашка нисдеш, вовшех "къастор"- хIумма хуьйцур долуш къахьегар дац. Эрна лелош ду, боху цо.

"Муха теша мегар ду, и бераш вовшахдетталур дац бохучух? Цхьана меттехь доьшуш ма бу уьш, классашца бекъарх, цхьана туалете баха ма деза церан"- боху Улухановас.

Махачкаларчу берийн бешара хьехархочо Патимата дийцира, шайн бешахь "дийна" вакцина йайтина бераш цхьана тобанца нисдира, вакцина йайта цалуурш а, "йелла вакцина" йинарш а – вукханхьа. Иштта нисдинчу хьолана реза бац хьехархой а, берийн дай-наной а. Дуккханнаш шайн бераш дахккане ца дахкош, севцца.

  • Дагестанерчу масех вахархочо "Монитор Пациента" йукъаралле арздина - шайн берашна и малош йолу полиомиелитан вакцина мага ца йо шаьш, маханца тухург гIоле хета шайна аьлла. Увайсов Зияутдин вара шайн республикехь маханца туху вакцина ца тоьу, кIезга йу бохуш.
  • Инфекционисташа дийцарехь, и паралич берашна хилар, полиомиелитан вирус дукха маса йаьржа хиларан билгало йу бохуш. Цхьана берана паралич хилча, 200 берана вирус йаьржа. 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан къилбехьа короновирусо лаьцначийн терахь совделира.
  • Цу шеран зазадоккху-баттахь хиллачу хьоле йухабаьхкира уьш. Амма меттигерчу Iедалхоша хьалха ковидах ларлуш шаьш хIоттийна карантин хIинца ца оьшуш санна тессина йитира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG