ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера нохчашна депортаци йарна дуьхьал митингаш, къух даьлла керташ Нохчийчохь схьайахар. КIиранан жамIаш


Нохчийн мухIажаршна депортаци йарна дуьхьал Парижехь хIоттийна митинг, 2024-чу шеран лахьан-беттан 24-гIа
Нохчийн мухIажаршна депортаци йарна дуьхьал Парижехь хIоттийна митинг, 2024-чу шеран лахьан-беттан 24-гIа

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна кIело кечйарх долийна "хабар", Европера нохчий арабахарна дуьхьал митингаш, Кадыровна ца тайначу керташкара къух - цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радион 90-чу подкастехь.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Кадыровна "кIелойар"

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вен гIортах лаьцначу дийцарехь кхин а керла хаамаш гучубевлла. Дагадоуьйту, гIадужу-баттахь Кадыровс ша вен кечлуш хилла аьлла, бехкевира Дагестанан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо, cовдегар Керимов Сулейман а, иштта Пачхьалкхан Думера шиъ депутат а – Дагестанера Курбанов Ризван а, ГӀалгӀайчуьра Барахоев Бекхан а. ГIадужу-беттан йуьххьехь царна бехкаш дохкуш вистхилира Кадыров массарна а гуш-хезаш.

Пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло видеохаам зорбане баьккхира, чIагIдарца, Дагестанера шина вахархочо - Мамадибиров Ӏабдулас а, Гошдадов Мурада а дIайазбина. Цара дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхо вен гIортарх «хабар», Дагестанан Пачхьалкхан Думан депутат хиллачу Гаджиев Мохьмада долийна дара аьлла. Гаджиев хьалхо Оьрсийчуьра дӀавахана, цул тIаьхьа «арахьара агент» ву аьлла, дIакхайкхийра иза, стаг верна бехке а веш.

Терроризмна ахча латторна а, масех стаг верна а бехкевечу Дагестанан Халкъан депутат хиллачу Муртазалиев Сагидан гIаролхо хилла ву Гошдадов Мурад. Мамадибиров Ӏабдула Кизлярера хадархойн доларчу сервисан белхахо ву боху, дуьйцу меттигерчу «Спросите у Расула» телеграм-канало. Цунна кхин цхьа а тоьшалла дац. Муха, хьаьнга дӀакхачийна цара кIелойан кечлуш хилла бохуш, Гаджиевс долийна "хабар", хууш дац.

Пачхьалкхан агенталло зорбане баьккхинчу хаамна комментарий йира цхьана Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс, хьалхо сенатор Керимовна гIортор йинера цо. Видеохаам ца хьахош, политико бехкевира «арахьара агент» Гаджиев Мохьмад, «цхьацца нахана йукъе питана дина ца Iаш, къаьмнийн барт эгIорна а".

Меликов тIетевжира цхьацца "харцдан йиш йоцчу тоьшаллашна", амма ша дуьйцург хӀун ду, билгал ца даьккхира.

Ша вен кIело кечъйеш бара аьлла, бух боцчу бехкех бахьана хилира Кадыровна депутаташна а, сенаторна а "чIир кхайкхо". Керимовс цхьа а коментарий ца йира цу дIахьедаршна, ткъа Курбановс а, Барахоевс а, шайна цунах хууш хIуммаъ а дацара аьлла, дIакхайкхийра.

КIело йан гIерташ хилла аьлла долийна дийцар, кхоьллина хиларх хьалхо йаздира "Новая газета. Европа" гIирсо, къайлахчу сервисашкара шайн хьастана тIетевжина.

Соьлжа-ГӀалара нехан цӀенош дӀахьаькхна

Нохчийчоьнан куьйгалхочо тесна дитина аьлла, Соьлжа-ГIалара лаьттан дакъош тIера масех цIено дIахьаькхна. ГIишло хиллачу меттигера къух даьлла аре гайтина оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос шен видео тIехь. Тхан редакцин аьтто белира, панорамийн картанийн гIоьнца къасто, вай дуьйцург Шаумянан а, Сайхановн а урамашкахь долу цIенош хилар. Кадыровн резиденцина кхо километр генахь йолу меттигаш йу уьш. Росреестрера йозанашца, 1,5 миллион гергга мах болу ши дакъа кху шарахь кхечу нехан цIартIе даьккхина хилла. Цхьаъ гIалин мэриин долахь ду, шолгӀачун долахо билгалваьлла вац.

ЦӀенош дIахьаькхна хилар тӀечӀагӀдира меттигерчу бахархошна йукъара тхан хьасто а, цо дIахьедира, оцу долахойх цхьаберш "кхалла хIума эца а аьтто боцуш бара" аьлла. Цо бахарехь, 10-х гергга цӀа цигара дӀадаккха лерина бу, керла лекха гӀишлош йан Ӏалашонца - хIара хаам а кхин цхьаммо а тIечIагIбина бац.

Йохийначу гӀишлойн долахошна цхьана а кепара компенсацеш йеллий а, хууш дац.

Стохка лахьан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо тӀедиллира республикан коьртачу шахьаран мэрана Кадыров Хас-Мохьмадна, гӀалин йуккъера латтанийн "дакъош схьадаха", "кехатийн бух дIабаккха" аьлла. Бахьана дара- мехкан шахьаран куц оцу тишачу хIусамаша дохош хилар.

ХӀетахь дуьйна Кадыров Хас-Мохьмада массийтаза хаам бира, шаьш бинчу балхах лаьцна. Цо дош делира, керташ битаме йалош гIо дийр ду таро йоцчу нахана а, заьIапхошна а аьлла. Цхьана баттахь хьаькамаша 20 сов латкъам бира кхеле, и керташ нехан долара йахар тIедожош.

Иштта, Соьлжа-ГӀалин мэро кест-кеста хаам бо, дохийна цӀенош юкъадогӀучу БойсгIарн кӀоштахь, гӀишлошъйаран планех лаьцна, цунна чу догIуш ду дIахьаькхна цIенош а. Цигахь хир йу 2,5 эзар дешархочунна лерина школа а, 1,5 эзар стагана аьлла керла маьждиг а. Стохка гIадужу-баттахь дохийначу цӀеношна дехьарчу урамехь схьайиллира йоккха 18 гӀат йолу, нах беха "Шериповн" комплекс.

Нохчийчохь дуьххьара дац Ӏедалан тIедожорца хIусамийн кехаташ схьадохуш. 2022-чу шарахь Гермачигара бахархоша латкъам бира, Ӏедалша керла маьждиг дан дагахь 200 цӀа дохош ду аьлла. 2017-чу шарахь дийцадаьккхира, "Шали-Сити" аьлла лекха гӀишлош йархьама нехан долара цӀенош дохош ду аьлла. Цунах лаьцна дийцина хилла вахархо лаьцна бохура, тIаьхьо кхелхина а хиллера иза цIийн таIам совбаьлла. Оцу хIусамийн долахошна керла цIенош дира гIалин йистехь.

Экстрадицина дуьхьал митингаш

Нохчийчуьра вахархо Цинцаев Муслим Оьрсийчу дIахьажорна дуьхьал митингаш хIиттийнера Венехь, Брюсселехь, Парижехь а. Кху аьхка дуьйна лаьцна ву иза Францехь. Цинцаевс дӀахьедина, ша Оьрсийчоьнан Ӏедало бинчу хаамна тIехула хьийзош ву, ткъа цуьнан бакъдолу бахьана – ша тӀамна дуьхьал хилар ду аьлла.

Европехь йолчу нохчийн диаспоро Францин векалте дӀакхачийра бакъонашларъйархоша бина кхайкхам, цара доьху - цитата - «къинхетамалла а гайтий, Цинцаевна бакъо ло кхерамзаллехь виса". Нохчийчоьнан администрацино лелош долчу низамаша йуккъера оьмар дагатосу. Боллу критикаш а, диссиденташ а байъина, махкара божарий бертаза Украине тIом бан хьийсош бу Оьрсийчоьнан Iазап латточу батальонийн могIаршкахь", бохура гулбеллачара.

30 гергга стаг веара Парижерчу митинге, Муслимана гӀортор йина ца Ӏаш, цара тIедожийра Босни, Герцеговино Оьрсийчоьне дIайала хьийзон нохчийн зуда Хадисова Селима маьршайаккхар а. Цунах лаьцна кхачам боллуш текст карор йу шуна тхан сайт тӀехь.

25 шо долу Цинцаев Муслим дӀавахара Нохчийчуьра Украинехь буьззинчу барамехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа, 2024 шеран мангал-баттахь иза лецира Францехь. Даймахкахь жимачу стагана "террорхойн" артиклехула бехкаш дехкина, дуьненаюкъарчу лехамашка велла а ву иза. Цинцаевс шена тIаьхьабовлар тӀамна дуьхьал йолу шен позици бахьана долуш ду боху. Депортацин набахтехь ву иза, экстрадици йарх хаттар листина даларе хьоьжуш.

2024-чу шеран дечкен-баттахь бакъоларйаран Amnesty International организацино кхайкхам бира европахойн пачхьалкхашка, Къилбаседа Кавказера мухIажарш Оьрсийчоьне дIа ма ло бохуш, хIунда аьлча, цигахь царна тIехь Iазап латтон тарло, йа Украинера тIаме хьийсон тарло уьш. Делахь а мухIажарш дIабелла меттиг кест-кеста нислора. Масала, гIадужу-баттахь Польшин Iедалхоша Нохчийчуьра Акиев Iаьлви шайн пачхьалкхера араваьккхира. Даймахкахь цунна бехкаш дехкина "терроран" артиклехула. Меттигерчу кхело цунна республикехь кхерам латтар тIечIагIдиннашехь, дIавелира иза Оьрсийчоьне.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
  • Audio

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG